Дуьненан некъаш цкъа хьалнехье йолуш хала, т1аккха охьанехье мелла а атта нисло. Дахаран а ду башха-башха чолхаллаш йолуш, т1екхиъна вер а воцуш, хьалххе цу некъийн хало — атто йовза йиш йоцуш «къайлах» некъаш.
Цу чолхечу дахаран цхьа мур бу, боца, уггар ирсечух, — бералла. Цхьа а г1айг1а-бала ца хиларна ирсе мур.
Беран коьрта цхьа лаам — ша доккха хиларе сатийсар.
Гуттар шегахь лаьттар ю моьтту бералла-м д1а йоьду, адамашна, хаза г1ан санна, к1орга лар юьтуш. Д1а йоьду-кха, и даим воккха хиларе сатийсинарг буха а вуьтуш.
Х1инца шен рог1ехь йог1у-йог1уш т1е х1оьттинарг — жима къоналла. Цу къоналлина цкъа а дага дог1ий-те шега а къаналла кхочур ю бохург? Дагадеачи а т1е-м ца дуьту. Хаза хан ю г1еметта х1оьттинчу жимчу къонахчуьнга кхаьчнарг.
Шен жималлех, могашаллех 1еха ло, самукъа долу хан ю иза. Х1ара дуьне а, цу доккхачу дуьненахь долу дерриг жил-1алам а шен дуьхьа кхоьллина ду, аьлла дог-ойла а хуьлу.
Мел йоккха ямартло ю цуьнгахь, цу жималлехь. Гуттар лаьттар ю моттуьйте ц1еххьана д1а йоьду-кха, ямартло йой.
Вуха хьежарх, д1а-схьа хьежарх д1адахана шераш духа дерзон амал доцуш, байттамал дуьсу-кха. Къоналла, жималла т1ехтилча сама долу адам. «Жолам я1, — ойла йо цо, — йиш елара юха ерзо жима хан, цуьнах дог 1абон, кхин цкъа а ца яйта ямартло»…
Дуккха а дагахьбалламаш буьсу. Ткъе итт, шовзткъа шаре валлалц ца гулдинарг дуьненан даьхни а ца гулло. Жимчохь пусар ца дина могашалла хуьлу цхьа а хьоьгар воцуш. Кхолламаш а шен-шен басаршкахь нисло адамийн.
Цхьаволчунна ша бахамца ирсе хета, боккха бахам ца хиларх, безамо ирсе бинарш хуьлу. Шайн дахаран мур хала а, атта а текхна, х1инца доьзало шаьш кхиъча ирсе бинарш а хуьлу. Доьзалан ирсах баккхий а буьйш, шайн ца нисделла ирс цаьрга кхаьччи а цуьнах тоъамбой, иза а ирс хеташ.
Къиза чолхаллаш ма ю кхолламийн.
Беран хенахь т1ера да-нана д1адолий, церан тергамах хаьдча, массеран санна ирсе ца хуьлу-кха бералла а. Беран дагт1ера зезаг дужу.
Цхьа а юьхьк1ам боцуш д1а йоьду-кха беран а, иштта къона а хан.
Хьалнехьеш дуккха а хуьлу т1аккха дахарехь. Дуьнено ца хьистанчунна к1еззиг дерг ирс хета, к1еззиг долчуьна а хам бо. Цигара схьа, шен дагца къинхетам а алсам хуьлу.
Дуьненахь деха адамаш кхаа декъе декъало шайн амалшца:
КЕГОРЕ, МАСЛА1АТЕ, ТИЙНА–ЭСАЛА А (ДЕТИ ХАОСА, СТАБИЛЬНОСТИ, РАВНОВЕСИЯ).
Дахарехь х1ораммо д1акхоьхьург шен-шен дукъ ду.
И дукъ дайн а, деза а хилар адамех дозуш дац. Дала ша синош кхуллуш дуьйна схьабилгалбина адамийн кхолламаш бу. Кхолламаш хийца ницкъаш адамашна ца белла. Мотта-м моьтта хийцалур бу, хийца г1ерташ къа а хьоьгу. Иза-м дика амал ю адамехь, дахарца, кхолламца къовсар. Сатийсам т1аьххьара леш бу, т1аьхьа, адамашна чуьра са д1адаьлча. И къийсам беш воцург хаьлххе дуьйна велла ву. Дег1ан чарх-м хир ю, 1индаг1 санна, дуьненахь д1алелаш.
Ца нисделлачу дахарехь бен зен ца делла герго, доттаг1алла, иштта бакъ безам а. Цу кхааннах цхьаъ адамца з1е латтош дисанехь, ирсах ца хаьдда иза. Миска вара аьлла гергонаша д1а ца теттинехь, дисанчу шиннах хадарх, ах ирсе ду адам. Хьан дикане са а ца туьйсуш з1е латтош долу доттаг1алла а вукху шиннах хьаьгна висинчунна дика дарба, синкхача бу.
Берриг эшамаш бузош, дог-ойла къона латтош, дахаре лаам латтон ницкъ луш берг, берриг эшамашна юкъехула зебелла безам бу. Цо д1а ца теснехь, массо х1уманах д1ахадарах, ца хедаш дуьсу дуьненахь дахаран ирс. Адам, шиннах цхьаъ заь1ап дисарх, бахам боцуш миска хиларх, дахаран кхин йолу халонаш т1е1иттаяларх хийцам ца беш, тешаме бисина, шен 1индаг1 санна тешаме бисина безам — йоккха хазна ю иза. Кхетар вац бакъ безам шена ца бевзинарг. Илланчаша, поэташа, философаша мел дукха дийцина цу безамах, кхин а мел дуьйцур а хаац.
Цуьнан чулацам кхачам боллуш бийцина, жам1 дина ваьлларг цхьа а вац. Иза цкъа а кхачор доцуш, цкъа а 1аьбна а вер воцуш синкхача, дахаран хьост долу дела.
Шераш д1адахча, къаналле лестича дагахьбаллам буьсу адамана, цу ирсе ца кхаьчначунна.
Ойланашкахь бен ца буьсу-кха безам, ойланашкахь, иэсехь юьсу къона хан а. Адамо ша дуьненахь яьккхина хан кхаа декъе екъча — бералла, къона хан, х1инца шега кхаьчна къаналла а, царех уггар ирсе мур — бералла къастайо.
Шен ирс беран хенахь бен ца го. Ваьхна хан ерриг эрна хеташ, х1инца эрна хеташ. 1еткъамаш бар бен ца дуьсу цуьнгахь. Къоначу хенахь дуьнене шатайпа хьежар, «дуьненах ловзар», т1ехьалонна дуьтуш х1умма а доцуш. Г1орасиз хилла, могашалла а г1елъелла, т1е еанчу къаналло хазалла д1а а яьхьна, жимчу хенан ямартло шена хьалха х1оьттича, 1еткъамаш бар дуьсу-кха. «Йиси сох, со шеха ца 1аьбна жималла, ас буьхьар бохь бийг1ина ч1агара хелхарш, къайлаха б1аьрг бетташ хазаллаш, мехкарийн хержарш. Жимчохь ца тоьъначу набарх а хаьдда. Мичахь бу-те безам а, атталла г1енах а ца го. Юьхь хебаршка йоьжна, букъ сетташ голаш а язъелла, буйна 1аса лаца а дийзи. Мохь тухуш цхьаммо «Жима къонах!» ца олу. Жимачо а, воккхачо а «Ваша-а» олу.
Ца деза и дагна, делахь а, «Х1ей, воккха стаг!» ца аьлчахьана тоам бо-кха. Къаро ян ца лаьа, и дерриг шех дисина, я дитина аьлла даго т1е-м ца лоцу. Х1ета а, д1о-о генна яьлла, воккха стаг, х1ан–х1а, «ваши» дехьа валалур воцчу шуьйрачу, доккхачу «хил дехьа» йисина жималла-м.
Иза-м букъ тоьхна гена йолуш ю, дено-дено. Уьш цхьа а даха дуьсуш х1умнаш дац. Гуттаренна а яха юьсуш ерг стеган ц1е ю, дика ц1е.
Массо девзаш долчу дуьненан ирсашка ца кхиънарг, шел т1аьхьа шен дика ц1е йита хьажа веза.
Иза а ду мехала, доккха ирс.
БАЙСАГУРОВ
Супьян