Дагестанера некъаш тодаран хьал

 

Видеоконференцз1енехула Меликов Сергейн цхьанакхетар хилира Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочуьнца Новиков Романаца. Цара дийцаре дира «Кхерамза дика некъаш» халкъан проект регионехь кхочуш йар.

Шен къамелехь Новиков Романа билгалдира некъаш тодаран хьал керлачу т1ег1ане даьлла хилар. Иштта, цо элира, карара шо долалуш, хила ма-дезза хьолехь меттигера 67,5 %, федеральни а, 86,6 % региональни а, 74 % дисина некъаш а дара.
Ткъа регионан куьйгалхочо Мелиов Сергейс довзийтира тахана х1оьттина долу ма-дарра сурт. «Республикера дерриге а некъаш схьалаьцча, т1едог1учу 5-6 шерашкахь 85% лакха баккха безаш бу некъаш дика хиларан гайтам. Вайгара дог1учунна, бан ма-безза белхаш д1ахьош бу. Баркаллина дош ала лаьа Росавтодорана. Дика некъаш хилар, иза, дукхачу декъана, бахархойн хьашташ кхочуш дар ду. Федеральни т1ег1ане баьккхина кхоъ некъ бу Дагестанехь. Церан йохалла 688,6 км йу. Тахана дуккха а белхаш бу беш ФАД Р-217 «Кавказ» некъ шор барехь.
Т1аьхьарчу шерашкахь 1,5 – 2 дукха хилла транспорт. Кхерамазалла лакха йаккха бахьна долуш, 88 км сов некъаш т1ехь белхаш бу д1ахьош. Уьш берриге т1едог1учу шарахь чекхбала безаш бу. Уггар а коьрта меттигаш – Дербент-г1ала, Х1енж-г1ала, Хасавюрт-г1ала арахь а йуьтуш, некъ маьрша баккхар.
«Кхерамазаллин дика некъаш» халкъан проект кхочушйеш, 2023-чу шарахь Дагестанехь белхаш бина 40 объектехь. Цуьнан гурашкахь меттах1оттийна 136 км региональни а, муниципальни некъаш. Оццу шарахь регионана «За прогресс» аьлла диплом а йелира. Ткъа кху шарахь оцу проектаца нийса а дог1уш, тадан лерина 53 км некъаш. Оцу г1уллакхна билгалдина 1.5 миллиард сом ахча а ду», — довзийтира Меликов Сергейс.
Довзийта лаьа, карарчу хенахь Дагестанехь некъаш тодаран белхаш д1ахьош бу Манас – Сергокала – Первомайское а, Бабаюрт – Гребенская а дакъошкахь.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля