Къоман хазна

Хууш ма-хиллар, х1ора шарахь оханан беттан 25-чохь билгалдоккхуш «Нохчийн меттан де» аьлла билгалдина даздаран де ду. 17-г1а шо ду вайн махкахь а, иштта нихчий мел бехачу меттигашкахь а оцу денна лерина тайп-тайпана мероприятиш йеш, и де билгалдеш долу.
Мотт – иза къоман бух бу. Маттаца цхьаьна лардо муьлххачу а халкъан ламасташ а, 1адаташ а. Къаьсттина вайна-нохчашна дика девза иза. Х1унда аьлча, дерриге дуьненахь мел долу къаьмнашлахь, вайн къам шегахь уггар а лаккхара барамехь г1иллакх-оьздангалла йолуш ду. Эзаршерийн йохаллехь и мехаллаш ларош схьабеана вайн ворх1адай.
Ворх1алг1ачу б1ешарахь бусулба дин дуьне ма-дду даржочу хенахь, вайн махка кхаьчна хилла боху 1арбой. Дин даржоран болх иштта беш хилла цара – муьлххачу а шахьаре д1акхаьчча, дуьххьара меттигерчу бахархошна т1е мосийтта стаг вохуьйтуш хилла, царна ийман-ислам довзуьйтуш, дин лелийча хуьлуш болу пайда а, дуьхьала валахь Дала дийр долу 1азап а довзуьйтуш. Бакъдолуш, массанхьа а бохург санна, дин даржочарна бохамаш беш хилла меттигерачу шахьарашкара бахархоша. Иштта, Дела реза волучу некъа т1ехь къахьоьгуш, вайн махка кхаьчна хилла уьш. Т1аккха, шаьшша 1аьмма ма-хиллара, мосийтта стаг веана нохчий бехачу йуьрта. Ткъа вайн г1иллакхехь ма дай, хьаша-да кхаа дийнахь дуучунна а ,молучунна а, вижа-г1атта отина а аьтто бар. Вайн дайша иштта т1елаьцна хилла уьш, цхьа а хаттар-тидар а доцуш. Кхо де хан йаьлла, т1ебаьхкинарш хьошаллин т1ег1анера д1абевлла. Цул т1аьхьа хаьттина т1ебаьхкинчаьрга – «Х1ун некъ бохьуш даьхкина шу» – аьлла. Шаьшша схьадеанариг кхочушхилла аьлла, д1абахана хьеший.
Бухабирзича цаьрга хаьттина, дин д1акховдиний аьлла. Т1аккха дийцина нохчашкахь хьожалг1ахь хиллачара, – «Уьш нохчий бу. Церан г1иллакх-оьздангалла дуккха а лаккхарчу т1ег1анехь ду. Вай даржош долу дина цаьргахь долуш ду, ламаз-марха царна 1амийчахьана»!
Оцу дийцарехь вайна х1ун билгалдолу? Вайн дай хенан йохалла схьа г1иллакх а, оьздалла а, 1адаташ а, ламасташ а лардеш схьабеана. Ткъа и хаза мехаллаш чкъоро чкъоре кховдош схьадаран коьрта бахьана – халкъо мотт ларор ду. Кица ду-кх – «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац» олуш.  Ткъа и мотт ларбар бахьана долуш ма йу нохчийн истори а, иштта кхин йолу мехаллаш а ма-йарра схьакхаьчна. Нанас берахь дуьйна, нохчийн маттахь, къоман турпалхой буьйцуш, дийцарш а, хилларш а дуьйцуш, хьалакхиина вай. Ткъа х1инца, дерриге дуьненахь йолу прогрессах а, технологех а пайда а оьцуш, нохчийн мотт кхио аьтто бу. Х1инца санна-м цкъа а ца хилла иштта таронаш. Амма, халахета, г1уш-вог1уш, лулахь-йуьртахь, къаьсттина, жимачу дай-наноша доьзале «золотце мое», «солнышко», «моя прелесть», «малышка», бохуш оьрсийн маттара дешнаш лелор. Вайн маттахь кхин а дуккха а, хаза а ма ду бер хьастаран дешнаш.
Со тешна ву, х1инццалца санна, вайн халкъо ларбеш, кхиош, буьйцуш, т1екхуьучу чкъоре д1акховдор бу вайн ненан мотт.
БАЙМУРАДОВ Мовсар
Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля