Дуьненайукъара заьIапхойн де

Дуьненайукъара заь1апхойн де ООН-н Генеральни Ассамблейс кхайкхина 1992-чу шеран эсаран беттан 12-чу дийнахь. Х1ора шарахь и де билгалдоккху 3-чу г1уран беттан дийнахь. Цуьнца доьзна Ассамблейс ООН-н декъашхошка – пачхьалкхашка кхайкхам бина, оцу дийнахь заь1апхой йукъараллин дахарна йукъаозорехьа мероприятиш д1айахьар т1едуьллуш. И де билгалдоккхуш цигахь дакъалаца таро йу правительствийн, правительственни йоцчу организацийн, мог1арерчу адамийн.
Халахеташ делахь а, йукъараллин дахарна йукъара д1абаьхна хуьлу, дукха хьолахь, заь1апхой. Масала, тайп-тайпана дуьхьалонаш йо физически а, социальни а декъехь. Вуьшта ша йукъараллина а зе до оцу г1уллакхо.
ООН, ша г1уллакх дечу муьрехь, даима а хилла заь1апхойн дахаран хьелаш тодарехьа. Иштта, 1971-чу шарахь ООН-н Генеральни Ассамблейс т1еэцна хьекъална т1аьхьабисинчу нехан бакъонийн хьокъехь йолу Деклараци. Оцу дерригено а таро хилийтина заь1апхошна цхьанисса йолу таронаш кхолларехь йолу стандартни бакъонаш т1еэца.
Халахеташ делахь а, заь1апхойн терахь алсамдолуш ду дуьненахь. Иза коьртачу декъана доьзна ду хронически цамгарш – диабет, дега-пхенийн а, иштта кхийолу а цамгарш алсамйийларца.
Россин къинхьегаман а, социальни ларбаран а Министерствон департаментан хаамашца, вайн махкахь таханлерчу денна заь1апхо ларалуш ву 14 миллион гергга стаг. Царна йукъахь 600 сов эзар гергга — бераш-заь1апхой.
2011-чу шарахь дуьйна т1еэцна болх беш йу Россехь заь1апхошна къахьега таронаш кхолларалехула йолу программа. Цуьнца цхьана а дог1уш, х1ора шарахь алсамйохуш йу царна лерина белхан меттигаш.
Ма-дарра аьлча, массанхьа а тахана д1ахьош бу заь1апхойн г1айг1абаран, царна т1ехь 1уналла даран болх.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля