Д1адаханчу к1ирнахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс д1адаьхьира республикерачу бахархошца цхьамогг1а цхьаьнакхетарш. Уьш хилира Президентан Путин Владимиран т1едахкарш кхочушдаран гурашкахь.
Куьйгалхо цхьаьнакхийтира дагестанхошца. Церан хьашташ кхочушдан таронаш йоцуш лаьттина цхьацца бахьанашца.
Баскетболхо волучу Абдулаев Абдулас дийцира цхьамогг1а кхачамбацарш. Цо билгалдарехь, 1едалан г1о оьшуш меттигаш бара уьш. Дисинчеран йукъахь — Буйнакс-г1аларчу Чапаевн ц1арахчу урамехь некъ табар а, Х1енж-г1алахь леррина транспорт хилийтар а дехарш дара цуьнан.
«Хьешо» дуьйцучуьнга ладоьг1на ваьлча, к1оштан куьйгаллина цхьамогг1а декхарш т1едихкира Меликовс. Профильни ведомствийн куьйгалхоша дош делира, гергарчу масийтта баттахь цуьнан хьашташ кхочушдийр ду аьлла.
Цул т1аьхьа Каспийск-г1алара Озерная урамера вахархочо Тагиров Кайиба бийцира шайн бала. Цо дехар дира урамера хи д1адахаран г1уллакх чекхдаккхахьара, аьлла. Цуьнан дешнашца, масийтта шо ду уьш и бала айбина лелаш болу. Амма меттигера 1едал хьожуш дац цаьрга.
«Единый оператор РД» организацин куьйгалхочо Багрова Светланас довзийтира карарчу шарахь и белхаш керлачу т1ег1ане баьлла хилар.
«Советан 1едал доьхчахьана бохург санна, цунах ахчана пайда бен ца оьцуш 1ийна йеххачу ханна цхьацца йахь йоцу 1едалан белхалой. Амма т1аьхьарчу шерашкахь и г1уллакх дикачу аг1ора хийцина вай. Т1едог1учу шеран хьалхарчу декъанехь и белхаш чекхбохур бу», — ч1аг1о йира цо.
Ша йехачу ц1ийнна т1е газ йалоран белхаш жигара бахахьара, аьлла, йеана йара Каспийск-г1алара Алиева Хадижат. Цо дийцарехь, цо кхобуш бу СВО-н декъашхочун доьзал. Меттигера 1едал а, Газпроман урхалла а ледарло йеш ду кехаташ нисдаран т1ехь. Амма цхьанакхетарехь дакъалоцуш болучу профильни ведомствийн куьйгалхоша дош делира, гергарчу цхьана баттахь Алиева Хадижатан дехарш кхочушдийр ду аьлла.
Баьхкинчаьрга массаьрга ла а доьг1на, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс кост дира 1едалан белхахошка.
«Тахана кху чохь дийцина кхачамбацарш деккъа кхеран хилла ца 1аш, кхин а дуккха а бахархойн а ду. Х1окхарна беш боллу аьттонаш массарна а бан беза вай. Энергетикан министерствон а, меттигерчу муниципалийн куьйгалхошна а аса т1едоьхку цхьамогг1а декхарш – отопительни сезон д1айолайалале кхеран хьашташ кхочушде. Кехаташ нийса дацахь — уьш нисдан деза. Газаца а, токаца а, хица а болу белхаш берриге а чекхбаха а беза.
Вай массара а цхьана бан беза белхаш. Г1алаташ долу меттигаш д1айаха йеза. Законана дуьхьала долу х1уманаш лело мегар дац. Йерриге а коммуникацеш, кхерамазаллин дозанаш лар а деш, нисйан а йеза», — аьлла, д1адерзийра шен цхьанакхетар Меликов Сергейс.