Турпалхошна совгIаташ

Х1енж-г1алахь а, Дербент-г1алахь а зуламхошна дуьхьалло йинчаьрна а, цигахь кхелхинчеран гергарчаьрна а совг1аташ делира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс шен рог1ера цхьанакхетарехь.

И мероприяти д1айаьхьира «Россия – моя история» исторически паркехь. Иза д1айолийра, беллачийн синна, бистцахиларан минотаца. Цул т1аьхьа, гулбеллачаьрга вистхуьлуш ,Меликов Сергейс билгалдира, х1ара цхьанакхетар, массо а нахана билгало йу, цигахь д1акхелхинарш шен болх доггаха беш хилла хилар.
«Вайн республикас йуха а цхьа бала лайна. Террористаш вайн махка зулам даржо лууш бара. Амма шун накъосташа, вайн патриоташа церан хьашташ кхочуш ца хилийтира. Церан цкъа а аьтто бер бац вайн низам дохо. 1990-чу шерашкахь вайна гина уьш а, церан «г1уллакхаш» а. Зударий йа божарий, воккха йа жима бер а, цхьа а бен доцуш нах бойъуш бара цара. МВД-н белхахо Алиев Хьабибан хьуьнар довзийта лаьа суна. Машаре бахархошна ша бахьна долуш зиэ ца хилийта, шен са ца кхоош, зуламхошна дуьхьалло йина цо. Ша к1елхьара вала аьтто боллушехь, луларчу бахархошна кхерам чу ца кхачийта бахьна дира цо. Шегара г1о оьшучохь букъ а ца тухуш, майрра чекхваьлла иза. Халахеташ делахь а, цигахь д1акхалхар нисделла цуьнан.
Иза а, иштта, бисинарш а шайн балхара ц1акхачаре хьоьжуш 1аш бара церан массеран а гергарнаш. Амма, уьш берриге д1акхелхина, турпалхойн даржехь а болуш. Уьш берриге а вайн дозалла ду, леррина операцин декъашхой санна.
Вайн машаре дахар дохо террористаша къаьсттина и меттигаш харжар ларамза дацара. Х1унда аьлча, оцу дийнахь керстанийн даздаран де дара. Церан ардане баьхкина дуккха а нах бара. Ткъа Дербент-г1алахь килсан йуххехь жуьгтийн арда а дара. Цул совнаха, оцу г1алахь уггар а дукха нах гуллуш меттиг йу иза. Цундела, дуккха а нахан зиэ дан дагахь йина йара цара и теракт.
Суна т1етоха лаьа. Леррина операцин декъашхошна деш долу г1о дан ойла йу вайн оцу терактехь д1акхелхинчу нуьцкъаллин структурийн декъашхошна. Х1унда аьлча, арахь йа чохь, цхьа а бен дац, Даймохк а, цуьнан Закон а 1алашдеш берш цхьана маг1арехь хила безаш бу. Цара массара а бийриг цхьа болх бу – Даймохк маьрша хилийтар.
Беллачийн гергарчаьрна республикански бюджетера цхьацца миллион сом ахча делла. Ткъа сенатор волучу Керимов Сулеймана шегара кхин а пхиппа миллион сом т1еделла церан доьзалшна. Лазийначаьрна оьшуш долу г1о-накъосталла дан кийча йу регионан куьйгалла.
Хилларг хилла даьлла. Амма, х1инца ойла йан йеза вай, йог1учу ханна иштта долу зиэ ца хилийта. Дукха хьолахь, кегирхошца профилактически мероприятеш д1айахьа йеза. Х1орамма а шайн чуьра д1аволавелла, т1екхуьу чкъор нийсачу новкъа даккха деза.
Аса даггара кадам бо массо а беллачийн гергарчаьрга», — элира регионан куьйгалхочо.
Цул т1аьхьа, Меликов Сергейс совг1аташ д1аделира, Дагестанера низам лардеш д1акхелхинчу МВД-н а, килсан а белхахойн гергарчаьрга.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля