Толамхо вазвар

 

Хасавюьртарчу «Элика» даздаран ц1ийнахь, шен махкахошца цхьаьнакхийтира, дуьненахь г1араваьлла вевзаш волу боксхо – Бетербиев Артур. Ша винчу махка иза кхечира профессиональни т1ег1анехь ткъе цхьолаг1а толам баьккхийначулла т1аьхьа.

Мехала мероприяти вовшахтухуш, кхузахь дакъалоцуш бара Дагестанера нохчий а, иштта, Артур везарш а, вевзарш а – 1едалан белхалой, 1илманчаш, спортхой, йукъараллин организацийн векалш, журналисташ, хьоладай, гергарнаш, иштта д1а кхин а.
Коьртачу декъана, толамхо вазвар саг1адаккхаран хьолехь д1адахара. Вог1у-вог1учунна кхалла кхача бара кечбина.
Х1оранна а аьтто бара шена хетарг ала а, Артуре хаттар дала а. Берриге а бара цунна баркаллина довха дешнаш олуш. Бакъдолуш, цунна дог1уш а дара уьш. Х1унда аьлча, дикачу аг1ора шен ц1е йаккхийтина, дерриге а къоман сий айдина цо. Дуьне ма-дду эзар-эзар боксхойн коьрта лаам бу Артура баьккхина толам. Кхин х1умма ца дийцича а, т1аьххьара ткъе пхиъ шарчохь цхьанне а дан делла доцург ду иза.
Кхин цхьа х1ума а билгалдан лаьа. Кийрахь бусулба дог долуш, дайшкара схьадеана г1иллакх-оьздангалла шен дег1ехь а долуш, шен къам а, мохк а дукха а безаш, вуьззина нохчийн къонах ву Бетербиев. Цхьаберш санна, кура а ца ваьлла, дин д1атесна галваьлла а вац. Мичча а хенахь халкъана оьшучохь д1ах1оьттина волуш ву. Иза ду уггар а коьртаниг.
Х1окху темина лерина шуьйрра материал вайн рог1ера лоьмарехь хир йу.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля