Ирча суьрташ

Буьйса юкъал тIехъяьллера, хIетте а наб ца кхетара Адамна. «Нохчий, гIалгIай выселит бо», – боху хабар дара гурахь дуьйна а хезаш. Хьалха юьххьехьа-м ла а ца дугIура цуьнга, амма тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш дара и хабар, ткъа лелош, гушдолу хIуманаш а дара тамашийна. Юьрта баьх­кина эскархой бара, коьртехь капитан а волуш. Юьххьехь пхи-ялх бен вацара уьш. Нехан спискаш а еш, меттигийн планаш а йохуш, некъаш а тодойтуш, хьийзара. Амма тIаьхь-тIаьхьа салтий алсамбуьйлушбу. Лелар а, хьийсар а, къамелаш а ду къоланна баьхкинчийн санна.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля