Оханан баттахь вайн пачхьалкхан премьер-министро д1ахьедар дира махкахь йуккъерчу барамехь 73 эзар сом сов алапа ду, аьлла. Хаттар кхолладелира: сан 73 эзар мичахь ду?! Х1унда ло суна а, сан белхан накъосташна а, пачхьалкхан г1уллакхдаран тайп-тайпанчу декъехь болх бечу бlеннаш эзарнаш кхечу белхахошна а вуно лахара алапаш, вайн политикаша дуьйцучунга герга доцуш долу?
Т1аьхьарчу хенахь 1аламат дазделла вайн дахар. Аша а, хьоме газетадешархой, ас санна, тидам бина хир бу, массо а х1уманашна мехаш муха хьалабаьлла. Х1аъ, цхьаболчара эр ду, уьш хьалабаьлла дукха хан йу, гуттаренна ду и хьал вайн пачхьалкхехь…
Иза нахана дуьхьал дина доккха зулам ду, аьлла хета суна.
Ша мел долчу х1уманийн мехаш хийцабелла. Йагориган а, йуурган а, массо х1уманийн а мах хьалабаьлла. Мича доьду х1ара вайн дахар, ца кхета-кх со. Стенга хьоьжу вайн пачхьалкх? Цхьана а х1уманна т1ехь 1уналла ца до вайн коьрта куьйгалхоша. Пенсионерийн а, 1едалан белхахойн санна, цхьа а таро йац шайн оьшуш йолу х1ума эца. Йагориган мах хьалаболуш бу х1инца. И бахьана долуш транспортан мехаш хьалабовлу, цундела кхачанан берш а сийна стигалла боьду…
Депутаташа даккхий аларш до, вайн дукхахдолу бераш могашаллица бала хьоьгуш ду, бохуш. Ткъа х1унда бу уьш цомгаш? Дера ду, дай-нанойн аьтто ца хуьлу дела дика йолу сурсаташ эца. 1аламан агlо йу вайн ч1ог1а чолхечу йаьлла, т1аккха д1айолало массо а тайпа цамгарш, вайн маьршачу медицинан, ма-дарра олу вай, башха йевзаш йоцу.
Х1инца коммуналан мехаш хьалабахарх лаьцна ала лаьа суна. Х1аъ, уьш деза хуьлуш ду, амма уьш кхоччуш болх беш йац: телеграм-каналаш йуьззина йу бахархоша ток а, хи а, газ а ца тоарх лаьцна деш долчу аьрзнех. Хьалха аьхка бен ток д1айоккхуш йацара, ткъа х1инца-м х1ора дийнахь бохург санна д1айойъуш йу цара и. Цхьаммо цхьа а сацам бийр буй оцу гlуллакхна тlехь, боху хаттар ду-кх сан?
Массо а хlуманийн мехаш лакхадевлла, амма алапийн т1ег1а хийца ца луш дисина. Дукха хан йоццуш вайн махкан коьрта куьйгалхочо хаам бира: йуккъера барамехь долу алапа ша лакхадоккхур ду, аьлла. Х1аъ, и тайпа аларш-м вайн х1ора шарахь хезаш ду, амма гучудаьлла х1ума-м дац. Тхуна, 1едалан белхахошна, т1етоьхнарг 4,5% алапа ду. Суна-м вуно иэхь хета, таханлерчу дийнахь айса оьцуш дерг ахча ду ала…
Нагахь санна хьалхалерчу шерашкахь алапа даима а тоьуш хиллехь, х1инца и йуург иэца а, коммунальни кхачаршна а д1адала кхочуш дац. Ткъа кхана хир долчун ойла йан а ца лаьа суна… Т1едуху духар-м ас дуьйцуш а дац. Цул сов, х1окху вайн чолхечу заманахь дуккха а нах тайп-тайпана цамгарш йолуш бу, церан молханаш иэца таро йац оцу ахчанах…
Иэхь ду х1ара: ахь 1едалан балхахь къахьоьгу, амма алапа ца тоьу цхьана а х1уманна. Тхуна а лаьа, вайн пачхьалкхан куьйгалхошна санна, шортта алапа а оьцуш, тхайн дахар тодан.
Баттахь 12-14 эзар пенси долу нах муха бехаш бу-те? Кхин ахча даккха меттиг йоцчу баккхийчу наха х1ун дан деза?
Дукха хан йоццуш цхьана лулахочо элира, х1усамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна а, берашна луш долчу пособина а субсидеш иэца бакъо йац шайн, х1унда аьлча, церан алапа алсам ду, аьлла, д1ахедар дина 1едало. Мичахь бу уьш хьал долуш?! Халла шайн рицкъ латтош болу нах бу…
Иштта хьал долу а, шортта г1ирс а болу пачхьалкхехь дехаш долу адам, халкъ къе х1унда ду-те?. Ма нийса дац и…
Хене бовла лууш, кредиташ оьцу наха, дерриг а деза долуш, массо а х1уманна мехаш инзаре лакхаболуш, ткъа алапа беламе ду. И бахьана долуш дукхахдолу бохург санна адам кредиташкахь ду.
Нахана, дешар а, болх а болуш, хаза а, парг1ат а хан йаккха таро йац. Хlара тахана ду, амма кхана хир долчун ойла йан а ца лаьа суна…
БИБУЛАТОВА 1айнаъ