Кху т1аьхьарчу иттаннаш шерашкахь цхьамогг1а яккхий террористически акташ йина вайн махкахь. Уьш дагар ца йича а, вайн иэсехь гуттаренна а лаьтташ ю уьш.
Д1адаханчу п1ераскан дийнахь рог1ера къемат-де т1едеара Красногорскехь (Подмосковье) йолчу «Крокус Сити холл» ц1е йолчу концертни зал чу баьхкина нахана.
Цхьа а вуон х1ума дагахь доцуш, шайн самукъа даккха, «Пикник» боху тобан концерте деана адам дара зал чохь лаьтташ. Цу хенахь оцу чу лилхира террористаш, шайца герз дохьуш беана болу.
Шайн концерт йолаеларе хьоьжуш лаьтташ 1аш долу адам, тоьпан татанаш даьлча, шаьш х1ун дийр ду ца хууш, кхерабелла, цхьаберш мохь бетта болабелира, ткъа важаш шайна ара лелха меттиг лоьхуш, д1а-схьа бевдина, шайн синош довдийна лелара.
Зулам дохьуш беана болу нах, герзаш детташ, адам х1аллакдан болабелира. Цул совнаха, ц1е (пожар) хуьлуьйту шашканаш кхуьйсуш, эккхарш деш, сийна ц1е йиллира цара «Крокус Сити холлах».
Ч1ог1а ирча сурташ дара роликаш т1ехь гуш дерш: герз детташ лелаш болу террористаш, охьа дихкина лаьтта декъий, доьлхуш адам, шайн гергарнаш лоьхуш детташ маьхьарий…
Цигахь дерриш х1аллакьхилла 155 сов адам ду, кхоъ бер а ду церан юкъахь.
Тахана а йоккха политически проблема хилла йисна терроризм. Цунна дуьхьало яр, оцу декъехь профилактика ярехь керла кепаш юкъаялор – коьрта декхар ду бакъонаш-ларъяран органийн хилла ца 1аш, иштта вайн ерриге а юкъараллин а. Вай х1инццалца схьа билгалдоккхуш ма-хиллара, тахана къаьсттина боккха тидам т1ебахийта безаш бу социальни сеташна, х1унда аьлча, карарчу хенахь кегийрхой 1ехоран коьрта г1ирсаш уьш бу.
Схьалаьцна зуламхоша (уьш шаберш кегий нах бу) дийцира, социальни сеташ чохь девза а девзина, иштта д1адолийна зулам ду и, аьлла.
Цундела профилактика яран белхаш уггаре а хьалха д1абахьа беза кегийрхошца. Шайн дахаран-1еран г1уллакхаш атта къасторхьама экстремистийн тобанех д1акхета цхьаболу кегийрхой. Цуьнца цхьаьна цара х1аллакдо шайн дахар а, хиндерг а. Цундела радикальни хиламаш кегийрхошна юккъехь ца хилийта, церан бакъонийн культура лаккхаяккхарна лерина мероприятеш д1аяхьа еза денна а, массанхьа а. Юридически бакъонаш хааро а зуламаш дарх юхабохур бу кегийрхой.
«Нийсо» газетан тобано ч1ог1а халахетарца т1еийцира «Крокус Сити холл» чохь хилла долу къемат-де. Муьлххачу къомах велахь а, адаман могашаллина йа цуьнан дахрна а т1екховда бакъо йац цхьанне а.
Тхуна даггара довха дешнаш ала луур дара беллачийн гергарчаьрга а, лазийнчаьрга а.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ