Хьоме газетадешархой! Т1едог1учу к1ирандийнахь вайн махкахь билгалдоккхуш ду «Нохчийн зудчун де». Цхьа а шеко йоцуш, и де шуьйра даздийр ду луларчу Нохчийчохь. Амма, къомана нохчий хиларе терра, вайна а кхочу цуьнах цхьа дакъа.
Мила йу-те и нохчийн зуда? Вешех дог лозуш йиша, доьзалан 1уналла деш нана, ден дог хьостуш йо1, ц1ийндена накъост йолу х1усамнана – уьш бу-кх сан кхетамехь, дайн оьзда г1иллакхаш лардеш, церан весеташ кхочушдеш, цкъа а г1иллакхех а, оьздангаллех а ца бухуш болу, нохчийн зударий.
Дала декъалбойла уьш. Леррина кху цхьаьна дийнахь а доцуш, х1ора а денна Далла дог хьостийла шу, тхан доцуш йиш йоцурш!