Машаре дахар деза вайна!

Т1едог1учу к1ирандийнахь Дагестанехь билгалдоккхуш ду «Къаьмнийн цхьааллийн де». Барт-машар ларбан а, кхион а йукъадаьккхина даздаран де ду иза.

Хууш ма-хиллара, вайн республикехь дуккха а тайп-тайпана къаьмнаш ду дехаш. Х1оранна а шен башхаллаш йу – мотт, 1адаташ, ламасташ, истори. Б1ешерашкахь уьш ларош схьадеана дерриге а халкъаш.
Официалан т1ег1анехь и де даздаран хьоле даьккхина 2011-чу шарахь. Иза лерина ду Дагестанан лаьмнашкахь Надиршахан эскар атарна. 1741-чу шеран товбецан баттахь массо а къаьмнийн векалш шайн йукъахь а болуш, т1е беана б1о иэшийна хилла дагестанхоша. Тахана йевзаш йолучу исторехь, иза хьалхара г1улч йара, цхьана бартахь мостаг1чунна дуьхьалло йина йолу. Оцу хенахь толамхоша гайтинарг – иза цхьаалла йара. Коьртачу декъанна, и бахьана долуш баьккхина бара и толам.
Историн йохалло дуккха а тайп-тайпана хьолаш т1ех1иттийна вайна. Арара мостаг1 т1е веъча цхьабарт хуьлу вайн. Амма, халахеташ делахь а, вайна йукъахь и цхьаалла йохош дерш а ду. Къаьсттина, Дагестанера нохчашна дика девза и сурт. Дезткъа шо хан йу вай махках даьхна, х1инца а ц1а дерзаза долу. Лулара къаьмнийн цхьацца болу векалш бу оцу г1уллакхна ма-хуьлла дуьхьаллонаш йеш. Церан цхьа а кхетам бац, барт йа цхьаалла хилайезарца. Дуьненан бахамашна т1аьхьабевлла, вайн къомана хуьттаренаш лелош схьабог1уш бу уьш йеххачу ханна. Цундела ду вай х1инца а вайн йарташка, ков-керташка даха йиш йоцуш. Бусулбанийн динца а, Кавказехь дехаш долучу къаьмнийн йаздина доцу законашца а, Конституцица а цхьаьна дог1уш, меттах1отто кхочуш йу 1овхойн к1ошт. Амма, оцу г1уллакхехь вайца цхьаалла йоцуш, иттанашкахь шераш ду вайн махкахь, керташкахь кхечу къомах болу нах 1аш болу.
Бакъду, мацца дирзина а, и г1уллакх нийсачу аг1ора дерза дезаш ду. Гуттар а чолхе хьал лаьттийла а дац. Вай тешна ду, Делан къинхетамца дерриге а вайна пайде доьрзур ду, аьлла. Тахана дацахь а, герггарчу ханна вайн керташ лаьцна 1аш берш, шаьш лелориг нийса доцийла а хиина, ара бевр бу. Д1адаханчу б1ешерашкахь санна, къаьмнийн йукъахь барт-безам, цхьаалла ч1аг1луш, ирсе дахар хир ду вайн, Дала мукълахь!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля