Массеран а юкъара гIуллакх

 

Лераме газетадешархой, шу машен йелахь, йа водительски бакъо йелахь, шу даггара декъалдан мегар ду эсаран беттан т1аьххьарчу к1ирандийнахь. И ду некъан транспортан белхахойн де, йа, ма-дарра аьлча, машенлелорхочун де.
Машенаш вайн дахаран дакъа хилла д1ах1иттина йу тахана.
Дуьххьара уьш 1908-чу шарахь (б1ешо сов хьалха!) гучуевлла хилар хууш к1езиг нах бу. Советан пачхьалкхо дикка тидам т1ебахийтира автомобилийн индустрина. Т1ом д1абирзинчул т1аьхьарчу шерашкахь машенаш советан белхалойн дахаран д1акъаста йиш йоцу дакъа хилла д1ах1оьттира. Царех пайдаоьцуш хилла дахаран а, бахаман а декъехь.
Х1инца, массарна а хууш ма-хиллара, иза даздо гайтамаш, концерташ, къийсадаларш вовшахтухуш, кхин а дуккха а мероприятеш д1ахьош.
Вайн некъаш дика ца хиларо чолхе хьал х1оттадо. Машенаша, лахара дикалла йолу йагориг лелор бахьана долуш, х1аваъ бехдо канцерогенашца а. Цундела вайн пачхьалкх т1аьхь-т1аьхьа некъан транспорт лакхарчу дикаллин йагоригашна т1ейерзо г1ерташ йу, иштта некъийн хьал тодарехь къахьоьгуш а йу.
Амма и баланаш дуккха белахь а, машенлелорхойн терахь хаддаза алсамдолуш ду.
Лазамечух а ала лаьара суна.
Тахана вайн невкъашкахь кест-кеста хуьлу зуламаш. Машенашкахь леларш, къаьсттина кегийнаш, сиха лела, некъан бакъенаш ца ларйо цара, цундела шайн а, уллорчеран а дахар кхерамечу хьоле х1оттадо. Невкъахь цхьана а кепара г1иллакх ца лелош водительш а бу. Шен ма-хуьллу хьалхаэккхий йа мегаш доцчухула чекхволий, д1алоллу цара машен, ша эцна воьдуш санна, сихлой.
Некъан бакъенаш талхош, цхьана а кепара низам лар ца деш лела уьш. Некъан хьовзам хилча, «Ца хууш хилла», «Х1уьттаренна ца дина», «Иштта нисделла-кх иза, Делан болх бу», — олу вай. Дала-м ца боху вайга, хьерадевлча санна, машенаш хехка, адамаш лазаде, дайа. Вай ваьш ду-кх бехке. Лоьхуш хилча, кара ма до иза. Зуламна араваьлларг эххар а цунна т1е ма кхочу.
Дерригенах ларвелла а, дера, вер ма вац, амма вайна т1едиллина ма-хиллара, бахьанаш лело дезар-кх. Зулам ца хилийта хьовса дезара вай, вайгара оьшург ницкъ ца кхочуш даккхий г1уллакхаш ца хилча муххале а.
Некъан низам лардан вай ца 1емича, иймане ца даьхкича, зуламийн баланех девр дац вай. Цхьаволчо ала там бу: «Сох ца хьакхаделчхьана, шен луъург хилахьара цунах». Дера, бохам хьаннах а хьакхалур ма бу, мел бац аьлла стаг тешна велахь а. Ткъа нахах иза хьакхабелча, бен ца хеташ верг — бусалба ву олийла а, йа духхьалд1а адам ду олийла а ма дац.
Вайн массеран а юкъара г1уллакх ду тахана некъашкара хьал тодар, галваьлларг, зуламна араваьлларг сацор, оьшучунна орцахдовлар. Цу т1ехь цхьа барт а хилла, само йеш хила деза вай.
Собар а, г1иллакх а, ийман а оьшура вайна. Цу т1ехь чекхбевллера вайн дай, мел хала киртиг шайна т1ех1оьттича а, оцу кхаа х1уманах ца боха доьналла хиллера церан. Дайн сий а, йуьхь а, ц1е а ларъйан ницкъ хила беза вайгахь.
Кхин а цкъа машенлелорхой даггара декъалбеш, суна лаьа церан некъаш шера хилийта, дахаран некъ сирла а, дика а хилийта. Массо а баланашна уьш т1ехбовлийта. Шун машенаш шун тешаме доттаг1ий хуьлийла лаьа, дахаран нийсачу новкъа шу д1акхехьа.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля