Вайна массарна а хаа дезаш ду, нохчочуьнгахь гIиллакх хиладезаш хилар: ойланца а, дег1аца а, леларца а, боларца а, хьаша-да т1елацарца а, иштта д1. кх. а. Вайн дайша схьакховдийна совг1ат ду иза. Суна хетарехь, г1иллакх шеца доцучунна кийрахь нохчочун дог а дац.
Г1иллакх йалсаманера охьадоьссина, олуш хезна суна. Иза иштта хила а тарло. Х1унда аьлча, бусулбанийн динца цхьаьнадог1уш ду иза. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) гайтина некъ берриге а ларамца боьзна бу – да-нана, йиш-ваша, лулахой, доттаг1ий. Цаьрца массарца а ша-тайпа ларам бу хила безаш. Нохчийн къоман 1адаташкахь оцу хьокъехь схьадог1уш дерг дерриге а Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) гайтинчу некъаца ду. Ткъа Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нийса некъ бен хьоьхийла а дац. Цундела олуш хила тарло и, г1иллакх йалсаманера деана хилар.
Г1арабевллачу нохчийн йаздархоша шайн произведенешкахь дуккха а дийцина г1иллакхах лаьцна. Йукъахь даьржина долу хаза, пайде 1адаташ шуьйра довзуьйтуш, ткъа чолхе дерш д1адаха дезар хоуьйтуш ду церан дийцарш. Муьлхха а авторан оцу хьокъехь болчу балхашка хьаьжча, да-нана ларар а, нахаца мерза уьйр латтор а, лулахочуьнца дика хилар а, мостаг1чуьнга цабезам хилар а, жимачух къинхетам бар а, доттаг1чуьнца тешаме хилар а, йезачу йо1е безам балхор а каро вайна. Цара ма-гайттара тахана вай д1алелалахь, лаккхара т1ег1анехь г1иллакх лелочарах хир ду вай а.
Некъаца, балхаца, дехь-сехьа волуш, хийла го суна, т1екхуьу чкъор кхоччуш 1амош цахилар. Коьртачу декъана, воккханиг ларар лахлуш лаьтта. Ткъа ишттачу кегийрхойн дай-наной и чолхе г1уллакх гуш бац-те? Баккхийчара шайн чохь, бераш кегий долуш дуьйна царна хьоьхуш, довзуьйтуш а дуй-те г1иллакх-оьздангалла?
Иштта хаттарш кхоллало сан цкъа нагахь. Халахеташ делахь, дуьненан рицкъана т1аьхьадевлла, доьзал кхетош-кхиорах йухадевлла вай.
Бакъду, массанхьа а дац иштта чолхе хьал. Дукха хьолахь, йарташкахь и г1уллакх дика ду. Делахь, г1аланашкахь кхачамбацарш доладелла делахь, дукха хан ца оьшу иза шуьйра даржа.
Пачхьалкхехь Конституци санна, нохчочун дахарехь коьрта закон хилла схьадог1уш ду г1иллакх. Цуьнца доьзна вайн дерриге а дахар. Х1инццалца схьа, вайн ворх1е дайшкара схьадеана долу г1иллакх вайна т1ехь чекхдаккха ца деза вай. Иштта ледара хила мегар дац. Де-дийне мел долу, вайн леларца д1агойтуш, кегийрхошна хьехарш деш, галаваьлларг нийсачу некъа воккуш къахьега деза вай.
БАЙМУРАДОВ Мовсар