Гуьйренан хьалхара ши бутт – Iаламат башха, хаза хан йу. ХIетахь хилла бовлий хуьлу стоьмаш, ур-атталла хьайбанаш а, бочабIараш а. Цаьрца боьзна бу бераллера сан цхьа мерза дагалецам.
Почтехула дIасайохьуьйтора-кх хьалха «пасилка» – цхьа йеакIов йаьшка. Цунах лаьцна дийца лаьа суна. ДIадевлларш безам хеташ берш а ма хуьлу, къаьсттина – баккхийчаралахь.
Казахстанехь баккхийчара йиллина йуьйцура Кавказ.
Гуттар а, «Кавказ» боху дош мосазза хеза, пасилкин и йаьшка дагайогIу.
Сан хIетахь йалх шо дара.
Эзар исс бIе шовзткъе доьалгIачу шарахь кхаьчнера Казахстане тхан да-нана, карахь жима ши бер а долуш. Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш, дохийна, махках даьхна хан йу-кх иза. Цигахь дуьнен чу даьллера тхан доьзалехь кхин а кхоъ йиша-ваша. Со а ву эзар исс бIе шовзткъе дейтталгIачу шарахь дуьнен чу ваьлла.
Махках даьхна кхойтта шо кхочуш, Iедало бакъо йелира нохчашний, гIалгIашний цIа берза. Цунах боккха кхаъ хилла долу адам ма-хуьллу сиха Даймахка дIагIоьртира. Тхан гергарнаш а бара уггар хьалха цIа боьлхучаьрца. Мухха а суна ца девзачу бахьанашна тхан доьзал кхин а кхаа шарахь бисира Казахстанехь.
Кест-кеста кехат кхочура гергарчаьргара. Цара чIогIа сатуьйсура тхо цIа дахкаре. Цкъа тхан дейишас йаздира, ша тхуна цIера схьа пасилка тесна, цкъа а шен хьомечу берашна гина а, йуьйцу хезна а йоцу Кавказера хIуманаш чохь а йолуш, аьлла. Децина дукхадезара тхо.
Хан меллаша йоьдуш санна хетара цул тIаьхьа. Денойн болар лагIделлера. Садууш дерг – хIун йу-те пасилки чохь йолу Кавказера тамашийна хIуманаш бохург дара. Са ца туьйра, дог этIара. Нанас а, хаьттича, мел чIогIа хаьттича а, пасилка схьакхаьчхьана, хуур дара и-м, олура. Тхан дена а ца хаьара, пасилки чохь хIун хир йу, йа хIун хила тарло а. Ловзо хIуманаш хир йу уьш, цхьа бицIаьлдигаш, паровозаш, мотоциклаш, машенаш, кеманаш, тур-тапча. Йууш йолу мерза хIуманаш хила а мега.
Цхьана дийнахь почтальоно неI туьйхира. Шун адресца пасилка йеана, дIайахьа дуьйла, элира цо. Нанас куьг таIийра схьакховдийначу кехат тIе.
ХIинца-м хуур дара, йуьйцу хезна а йоцу Кавказера хIуманаш хIун йу! ХIинца-м схьаоьцур йара сел сатийсина йолу пасилка!
Амма нана сихлуш йацара. Кертахь, чохь-арахь дан дезачу гIуллакхийн бен бала бацара цуьнан. Оха мел чIогIа аларх, пасилка схьайан ца дахийтира. Инзаре харцо йара и. Кхана гIур йу ша почте, вáн лууш верг а вуьгур ву, элира.
Кханналц сатухур ду-кх.
Наб кеста ца кхийтира оцу буса, ойланаш йеш. Дага ца догIуш хIума дацара…
Iуьйранна самаваьлча, сайн дахарехь цхьа доккха хIума хила дезаш долуш санна хетара. Децин совгIаташ сихха ган лууш, сакIамлора. Децис йаийтинарг хIун йу, хаа лаьара, бIаьргашна ган лаьара!
Нана кертара Iуьйренан гIуллакхаш дина ца йаьллера. Чухула волавелла лелара со, дог этIаш; дIаволалуш, схьаволалуш. Хан вуно чIогIа меллаша йоьдура.
БархI долуш, воккхах волу ваша школе дIавахара. Суна цкъа а ца гинера цуьнан бIаьргаш оццул гIайгIане. Сайна хIун хилла а ца хууш, дог Iаьвжира сан, хих буьзна вешин бIаьргаш гича. Школе ваххал хиллехь, сан а хир йацара пасилка схьаэца ваха йиш.
Исс сахьт долуш йелира нана кертара гIуллакхаш дина.
Новкъадевлира тхо. Ненан болар дукха паргIат дара. Со а, сан жимах волу ваша а, цкъа ненал хьалхаволуш, тIаккха тIаьхьавуьсуш, кхийс-кхийссалуш, ловзуш воьдура.
Почте боьдучу новкъахь дукха хан ца йайъира.
Цхьа шатайпа, дарбанцIийнехь молханийниг санна, сургIачан хьожа йара почтехь. Стоьлан йистехь лаьттачу гIутакх тIера тхоьвнехьа хьалаоьхура кIуьран сийна áса. Суна-м, бакъдерг аьлча, вуон ца хийтира иза, жимма бIаьргаш Iийжош санна хеттехь а. Тарделла хила а мегара иза-м. СургIачан хьожа муьлххачу почтехь а хуьлий, хиира суна, воккхахилча.
Цхьанхьа дIайахьийта пасилка кечйеш йара, схьахетарехь, почтехь болх беш йолу зуда. Дохдинчу гIутакх уллохь охьайиллина тендеччигал йолу жима туьппалг, схьа а эцна, гIутакх чу а Iоьттина, пасилкина цхьаццанхьа тIеIиттира цо.
Мокха бос бара сургIачан. И кочалла дIаса а хьаькхна, буьххьехь шайннал аьчган горга мухIар долу тIус тIетаIийра. Муо санна, горга лар йисира сихха бакъабеллачу сургIач тIехь. Тамашийна хIума дара и. Суна цкъа а гина хIума дацара. МухIар долу тIус тIетухуш хаза-м хуьлура.
Чиллахь хадийна дечиг санна, хан-зама мел йели, тIаьхь-тIаьхьа чIагIло сургIач, и кочалла. Оьрсийн маттахь «сургуч» олу цунах. Мацах-мацах, бIешераш хьалха, уьрсан, шаьлтанан йа туьран мукъ диттана тIехуттуш, герз дечара шайн балхахь лелош хилла и. Нохчаша-м цунах бáлоз олу. ХIинца лелош бац сургIач, почтехула дIасайохьуьйтуш йолу пасилка ларйархьама лелош кхин таронаш йу.
ГIопастина тIедиллина сайн ши куьйг, дегош санна а хетта, кисана диллира ас. Цкъа а почтехь хилла ма вацара со.
Дукха хан йалале, шега схьакховдийна йеакIов йаьшка каралецира тхан нанас. Оха сел сатийсина йолу пасилка йара иза! Башха йоккха хIума йоцуш санна, цхьа атта шен бетана улле а йаьхьна, бIаьргаш а хьаббина, мерах сачуузуш, цхьа мерза хьожа йаьккхира нанас. Цуьнан хаза йуьхь къежира, серлайелира!
Со а, сан ваша а, гIадвахана, вовшашка хьаьжира.
Пасилка, сан лере а йеана, йайн ластийра нанас.
Татанаш хезира, цхьа горга хIуманаш вовшахйетталуш санна. Аьчгачу хIуманийн вовшахйеттайаларх тера а дацара, дечиган коьчалийн татанаш а дацара уьш, йа ангали вовшахдеттадаларх тера а дацара. Йаьшки чуьра, халла хаалуш, схьакхийтира цхьа аьхналла – хилаза болчу кхорийн, муьстачу Iежийн, эйелла, хаза хьожа!
Пасилкин негIар тIехь шекъанан къоламца дина йозанаш дара. ХIинца хаьа-кх, и йаздинарш адресаш хиллий, пасилка хьаьнгара хьаьнга йаийтина йу, хоуьйтуш. АгIонаш тIехь а, бухахь а, мох кхетийта даьхна – кхо кепек йиллал – Iуьргаш дара. ТIехула дIасайихкинчу муьшатIийриган йистош чу а лоцуш, тIедиттинчу сургIачан мухIарийн ларш даккхийчу муонех тера хетара. Пасилка кхечаьрга схьа ца йастийта, чохь йолу хIуманаш хье ца йайта, детташ ду и мухIарш, элира нанас.
ХIинца ца леладо уьш, сургIач а йукъара дIайаьккхина, цхьанхьа а ца го дуткъачу аннийн пардонех йина пасилканийн йаьшканаш а. Церан метта йукъадевлла гофромужалтех дина гIутакхаш ду.
Массо а агIор хьежна девлча, хаа дезарг хаа а хиъна, тхайн пасилка а йохьуш, цIа дахка новкъадевлира тхо.
Тхошиъ – сой, сан ваший – ведда воьдура нанна тIаьхьа, парггIат дIайоьдучу цунна тIаьхьа ца кхуьуш.
Къайллах сагатлора сан, йаьшки чохь хIун йу ца хууш. Ловзо хIуманаш, цIен-къорза кехаташ хьерчийна кампеташ, стоьмаш, кхин цхьа дагахь йоццург. Iалелай, ма кегайеллера ойланаш. Дага ца тосуш хIума дацара! Хаа ма ца хаьара, билггал хIун йу генарчу Кавказера йеанчу пасилки чохь. Цхьанна а ца хаьара.
– ХIинца хIун йаийтина-те шуна децас? – вела а къежаш, пасилка схьайаста хIоьттира тхан да.
Цкъа хьалха, йаьшка йохайарх ларйеш, мухIар тоьхна меттиг мукъайаьккхира. ХIетахь хIума атта дIа ца кхуссура, хьашт хилахь а олий, пусар дора муьлххачу а хIуманан. Пасилкин негIар дара схьадаккха дезаш. Кегийчу хьостамашца тIетоьхна дара иза. Дукха лерина бан безара и болх, кегийчу хьостамийн чIапачу кортошка, хьалаийзош, негIар тIера шера чкъор доха ца дайта. ДаIамца атта хьала ца таIалора хьостаман чIапа корта. Тхан дас ишттачу гIуллакхана лелош урс дара. Сих а ца луш, жим-жима озош, дукха лерина дIасасеттош, кIел урс а туьйсуш, хьалабаьккхира цо хIора хьостам.
ДоьIучура са а сацийна, тапъаьлла хьоьжуш Iара сой, сан ваший.
Йаьшка схьайаьстира. НегIар хьалаийцира.
– Собардейша цкъа! – девне йоцу йаппарш йора тхан дас, йаьшки чувала гIерташ волу тхошиъ дIа а тоьттуш.
ТIехула диллина цIен-къорза гата дара. Цунна бухахь – тIергIан пазаташ, керла каранаш, кхин а цхьацца пайдабоццу хIуманаш.
Коьртанаш уьш йацара. И хаьара хIоранна а.
Газеташна йукъахьерчийна пхийтта ларча, цхьацца оьцуш, схьаэцна ваьлча:
– Схьайаста! – элира тхан дас.
ТIехула хьерчийна газеташ этIа а деш, эрна хан ца йайъархьама, дукхе-дукха сиха схьайаьстира оха ларчанаш.
Гучабевлира Iежел а баккхийра можа стоьмаш. Онда бара уьш, тIехь кегийра чоьш а долуш. Хьожа мел хаза йара, цхьа шатайпа, цхьа аьхна, мерза, кхорийн, Iежийн, керлаха хадийначу дечиг тIера йаьккхинчу ковстан санна, масийтта бос эбелча санна. Гуьйренан зезагийн хуьлу иштта аьхна хьожа. Iаждарбецан санна. Генарчу стоьмийн сатийсаме хьожа! Йийцаре йуьйцучу Кавказан туьйране архь!
Дукха чIогIа цецваларна, сан а, сан вешин а бIаьргаш къаьрзинера: цкъа а ца гинера иштта стоьмаш.
– ХIорш хьайбанаш йу, – элира велакъежачу тхан дас, тхойшинна хIун хета хаа лууш, бIаьра а хьожуш. – Цхьаннах хьайба олу. Оьрсаша – айва. Казахаша хIун олу, ца хаьа суна. Ванах, Казахстанехь кхиа а кхуьий хьайба? Кхуьу, моьттуш вац со. Суна-м ца хаайелла. Хьуна гиний?
И хаттар тхан нене дина дара. Цхьацца куьйгаш Iуьттуш, цхьана меттехь ца соцуш, чу-арайуьйлуш лелара нана.
Цуьнан-м башха бала а бацара оха лелочуьнца. ХIуманах атта цецйолуш йац иза.
– Схьадалл бога!
Схьадеана сирдиллина жима бога цIенкъа дIахIоттийра.
Йаьшка Iункарнехьа а йерзийна, гIарръаьлла, боги чу охьайоьхкира башха горгалгаш.
– БочабIараш а ду-кх шуна!
Уьш горга дара. ТIехулара чкъуьйриг йара таьIана-боьмаша жIамарш а йолуш.
ДIасакегийча, вовшахдетталуш, цхьа тáмехь гIар-гIовгIа йора цара. Ас а, сан вашас а, буха куьйгаш оьхуьйтуш, кегош, кIорда ца деш, ловзийра бочабIараш, цара йечу гIовгIанах самукъадолуш.
БIар кагдича, сирла-можачу басахь пардо а долуш, тIум йара йуккъехь. Пардо дIадаьккхича, кIайн тIум гучайелира.
Хьоме йара Кавказера йеана хIуманаш! Iаббалц йиира оха. ЧIогIа чам тайна!
БIараш диира дукха, жIов йетташ, кег а деш. Тхан дас гайтира, уьш муха кегдан деза, чкъуьйригна йуккъера тIум схьа муха йаккха йеза, сирла-можа пардонаш дIа муха даха деза.
Кестта цIа гIур ду вай, элира тхан дас. Вайн Кавказе дIагIур ду вай. Даиманна а.
Сихха долхахьара!
Со дукха Iиллира оцу буса меттахь, хаза ойланаш йеш, наб ца йогIуш, гIайба мара а боьллина. Пхи-йалх бIар а дара сан гIайби кIел.
Суна ца хаьа, сайна наб муха кхийтира …
ЦИНЦАЕВ Хаваж
Дийцар оьрсийн маттера гочдинарг
Яралиев Юсуп