Тайп-тайпанчу динехь болчу нехан вовшех кхетар а, барт а, цхьаьнаболхбар а ч1аг1дарна т1ехьажийна Дагестанехь д1ахьош ду Дуьненайукъара динийн йукъарчу йукъаметтигийн к1ира. Хасавюрт г1алин динан векалшца дешархойн цхьаьнакхетар хилира МКОУ-н №8 йолчу йуккъерчу ишколехь. Динан дайша т1екхача аьтто болчу кепехь дийцира дешархошка бусалба динан оьздангаллин барамех лаьцна, хьехархочуьнга, деца-ненаца, баккхийчу нахаца хила йезачу йукъаметтигех лаьцна, хааршца,...
