Товбецан 21-гӀа Дуьненаюкъара машаран де ду. Вайн дахарехь коьрта мехалла — машар. И дуьненахь латтор мехала хилар а, хӀора стагана и Ӏалашонаш кхочушъярехь а шен дакъа лаца дагадоуьйту цу дийно.
Тахана боккъалла а машар ца тоьа вайн дуьненчохь: цхьаццанхьа т1емаш бу д1абоьлхуш, бехк боцу маьрша нах х1аллакбеш.
Терроризмо боккха кхерам латтабо тахана. Шеко йоццуш, терроран коьрта 1алашо юкъараллин кхерамазалла йохор ю. Иза гойту бахархойн дахарна а, могашаллина а, ткъа иштта инфраструктуран объекташна а, 1едалан органашна а т1елатар дарца а. Коьртачу декъана, цу цамгарца бу вайх хӀораммо а къийсам латто безаш, белхан меттиге а, дарже а хьаьжна доцуш. Х1унда аьлча, вайна гергара а, хьоме а болу нах хила тарло волайнхойн юккъехь.
Кху шарахь 25 шо кхочу Новолакски (Ауховски) к1оштехула Дагестанан дозане дуьненаюкъара террорхой чубаьхкина. Республикан нийсонна а, маршонна а, кхузахь 1999-чу шеран товбецан баттахь шайн синош д1аделира милицин белхахоша а, эскархоша а, т1елатар юхатухуш.
Тахана т1екхуьучу чкъорана юкъахь патриотически синхаамашна т1едерзар алсамдаккха г1ерта деза вай. Царна иштта дуьйцу и цамгар дуьнент1ехь гучуяларх а, яржарх а лаьцна, цуьнан вочу т1аьхьалонех лаьцна а. Ткъа уьш ду: лелхийтарш, тоьпаш еттар, хӀаллакдар, нах байар, и.д1.кх.а. И дерриге а бахьана долуш адамаш т1ехула тхов боцуш дуьсу, дахаран коьртачу хьелашкара дӀаболу уьш.
Вайна ма-хаъара, юкъараллехь ишттаниг хила йиш яц. Вай 1амо деза, кхио деза, дарбан х1усамаш, ишколаш, кхийолу инфраструктура ян еза, 1едалан хьукматашкахь кхин д1а а беркате болх бан хьакъболу кадраш кхио беза, и.д1.кх.а.
25 шо хьалха вайн махкахь хилла долчу хьоло гайтира ДегӀастанан массо а къаьмнийн барт а, вежаралла а хилар. Халачу деношкахь цхьана а кхетта, даима а санна, майраллица шайн Даймохк ларбийра адамаша.
Вай даима а дийца деза кегийрхошна экстремизман а, терроризман а зенаш, кхоллараллин, къинхетаман, лулахочунна г1о даран некъ т1ебахийтархьама.
Адамашна ницкъ бар дихкина ду вайн дино а, вайн дайша биначу хьехамаша а. Жимчохь дуьйна баккхийчара дика г1иллакхаш, лакхара оьздангалла, вовшашка ларам бар 1амийна вайна.
Ма-дарра аьлча, терроризм цхьана юкъараллина хилла ца 1аш, дерриг а адамаллина кхерам бу. Дуьненан информацин хьостанашкара, вайна ма-гарра, цуьнан гаьннаш дерриге а дуьненчохь вуно лакхарчу чехкаллица кхуьуш ду.
Вайна дика дагадог1у, т1аьхьарчу хенахь республикехь цхьамогг1а динан гӀуллакххой а, 1едалан белхахой а муха х1аллакьбина. ТӀейог1учу хенахь вай массо а, цхьа а башхалла йоцуш, къийсам латто беза терроризман гучудовларшца.
Даима машар а, доттаг1алла а хуьлийла лаьа адамийн юкъахь а, дерриге дуьненахь а!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ