ТIекхуьу чкъор Iаморах лаьцна …

Т1ахьарчу шерашкахь, халахеташ делахь а, кегирхойн лелар-болар чолхечу аг1ора хийцалуш хета суна. Х1унда аьлча, цаьрца г1иллакх-оьздангалла лахделла го. Х1ун бахьна ду те иштта чолхечу хийцамийн, йа мила ву те бехке? Х1окху сайн материалехь сайна хетариг шоьга довзийта ойла йу сан, хьоме газетдешархой.

 

Хийла хеза – «Вайна т1ех1оьттинарг чолхе зама йу» — олуш. Ткъа х1унда олу иза? Бух болуш ду йа ала дешна олу? Дера олу, т1екхуьучу чкъоранна корта хьовзо а, уьш хьекъалехь иэшо а, нийсачу ойланера уьш д1абаха а, дуккха а некъаш долу дела. Хьалха заман чохь ма ца хилла х1инцалера технически аьттонаш. Цундела, х1ора верг, ша вехачохь, йуьртабахамехь къа хьоьгуш, хьаннала рицкъ доккхуш бара. Ткъа х1инца, дуьненан даьхница болу аьттонаш, вайн таронаш алссам йевлла. Цхьана аг1ора ойла йича, иза ч1ог1а дика ду. Амма, вайна цуьнах хуьлуш долучу зиэнашка хьажича, нийсса б1остане болу и аьтто. Иза иштта ца хилийта х1ун дан деза? Суна схьахетарехь, кегирхой кхетош-кхиорехь болх доггаха бан беза. Бусалба дин 1аморехь – ламаз дан, марха кхаба, закат дала, къуръан деша, сагIа дала, хьехамашка ладог1а иштта кхин д1а а. Вайн къоман г1иллакх-оьздангалла довзийтарехь – воккханиг лара, лулахошца к1еда-мерза хила, хьаша-да т1елаца, г1о-накъосталла оьшучохь жигара дакъа лаца (дерриге дийцич-м д1айаздина ца-валлала дукха ду уьш) иштта кхин д1а а. И болх х1ораммо а шайн чохь бан а беза беран пхийтта шо кхачале. Х1унда аьлча, цул т1аьхьа дарж лакхадолу доьзалхочун, шен т1е баккхийчеран доллу декхар дужуш.
Нагахь санна, лакхахь ма-хьаххора, доьзалан 1уналла ца дахь, кегирхой вуон новкъа баха кечделла 1аш иблисан эскар ду. Тахан дуьненахь девзаш долу чолхе белхаш – тайп-тайпана корта бахош долу маларш, цигаьрка, наркотикаш, эвхьазалла – уьш ду. Т1екхуьу чкъор тиларчу дуьгу некъаш ду уьш. Х1инццалца схьа, оцу вуон белхех пайда баьлла цхьа а вац, йа хуьлийла а дац. Х1унда аьлча, уьш йукъаралла йохо, къаьсттина Ислам динна дуьхьала, иблисо д1ахьош долу некъаш ду. Дал 1алаша дойла вай иштачу белхех.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля