Асаран 23-чохь вайн Республикехь хилларг массарна а хууш ду –иттанаш баларш а хуьлуш теракт йина. Беллачийн йукъахь бу Чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон белхалой а, мог1арера бахархой а. 1едалан лаккхара белхалоша билгалдаккхарехь, и чолхе г1уллакх лерина хилла Дагестанера маьрша хьал галадаккха.
Д1адаханчу к1ирандийнахь Дербентехь а, Х1енж-г1алахь а бевзашбоцурш т1елетта карстанийн а, жуьктийн а арданашна а, ДПС-н белхалошна а. Арданашн ц1ераш йехкина. Оццу сохьтехь йерриге а республикехь КТО-н хьал кхайкхийра. Низамдохочарна йиначу доьхьалонан жам1ашца, вийна виъ зуламхо. Оцунна лерина д1адиллина уголовни г1уллакхаш.
Жимма хан йаьлча, зуламдай муьлш бу билгалдаьлча, нуьцкъаллийн белхахоша схьалаьцна Х1енж-г1ала валийра Сергокалински к1оштан куьйгалхо Омаров Магомед. И теракт йинарш цунна к1ентий а, гергарнаш а хилла. И з1е гучуйаьллачулла т1аьхьа, Меликов Сергейс элира, оцу г1аллакхна жоьпалла массо а гергарчаьрна а кхочу аьлла.
«Суна схьахетарехь, массара а дала деза дуьззина жоп. Х1инца дуьйна Омаров Магомед к1оштан куьйгалхочун декхарш кхочушдарах парг1атвитина. И г1уллакх талларан белхахоша билгалдоккхур ду, х1инццалца схьа вайца цхьана болх биначунна бехк моццала бу», — элира М. Сергейс.
Дагестанан правительствос 50 миллион сом ахча лур ду аьлла дуьхьало йина беллачийн доьзалшна а, лазийначаьрна а. Царна хиллачу зиэне хьаьжжина доькъур долуш ду и ахча. Х1окху к1ирен оршот, шинара, кхара денош «махкан тезет» ду аьлла ч1аг1дина дара Меликов Сергейс шен указаца. Билгалдаьхначу деношкахь охьаохкийна йара Пачхьалкхан Байракхаш. Иштта, Оьздаллин а, теле- радиокомпанийн а туьшашкахь самукъане программаш а йара д1айаьхна.
Зуламхойн нуьцкъаш бухатухуш леррина операции д1айирзича, Меликов Сергей хилира уьш т1елетина объекташкахь. Дербент-г1алахь меттигера администрацин куьйгаллица цхьана иза хилира йохийначу арданашкахь. Цара дийцаре дира г1ишлош йуха меттах1отторан хьал а, йог1учу ханна иштта чолхе г1уллакх кхин ца хилитарехь къахьегар а.
Цул т1аьхьа, Меликов Сергей шен уллера накъосташца цхьана хилира Х1енж-г1аларчу Свято-Успенски кафедральни арданехь. Кхузахь а чолхе хьал х1оттийнера зуламдайша, машенаш а йагайеш. Объектан пенашна т1ехь герз диттина лораш йу йисина.
Шена гиначунна жам1ащца, оперштабан кхеташо д1айаьхьира регионан куьйгалхочо. Цигахь дакъалецира муниципалитетийн а, нуьцкъаллийн структурийн а куьйгалхоша а, 1едалан лаккхара белхалоша а. Дийцаре дира актуальни хаттарш а, оьшучаьрна материальни г1о дар а. Цул совнаха, регионан куьйгалхочо амраш дира гулбеллачаьрга, иштта дериг кхин ца хилийта 1алашо йолуш.
ДР-н Правительствон председатель Абдулмуслимов Абдулмуслим
«Дербент-Х1енж-г1ала. Цхьа а шеко йоцуш, кхузахь хилларг – халкъийн йукъара машар бохабан лерина зулам дара. Куьйгалхочун омраца схьагулбина бара берриге 1едалан белхахой. Х1ора а министерствон а ведомствон а т1едехкина лерина декхарш дара. Могашалла1алашйаран туьшашкахь кечамаш бара бина, оьшуш долу дарба дан кечбелла 1аш бара берриге а лоьраш. Шегар а дог1уш дерг цара доггаха кхочушдеш а ду. Т1елеттачерийн зулам духатухуш белхаш д1ахьош ду массо а аг1орахула. Царна моьттуриг бакъ дац. Уьш берриге карор а бу, церан ницкъ охьата1ор а бу».
Дагестанан Къоман Кхеташонан председатель Аскендеров Заур
«Царна луург – вайн машаре дахар х1аллакдар ду. Республикера дерриге а халкъаш цхьана къахьоьгуш ду вайн т1ахье сирла хилийта. Массо а г1аланашкара а, к1ошташкара а божарий бу Пачхьалкхан Малхбузенехь дозанаш лардеш, эпсарийн а, инарлийн а омраш кхочушдеш, турпалалла гойтуш. Цара ларйийриг вайн т1аьхье йу. Цундела, массо а вахархочунна хаьа, вайна йукъара машар бохор – иза хила йиш йоцург дуй. Берриге а депутаташ а бу иштта ойла йолуш.
Сан кхайкхам бу вайн бахархошка, къаьсттина кегирхошка – пит1анна йукъадовла мегар дац. Официальни хаамин г1ирсашкахь долу керланаш бен бакъ дац. Дехье-сехье дуьйцуш долучух а ца тешаш, ма-дарра долучуьнга ладог1а деза.
Массо а депутатийн ц1арах аса кадам бо беллачийн доьзалшна а, иштта, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а».
Политолог, РАН-н востоковедин Институтан лаккхара белхахо Курбанов Руслан.
«Суна иштта хета – мархийн баттахь Москох хилларг, г1урбан деношкахь Ростох хилларг, ткъа х1инца, керстанийн деза денош долуш Дагестанехь хилларг – иза дерриге вовшийн йукъахь з1е йолуш г1уллакх ду. Ала дог1у, зуламхоша дика кечамаш бина хилла оцунна.
Терактийн жам1ашца ИГИЛан (Россин Пачхьалкхехь магийна йоцу организаци) лораш гучуйовлу. Бусулбанийн динца цхьа а бух боцуш долу х1уманаш ду вайна гинарш. Динахь магийна дац нахана, йа ша шена зулам дан. Ткъа царна бен д1а а дац – зударий, баккхий нах, бераш, 1елам нах. Дин а дуьйцуш, х1етте а, цуьнан низам ца лардеш, до цара и зуламаш. Иза дерриге, шаьш дийцийта а, долуш дуй хаийта а лелош ду цара».
Вайн газетан коьрта редактор Якиев Умар
«Лараме махкахой! Халахеташ делахь а, кху деношкахь чолхе хьал х1оьттинера Республикехь. Кхаа дийнахь долу тайп-тайпана халкъаш б1ешерашкахь машаре даьхна меттиг йу Дагестан. Хууш ма-хиллара, уггар а дукха халкъаш шена чохь дехаш йолу регион вайн йериг йу. Х1етте а, х1инццалца схьа машар ца бохош схьадаьхкина вай. Цундела, арахь массарах а цхьатерра «дагестанец» алар а хета суна вайн машаре дахар хилар, вайн цхьаъш хилар. Иза дозалла ду. Иштта бохаме г1уллакх муьлххачу г1алахь йа йуьртахь хилчи а, вайна массарна а йукъара лазам хета иза.
Цхьа а шеко йоцуш, массо а бахархоша цара динариг зулам ду аьлла ч1аг1о йеш йу. Иза Меликов Сергейс аьллачунна т1едог1у – «Цхьаьнгахь а бац вайн къомана йукъа пит1на таса ницкъ»! Суна а хета иза иштта.
Сайн а, иштта сайн белхан накъостийн а ц1арах аса кадам бо валаран къахьо 1евшиначерийн гергарчаьрга. Вай дерриге а цхьаъш ду. Иза бу вайн ницкъ»!
Аг1о кечйинарг
БАЙМУРАДОВ Мовсар