Къаьмнийн цхьаалла туьйлира

 

Вайна массарна а шера дагадог1у, 1999-чу шеран товбецан пхоьалг1ачохь дуьненайукъара террористаш, дозанал сехьа а бевлла, Новолакски (Ауховски) к1оштахь дуккха а нахана зиенаш дира. Цара беанарг т1ом бара, ткъа цуьнца цхьаьна — баларш а.

 

Цхьа эзар сов зуламхой бара оцу 1уьйранна Дагестан дозанал сехьа ваьлларг. Дуьххьарлера дийнахь меттигерчу милицин белхалоша дуьхьало йина царна. Амма, милцойн ницкъаш к1еззиг хиларна, дуккха а баларш хилира царна йукъахь. Сихонца Россин армин эскар чутаттар бахьана долуш, дукха хан ца йоллуьйтуш, церан зулам духатоха аьтто белира.
Уггар а хала т1елатар «Телевышка» йолучохь хилла. Меттигера милцой а, царна г1оьнна валийна волу салти а вийра цигахь террористаша. Цул т1аьхьа, к1оштан администртивни центрехь йолу РОВДн гуо биллира цара. Цу чохь вара 60 милцо а, Липецки ОМОНовцаш а. Зуламхошна кара ца г1ош, цигара арабовла аьтто белира церан, лазийнарш ара а бохуш. Цхьана к1ирнахь сов кху к1ошташ бакъонаш д1а ца х1уьттуьйтуш лаьттира зуламдай.
Кхузахь д1адоладелла, Йерриге а Къилбседа Кавказехь КТО йолийра Российн куьйгаллас. Меттигера бахархой, дукхахьолахь вайн къомах берш а болуш, дуьхьалбевлира зуламхошна. Цара-х цхьаццаберш иэсан совг1аташ луш билгалла а бехира. Бакъду, хьакъболчарна массарна а ца къаьчна и совг1аташ.
Кху деношкахь 25 шо кхочу оцу хенахь хиллачунна. Рог1ера бахархоша цигахь гайтинарг вайн цхьаалла йара, вайна зуламе дерг оьшуш цахилар дара.
Хадо мах боцуш, даггара къахьегна цара бакъонаш ларйарехь. Церан майраллин а, доьналлин а тоха доза дац. Иштта йахь йолу к1ентий вайна йукъахь мел бу кхерам бац мостаг1 чу ван.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля