Баханчу беттан чаккхенехь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс д1айаьхьира рог1ера кхеташо. Иза лерина йара 1едалан белхалоша карарчу баттахь кхочушдан дезачу декхаршна.
Х1инццалца схьа санна, йуьхьанца кхочушдан деза декхарш социальни аг1орахула дара. Ткъа иза доцург, Меликов Сергейс билгалдира къаьмнийн йукъаметтиг 1алашйар а, машаре дахар хилийтар а.
Гуьйренан зама д1айолайаларна коьрта гайтам, дешаран мур болабалар ду элира цо.
«Цуьнца доьзна шайн не1арш д1айелла кечйина дуккха а ишколаш а йу йерриге а регионехь. Керла йина 20 ишкол йу, 7122 дешахошна лерина. Иштта, цхьаъ берийн беш а йу. И объекташ йан аьтто белира къоман проекташ «Образование», «Демография» кхочушйар бахьна долуш. Довзийта лаьа, 2022-чу шарахь ворх1 ишкол д1айиллира вай, ткъа стохка 19 ишкол йара. Оцу терахьаша вайга гойту, шо-шаре мел долу оцу аг1ора вай беш болу белхаш жигара болуш хилар.
Со тешна ву, т1едог1учу шарахь кхин а дукха ишколаш д1айоьллур йу вай. Довзийта лаьа, уьш дукха хилар дац коьртаниг, царах пайда балар ду. Йог1учу ханна муниципалитетийн иэшалле хьаьжжина йийр йу вай уьш. Х1унда аьлча, кийча объект д1а а х1оттийна, цуьнах бала пайда а боцуш лаьттачулла а, оьшшучохь йийр йу. Бакъду, оцу г1уллакхехь коьртачу декъана СВО-н декъашхой дуккха болучу йарташна оза-безамаш бийр бу вай», — элира Меликов Сергейс.
Цул т1аьхьа, регионан куьйгалхочо дийцаре дира, дуьненайукъара зуламхошна дуьхьало йина 25 шо кхачарна лерина мероприятеш йарах лаьцна.
«Къаьсттина тидам т1ебахийта безаш бу вай х1окху баттахь , 1999-чу шарахь, дагестанхоша террористийн зулам духатохарна. Цунна лерина «Будем жить» кино йу йаьккхина. Иштта, кечбина «Август-99. У последней черты» гайтам (выставка) бу. Иштта, кху беттан чаккхенгахь д1айахьа леринчу мероприятех цхьаъ йу «Каспий» ц1е йолу кегийрхойн форум», — билгалдира цо.
Кхеташо д1айерзайале, Меликов Сергейс билгалдира, гуьйренан а, 1аьнан а хенан х1оттамна лерина белхаш кхоччуш чекхбахар. Цо т1едиллира гулбеллачаьрна, бахархошна оьшшучу барамехь ток а, газ а хилийта, аьлла.