Теркайистехь, Эду-Хьаьжа волчохь…

ДIадаханчу шоьтан дийнахь, асаран беттан 8-чу дийнахь, Лаха-Неврехь нохчийн сийлахьчу йаздархочун Мамакаев Iарбин литературни-мемориальни музейхь хилира Нохчийн Республикинн «Синмаршо» цIе йолчу Интеллигенцин клубан декъашхой. Шен ден цIарах музей схьайиллинарг, цуьнан болх дIакхоьхьург НР-н халкъан йаздархо Мамакаев Эдуард (Эду-Хьаьжа) ву. Цуьнан 85 шо кхачарна лерина дара клубан декъашхой цига бахар.

 

Эду-Хьаьжас а, цуьнан хIусамнанас Амната а, кIанта Сулеймана а, доьзалан кхечу декъашхоша а безаш тIеийцира Соьлжа-ГIалара а, кхечу меттигашкара а баьхкина хьеший. Цхьаьнакхетар музейн уьйтIахь дIадоладелира. Эду-Хьаьжас дийцира музей чохь йолчу хIусамах а, шен дайх, церан деш-леларх а лаьцна. Махкахь бевзаш болчу йаздархоша, политикаша, Iеламнаха, культурин белхахоша кху кератхь дIадийнчачу диттех лаьцна а дийцира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадогIийтина хьочан дитт а ду кхузахь. Йуха хьеший музей чу бахара. Шен-шен тема йолуш йу музейн чоьнаш. Чулацаме а, дуккха а керланиг довзуьйтуш а дара Эду-Хьаьжас дуьйцург. Гуш дара иштта, тахана санна, музейна чухула экскурсеш цо кест-кеста йеш хилар. Амма цуьнан къамел, собаре, тийна, ладогIа дог догIуш, кIорда ца деш дара. Музейн хьалхара чоь Ахьмад-Хьаьжа а, Рамзан а КадыровгIарна а, республикехь тIеман чолхе хьал дIа а дирзина, машарен хан а, къепе а дIахIоттарна а лерина йара.
Мамакаев Iаьрби дуьнен чу ваьллачу чохь совцу хьеший. Йоккха йац и чоь: хьалхалера аьчган маьнга, бер чудуьллу жима маьнга, цхьа кIеззиг йийбар, пена тIехь жимо куз, ден-ненан суьрташ. Цу заманан васт ду кху чохь гуш дерг. Поэтан хIусам, цуьнан ага техкийна чоь. Кху чохь дуьххьара хезна хир ду цунна нанас локхучу эшаран дешнаш а, мукъам а.
Экускурси кхечу чоьнаш чохь дIахьо Эду-Хьаьжас. РогIера чоь советан Iедал вайн махкахь дIахIотточу хенахь хиллачу хиламашна лерина йу. Кху чохь хIетахь кхуллуш долчу ЦIечу эскаран штаб хилла. Советан Iедал дIахIотточу хенахь жигара дакъалаьцна бу МамакаевгIеран цIийнах болу нах. Iарбин да Шамсудди районехь йолчу милицин куьйгаллехь лаьттина ву, и милици кхоллар кху хIусамера дIадоладелла а, цуьнан болх а кху чохь дIакхехьна а бу.
Хьовсархойн дехарца Iарбин библиотека йолчу чоьнаш чу боьлху берриге а. Кхузахь Iаламат дукха книгаш йу. Эдус дийцарехь, вайн республикехь хьалхалерчу шерашкахь а, тIаьхьарчу хенахь а зорбанера арайийлина книгаш йу кху шина-кхаа чохь, царна йукъахь Мамкаев Iарби дийна волчу хенахь арайевлларш а йу.
Iаламат хаза, дика кечйина масех книга а гойту Эду-Хьаьжас. Уьш Европехь арахецна, вайн халкъан дахарх, бевзачу а, безачу а нахах лаьцна йу.
Масала, дуьнен чохь гIараваьлла волчу нохчийн халхарчех, СССР-н халкъан артистах Эсамбаев Махьмудах лаьцна книга йу царна йукъахь цхьаъ.
Уьш санна, мехала экспонаташ шортта йу музей чохь. Iарбин белхан кабинет санна кечйинчу чоьнна чохь цуьнан куьйга-йозанаш, йозанан гIирсаш, зорба туху машинка, цо лелийна цхьацца бедарш, музыкин гIирсаш а бу.
Хьеший цхьаьна йоккхачу чоьнна чукхойкху хIусамдас. Интеллигенцин клубан декъашхоша даггара декъалво Мамакаев Эдуард цуьнан 85 шо кхачарца. Иза декъалвар коьрта Iалашо йу кхуза баьхкинчу хьешийн.
Нохчийн Республикин Iиламанийн Академин вице-президента, профессоро Дадашев Райкома, юбилар декъал а вой, шаьш долчохь арахецначу книгийн совгIаташ ло Эдуардана. Ши книга Мамакаев Iарбин говзарш йукъалоцуш йу, ткъа важа шиъ Iарбин накъостан, шуьйра вевзаш волчу нохчийн поэтан Гадаев Мохьад-Салахьан говзарш тIехь йолуш йу. Шен къамелехь Дадашев Райкома билгалдоккху Эдуарда шен дена Мамкаев Iарбина лерина музей кхоллар а, цуьнан болх дIабахьар а нохчийн халкъан культурин дахарехь Iаламат доккха маьIна долуш гIуллакх хилар.
Цул тIаьхьа, юбиляр декъалвеш, къамелаш дира: композитора Даудов Рамзана а, Iилманчас Мазаева Тамарас а, культурин белхахоша Хидаев ХIарона а, Исраилова Сацитас а, поэташа Цуруев Шарипа а, Якиев Iумара а, Ахматукаев Адама а, йаздархочо Арсанукаев Мусас а, нохчийн халкъан артиста Атаев Мовсара а, кхечара а.
Мамакаев Эду-Хьаьжас беш болчу белхан лаккхара мах хадийра бистхиллачара, цо культура кхиорна йукъа доккха дакъа дуьллуш хилар билгалдаьккхира. Юбилярна, книгаш а, альбомаш а луш, совгIаташ дира цара.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Теркан районан культурин декъан белхахоша. Цара Мамакаев Эдуардан байташ тIехь йаьхна эшарш лекхира.
Интеллигенцин клубан декъашхоша хаттарш делира юбиляре цуьнан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Хаттаршна жоьпаш а делла, шен къоначу хенахь хиллачух лаьцна дийцира Эду-Хьаьжас. Ша эскаре ваха кечвелча, шен да Iарби, лаьцначуьра мукъа а ваьлла, Соьлж-ГIала дIавахана аьлла, хезира шена дуьйцура цо. Ша дейиша йолчохь Iаш вара хIетахь. Цо шега элира: «Хьайн да а ца гуш эскаре ма гIо», – аьлла. Карахь паспорт йа некъан бакъо луш долу кехат а доцуш, Нохчийчу ваха аравелира ша, дуьйцу Эду-Хьаьжас.
Гулбеллачара леррина ладугIу дагах кхетачу синхаамех дуьзначу цуьнан дийцаре. Къоначу Эдуарда (цу хенахь Эдика) чолхечу новкъахь дуккха а халонаш лайна, шена гина воцчу дена тIекхача гIерташ. Делан къинхетамца иза Iарбина тIекхочу, Соьлжа-ГIалахь дIайоьдуш йаздархойн конференци а йолуш. Йоккхачу драматизмах дуьзна ду ден а, кIентан а цхьаьнакхетар. Нохчийн гIиллакхах а, оьздангаллех а, собарх а ца воьхна ишиъ, хала киртиг тIехIоьттича. Цхьаьна йаккха йиснарг дукха хан а ца хилла цушиннан – цхьа бутт а, масех де а. Амма шен дега болу ларам, цуьнга йолу уьйр-марзо дерриге а шен дахарехула чекхйаьккхина Эду-Хьаьжас. Иза гуш ду, цо шен ден кхолларалла леррина ларйеш, цуьнан говзарш зорбане йохуш, беш болчу балхе а, кхоьллинчу музейга а хьаьжча, цуьнан дийцаршка ла а доьгIча.
Эду-Хьаьжина а, цуьнан доьзална а даггара баркалла а аьлла, клубан декъашхой дIабаха арабевлира.
Арсанукаев Муса, йаздархо

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля