«Моттий а, цIий а ларделаш!»

«Малх схьакхетачу дуьненчохь ма дац нохчийн къомал оьзда а, шегахь адмалла йолуш а къам»!!! Шайна и хуушшехь цуьнах теша ца лаьаш берш бу, иштта, нохчийн къам ца девзаш, цуна х1ума ала г1ертарш а бу!!! Иза иштта дац аьлла вай къардийр дац, Л. Н. Толстойс аьлла дац аьлла къар цадарах терра.

 

Хьо дуьненчу волуш: «Хьуна х1ун мотт беза, х1ун мохк беза? Хьуна муьлхачу къомах хила лаьа? Чкъуран бос муьлханиг беза?» – аьлла, хьоьга харжийтина х1умма а дац. Шун меттанаш, беснеш башх-башха хиларехь, Дала шен билгало ю а аьлла, Къур1ан чохь шен къаьггина бух болуш, Делан билгалонех билгало ю х1ара мотт. Дала кхоьллина а бу, Дала белла а бу, Дала ларбеш а бу!
Нагахь санна, къам долчу къомах хьо хила лууш а вацахь, д1абаханчара шайн синош ца лардеш лардинарг хьуна мехала а дацахь, къам дезаш хьо вацахь, мохк безаш хьо вацахь, яхь бохучу х1уманах хьоьца хьал а дацахь, махках сийна ц1е хьала йаьлча а бен д1ахеташ хьо вацахь, пурба ду-кха хьуна, х1ара мотт ца бийца а, ца хаахь – ца 1амо а.
Мотт ларбан нах боцуш дац х1ара къам. Нах болчу наха мотт ларбо, мохк ларбо, къам лардо!
Шайн берийн ц1ерш яхар а бехк хеташ, оцу бехках ца бухуш, къам ларделаш, бохуш, весеташ деш, бакъдуьненчу бирзинчу оьздачу къонахийн мотт бу х1ара – церан оьздачу, ц1еначу 1аьнаран мотт. Царех дисина дика дош лардина, цуьнан мах баз бийна мотт.
Къам Дела вовзаре, Дела везаре, Делах кхераре кхойкхуш, ч1ог1а иэшарца дин гучудоккхуш, нах нийсонна т1е ийзош, баьхкинчу эвлийааш хезча, хьехамийн, царех бисинчу хьекъалан хьехамийн мотт бу х1ара. Ахь ца бийцинера, аьлла, х1ара мотт сий дайлуш долуш, къелур болуш йа белла д1абер болуш бу моьттуш хьо велахь, хьайн моттарг1ех 1ехавелла хьо. Т1аккха хьуна а бийца хьан пурба а дац, хьуна ахь и ца бийцар г1олехь долуш ду хьуна. Х1ара т1аккха хьан мотт бац, х1ара – нохчийн мотт бу. Хьуна ца безча тхо цец а ца довлу.
Дог1ано йашош, малхо йакъош, кхаш т1ехь кхуьучу бецан хелиган болчул орам бац хьан кху махкахь. Кху къамелехь вевзича, хьан йуьхь т1ехь йуьхь1аьржо къаьстар йоцийла хаьа суна. 1аьржачу кехат т1ехь 1аьржа шекъа къаьсташ ца хуьлу. Цхьа х1ума-м ду: х1окху къоман ц1е а, х1ара мохк а, х1окху мехкан ког биллал йолу меттиг а хьуна хьакъ-м йац. Йа хьан дог-ойла йолу «къонахий» хьашт кху махкана ма бац, йа со хьоьга х1унда луьйш ву хаац суна!
Нохчи мила ву а, нохчи мила вац а къасто а, нохчийн мотт болчу ду-кх дика.
«Моттий а, ц1ий а ларделаш!», — баьхна Хьаьжас (Дала къайле толайойла цуьнан!).
ХАБАЕВ Исмаил
Зорбане кечйинарг –
ЗАЙНУЛАБИДОВ Халид

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля