Уьш бицбина даха бакъо яц вай…
Zнамя Победы - Zнамя Мира
В закладки
Т1екхуьуш долу чкъор кхоччуш кхетош – кхиорехула а, дешархойн дегнашкахь Даймахке болу безам ч1аг1барехула а, т1еман, къинхьегаман ветеранашца йолу з1е дика латточарехула а Хасавртара номер 17 йолу ишкол хьалхарчу маг1аршкахь схьайо1уш ю.
И ша дерриг иштта хилар ларамаза а дац. Меттигерчу хьехьархойн коллективан куьйгаллехь волу Вандаев Вахарсолта шен болх хууш хиларал совнаха, иза даггара дукха безаш а, хьанал кхочуш беш схьавог1уш а ву.
Белхан накъосташа а, берийн дай – наноша а, дешаран урхаллин куьйгалло а (Ибрагимов Руслан Мовланович) сий – т1алам беш, лоруш а ву цундела Вахарсолтан Вахаевич.
Кху хазачу б1аьстенан деношкахь, д1адолорхой завучаш Эльдербиева Роза а, Вандаева Женет а, хьехьархо Юсупов Хьусейн а болуш, кхузара дешархой Волгоград г1аларчу Мамаев кургане бахана баьхкира.
Суьйренца новкъабаьлла экскурсахой, 1уьйран ламаз кхойкхучу муьрехь д1акхечира.
Меттигерчу сотрудникаша берашна дукха тамашийна, чулацаме дийцира Мамаев курганах лаьцна долу бакъдерг.
Уггар хьалха делегаци вайн махкахочунна лерина йолчу мемориальни плитина (экъана) т1ех1оьттира.
Кхузахь Советски Союзан Турпалхо Нурадилов Ханпаша а, цуьнан т1еман наъостий а дагалоцуш до1а дира.
Доьнналла а долуш, майра леттачу Ханпашех лаьцна дуккха керланаш девзира дешархошна. Цхьа а шеко йоцуш, церан х1ораннан дагчохь хийла ойланаш кхоллаелира, вуно къона болуш х1аллакьхиллачу майрачу т1емалойх.
Къона волуш Даймахкана шен дахар д1аделла волу Ханпаша а, цуьнан т1еман накъостий а, берашна кхин а безаме хийтира. Таханлерчу дийнахь вайн махкахь машаре дахар хилийтархьама д1акхелхина и к1ентий.
Уьш бицбина даха бакъо яц вай! Хуьлийла а дац!
- Цундела т1екхуьуш долчу чкъорана дика деша 1амор, т1еман, къинхьегаман ветеранийн, баккхийчеран сий – пусар деш уьш кхиор, Даймахке, цуьнан историн аг1онашка, халкъан ламасташка, ненан матте болу безам церан дегнашкахь ч1аг1бар, дебор вайн х1оранна т1ехь лаьтташ долу декхар ду, бохуш, юкъ-кара соьца дагавуьйлура Вандаев Вахарсолта.
Цо дуьйцург дашна бакъдина ца 1аш, иза къобалдечарех цхьаъ ву со.
Дешархоша историн ,т1еман «Мамаев курган» ц1е йолу панорама а, «Павловн ц1а» олуш йолу Мемориал а гинчул т1ахьа хийла дог – ойла дикачу аг1ор хуьйцург хиларх дог тешна а долуш, ц1а дирзира тхо Волгоградера.
Мел дукха шераш, хан – зама, хиш д1аэхарах, политически куьгалхой хийцабаларх биц бан йиш, бакъо а яц оцу къизачу т1амехь вайн мохк 1алашбеш эгна болу къоман, махкан боккъалла болу турпалхой.
Дешархошна дагахь йисарал совнаха, уьш кхетош – кхиорехула 1аламат чулацаме маь1на долуш а, пайденна а хир ю и тайпа экскурсеш, бохург дагахь а долуш, вовшах д1аскъаьстира тхо Хасавюрт г1алахь.
Кхин цхьаъ. Арахь вевза стаг, олуш ду-кх вайнехан. Цундела суна, даггара баркалла ала луур ду кху деношкахь тхайна дуьненан цхьа киртиг йовзийтарал совнаха, х1ораннан амал ловш, тхуна аьттонаш бинчу, водительшна Джанхотов Русланна, Джафаров Халидана, церан куьгалхочунна Арсанакаев Сулиманна. Везачу Дала юьхь1аьржонах 1алашдеш, ийманчохь нисдеш, дуккхачу шерашкахь дахар лолда вайна.
Кху хазчу дуьненчохь ма хили вай вовшашца к1оршаме…
Вай дика а, токхе а дахийтархьама, кхелхинчу к1ентех а, мехкарех а ойлаеш хуьлий вай. Иза иштта хилахь, суо тешна ву, д1аер ю адамийн юккъера вас- макхо, шалхонаш, тешнабехк бар, дар – доцурш дийцар.
Ойлане диллича, хала доцург хета суна–м и г1уллакх. Ткъа вай х1ундеш лаьтта?...
Автор: Умар Якиев

Комментарии (0)

Де дийне мел долу, 1ожаллин бахьанца вайна юкъара цхьацца берш эхарта боьрзуш бу. Вайна уллора, бевзаш а, безаш а болу нах д1абахча вуно хала а хета. Вайна мел ца лаарах

Даймехкан сийлахь-боккхачу тIаме воьдуш, цуьнан вуьрхIитта шо бен дацара. Хала а, къиза а хиллера цуьнан бераллин а, кхиазхочун а хан, амма халонаша вахчийна, къонахчун

Кху деношкахь 74 шо кхочу советски халкъо Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь фашистски Германина т1ехь Толам баьккхина.9-г1а май – Толаман Де – уггар а ладамечух долу

Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча,