Правительствон декъашхошца кхеташо

 

Шинара дийнахь Х1енж-г1алахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс шуьйра кхеташо д1айаьхьира правительствон декъашхошца. Кхузахь дийцаре дира к1ошташкахь х1оьттина долу социальни хьал а, минситерствоша беш болу белхашех а лаьцна.

Шен къамел д1адолош регионан куьйгалхочо бовзийтира кадрови хийцамаш. Цул т1аьхьа к1ошташкара хьолан тидам т1ебахийтаре кхайкхира гулбелларш. Хенан чолхе х1оттам хиларна бахьна долуш, маь1-маь11ехь вуон сурт х1оьттинера. Иштта, цуьнца цхьана, Кавказски инвестиционни форуман жам1аш а деш, Дагестанехь цуьнца боьзна болу, бан беза белхаш а бийцаре бира.

Бахархойн хьашташ
кхочушдар

Регионан Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхочун г1овс волучу Акавов Рашида довзийтира, дагестанхоша баханчу баттахь 12 эзар кост дина аьлла. «Уьш дерриге а профильни ведомствошка д1адахьийтина. Ала дог1у, царах дукхах долу косташ энергоснабженин аг1орахула дара», — элира Р. Акавовс.
Меликов Сергейс хаам бира, гергарчу хенахь оцу хьокъехь Россин Правительствон Председательца ша цхьанакхета везаш ву аьлла. «Аса ма-дарра довзуьйтур ду цуьнга вайн республикехь энергоснабженица х1оьттина долу хьал. Х1инццалца схьа галадолуш лаьттина долу чолхе хьал сихонца нисдан аьтто бац. Москвара г1о кхин д1а а оьшур долуш ду вайна, тишйелла сеташ карлайаха. Вайн бахархойн резабацарех со кхета. Церан цхьа а бехк а бац. Шо-шаре мел долу неха резабацарш к1езга хилийта къахьоьгур ду вай», — элира цо.

Кавказски инвестиционни форумехь дакъалацар

Хьалхара вице-премьера Алиев Руслана довзийтира цуьнах лаьцна. «Соьлжа-г1алахь хиллачу КИФехь вайн аьтто белира 14.8 млрд соьмана инвестпроекташна барт бан. Лулара республикашца а, иштта кхин болу инвесторшца а цхьабарт хилла СКФО-хь «Озон» компанин уггар а йоккха склад йан а, 220 туристана лерина пхиъ седа болу хьешийн ц1а дан а», довзийтира Р. Алиев.
Оцу хьокъехь, Меликов Сергейс омра дира гулбеллачаьрга, форумах бахьна хилла, республикин экономика хьалайаккха пайда баьлла аьлла. «Сан деха ду шуьга — таро ма-ййу и проекташ йерриге а кхочуш йар.
Вайн цхьанакхетар т1аьхье йоцуш диса мегар дац. Берриге а вайн болх – бахархойн хьашташ кхочуш дар бу. Ткъа цунна йукъа дог1у дерриге а. Форумаш а, проекташ а, х1ора денна беш болу белхаш а, уьш дерриге дагестанхошана лерина ду. Со тешна ву — гергарчу шерашкахь республикера экономически хьал лакхарчу т1ег1ане доккхур ду вай», — кхеташо д1айерзира С. Меликовс.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля