Г1уран беттан 5-чу дийнахь Россехь ду турпалаллин терахь. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман исторехь оцу дийнахь 82 шо хьалха Ц1ечу Эскаро Москохна гергахь Калининера (х1инца Тверь) дуьйна Елец кхаччалц йолчу шуьйрачу фронтехула контрнаступлени йолийра.
Москох т1еман шолг1а мур д1аболабелира 1941 шеран г1уран беттан 5-6-чу деношкахь Калининера Елец кхаччалц йолчу фронтехь. Советан буьйранчаллин план йара цхьана хенахь къилбаседехьара а Москохна кхерам латтош йолу Армин тобанан Центран эскарийн уггаре а кхераме тохарийн тобанаш эшор. Д1ахьош йолчу контрнаступленехь штабо билгалъйаьккхира шен кхин а 1алашо: йерриг эскаран тобанан центр эшор.
Луьра т1ом хилира цу сохьта. Адамийн ницкъаца а, техникан г1ирсашца а г1ело хиллехь а: луьра шелонаш, к1орга ло диллар — цхьамог1а нах беха меттигаш мукъайаьккхина вайн эскаро. Цо дина ч1ог1а т1елатарш бахьана долуш немцойн буьйранчалло шайн эскарш эшамех к1елхьара даха г1уллакхаш дан дезаш хилира.
9-чохь советан эскарша мукъайаьккхира Рогачево, Венев, Елец, 11-чохь — Сталиногорск, 12-чохь — Солнечногорск, 13-чохь — Ефремов, 15-чохь — Клин, 16-чохь — Калинин, 20-чохь — Волоколамск. Кхолламан беттан 25-чу дийнахь шуьйрачу фронтехь советан эскарш Ока хи т1е кхаьчна. 28-чохь мукъайаьккхира Козельск, 30-чохь — Калуга, ткъа 1942 шеран кхолламан баттахь — Мещовск а, Мосальск а.
1942-чу шеран чиллан бутт болалуш Малхбузен фронтан аьтту аг1онан эскарш Лама а, Руза а хин мог1анна т1екхаьчна. Оцу хенахь Калининан фронтан эскарш Павликово-Старицан мог1анна т1екхаьчна. Малхбузан фронтан центран эскарша мукъайаьккхира Наро-Фоминск г1уран беттан 26-чу дийнахь, Малоярославец-г1ала — чиллан беттан 2-чу дийнахь, Боровск-г1ала — чиллан беттан 4-чу дийнахь.
Мостаг1чун фланган тохарийн ницкъаш Москох 100-250 километр генахь йухабаьхна, 38 немцойн дивизи эшийна, 11 эзар сов станицаш мукъайаьхна. Оцу дерригено а дика хьелаш кхоьллина Эскаран тобанан Центрна го бан, иштта д1абаьккхира СССР-на кхозуш болу кхерам.
Москохна гергахь советан эскарша толам баккхар а, контрнаступлени йолор а инзаре доккха т1еман а, политикан а, дуьненайукъара а маь1на долуш дара — дуьххьара Дуьненан Шолг1ачу т1амехь х1инццалц эшалур йоцу вермахт сацийра, цунна эшам хилира.
Москвахь хилла т1амехь гайтина доьналла а бахьана долуш, 40 дакъана а, формированина а гвардейски ц1е йелла, 36 эзар т1емалочунна орденаш а, мидалш а йелла, Советан Союзан Турпалхочун ц1е йелла 187 стагана. «За оборону Москвы» мидал йелла 1 миллион сов стагана (царех 381 эзар гергга т1еман белхахо а, гергарчу хьесапехь 639 эзар маьрша бахархой а).
Тахана г1уран беттан 5-г1а де билгалдаккхар а кхин цхьа бахьана ду цу т1еман турпалхой дагалаца. Оцу дийнахь Россин Федерацин Герзийн Ницкъаша, эскархойн иэс лардаран 1алашонца, д1ахьо дуккха а дагалецаман барамаш.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ