Хууш ма хиллара, валаран къахьо вай массара а лан йезаш йу. Сийлахь долчу Къуран чохь Дала хаийтина ма-хиллара, х1ора а са духа Деле дерза дезаш ду. Иза Делан кхиэл йу. Вай Цунна реза а ду, Дала мукъ лахь.
Аса хlара материал йаз йаран бахьна ша-кепара ду. Жимма хьалха тезета кадам бан вахана волуш, коьртахь хlума а йоцуш веана верг гайра суна. Оцу гlуллакхах вуно чlогlа цецвелира со. Йуха, гlеххьа хан йаьлча, иза сайна новкъа деана хиларе, шунехь lаш аса дийцира сайн нийсархошна. Тlаккха гучуделира суна, иштта долу чолхе сурт тlаьхьарчу шерашкахь масийттаза а хилла хилар.
Карарчу хенахь тезетехь лелош долу гlиллакхаш, дукха хьолахь, вайн дайша ма-гайттара ду вайн. Амма, тlаьхьарчу шерашкахь цхьацца кхачамбацарш а ду гучудовлуш. Царах цхьаъ – иза коьртахь хlума а йоцуш тезете вар. Бакъду, иштта сурт суна цкъа-шозза бен а ца гина. Делахь, хlинца дуьйна цунна тидам тlебахийта беза аьлла хета суна. Хlунда аьлча, муьлхха а чолхе гlуллакх а ду кlеззигачунна тlера дlадолалуш. Йуьххьехь дуьйна иштта дериг духатоха деза. Тахана коьртахь хlума а йоцуш веанарг, кхана йоца хеча йоьхна ван кхерам бу. Ткъа вайн lадаташца иштта дериг догlуш дац. Тезет схьаоьцуш верг а, цунна кадам бан вогlуш верг а, къаьсттина духарца оьзда хила везаш ву. Коьртахь пес хила йеза, коьртаIуьра кадам бан ваха ца мега. Йеккъа цхьалхачу кучаца вахар а нийса ца лору вайн lадатехь, ткъа доцу пхьуьйшаш-м дуьйцуш а дац. Йоцу хеча а, мух-мухха мачаш а йоьхна тезета ваха-м доккха иэхь ду. Цул совнаха, и дерриге духар хlинцца ма-хьаххора делахь а, бес-бесара йа дикане гlуш санна къегина хила ца деза. Тезет схьаоьцуш болчарна тlе кхачале дIаса хьажа веза. Хила тарло, кадам бан богlуш кхин а къонахий. Нагахь санна кхин цхьаа вацахь хьой тlеваха веза. Амма, накъостий нислахь, цаьрца цхьаьна тlе ваха веза. Бакъду, церан йукъахь хьоьлла воккханиг йа Iеламстаг велахь, цунна тlаьхьа хlотта веза. Веллачунна гечдар доьхуш доlа динчулла тlаьхьа, маслахьате вистхилар ду нийсаниг. Дуьненан йа кхин долу самукъане хабарш дуьйцу меттиг бац иза. Олуш долу дош, боккхуш болу ког, цхьана меттахь дlахlоттар йа волавелла йуьстах валар – иза дерриге lадатаца, гlиллакх лардеш хила деза. Маггане а мегар дац кура дlаса сетта йа куьйгаш кисана а дехкина lар. Иштта дериг товш дац къонахчуьнгахь. Цул совнаха, баккхий нах охьаховшшалца ирахь lан веза жимастаг, нагахь санна могашаллица бехкамаш бацахь. Кадам баран декхар чекхдаьлча жимма сацавала веза, бухахь болчара дIагIо аллалца. Амма, вухверза пурба деллачулла тlаьхьа, йух-йуха а ца дуьйцуьтуш, вухаверза веза. Хlунда аьлча, тезет оьцуш верг кlадвелла хуьлу, шина-кхаа дийнахь массо а кадам бан вогlучунна дуьхьалваьлла lаш ву иза. Цкъа, шозза дIагIо аьлча а къар ца луш, «жима lина гlур ву со» бохуш бухахь волчунна ницкъ бар нийса дац. Йа со нийса ца кхета те?
Иза дерриге пхийттара ваьллачунна тlехь ду. Ткъа иза хууш хилийта, жимчохь дуьйна ишттачу меттигашкахь дан дезачу гlуллакхна а, шегара гlо эшначохь а дlахlоьттина хила веза, хlунда аьлча, кегирхошна шортта масала хуьлу цигахь. Баккхийчара лелош дерг го, церан маслахьате къамелашка ладегIа. Муьлхха а цара лелочун тидам бан аьтто хуьлу. Цул совнаха, воккхачу стага ша тезета вогlуш шен кертара кIант, цхьаъ велахь йа масийтта, шена тIаьхьа хIоттавар дика ду. Ден, деден, девешин йа воккхачу вешин тlаьхьа а хlоьттина водахь, дика бевза тезетан бехкамаш. Бераллехь дуьйна гуш хилча барзо ижу санна схьалоцу къоначу коьрто. Воккха хилча Iемар дара иза-м аьлла бита мегар дац кегирхой. Ша вехачу меттехь тезет даьлча, хьайн чуьра доьзалхо, нагахь санна гlо-накосталла дан аьтто болуш и велахь, сихха цига дIавахийта веза. Кегирхой оьшуш меттиг бу иза. Муьлхха гlуллакхехь шен ницкъ кхочучу барамехь дакъалаца а деза цо. Хьанна хаьа, кхана вайн кертахь хlотта йиш ма йу иштта сурт.
Дехар дара, сан дешнех нийса кхетар. Цхьанна а вуон дериг ала лууш ца йаздина. Мело, дуккха оцу гlуллакхна тlе вай тидам бахийтаре са туьйсуш ву со. Сан нийат а ду иштта, Дала мукъ лахь.