Поэтан кхоллараллин суьйре » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Поэтан кхоллараллин суьйре
30.10.2019 120 0 niyso

Поэтан кхоллараллин суьйре

Общество
В закладки
Нохчийн республикехь а, цуьнан дозанал арахь а шуьйра вевзаш волчу нохчийн поэтан Яричев Iумаран кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 14-чу октябрехь Соьлжа-ГIалахь Республикин къоман библиотекехь. Дика ламаст хилла схьадогIу кху тIаьхьарчу шерашкахь Къоман библиотекехь цу кепара цхьаьнакхетарш дIадахьар. Цу гIуллакхехь доккха дакъа лоцуш а , мероприятеш дIахьош а ю цу библиотекин куьйгалхо Исраилова Сацита а, цуьнан белхан накъостий а.  Суьйре дIайолош, Сацитас Яричев Iумарх дощ элира, цо билгалдаьккхира, поэт Россехь шуьйра бевзаш болчу яздархошна юкъахь хьакъйолу меттиг дIалоцуш хилар: «Иза веккъа Нохчийчоьнан поэт хилла ца Iа, цуьнан поэзи Россехь массанхьа а евзаш ю», – элира цо . Iумаран цхьа стихотворени йийшира Сацитас.
Цул тIаьхьа къамел динчу Нохчийн яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас а тIечIагIдира Яричев Iумар Россин дуккха а гIаланашкахь вевзаш а, везаш а тIеоьцуш сийлахь поэт хилар. Кантас цхьа масал далийра: Россин цхьана гIалахь Iумара шен «Барон Врангель» стихотворени йоьшуш, ладогIархоша бIаьргех хи а долуш, иза дика тIеийцира. Iумарна чIогIа баркаллаш бехира цара, цуьнан поэзи хастийра. Оцу цхьана масало а гойту мел шуьйра ю поэтан кхоллараллин тематика, еккъа цхьаьна Нохчийчоьнан гурашкахь хилла ца Iаш, Россин а, дуьненан а аренашка яьлла, шуьйра дIасаяьржаш ю иза.
Кхуза баьхкинарш  билггал Яричев Iумаран кхолларалла езаш а, евзаш а болу нах бара. Иза гуш дара цара динчу къамелашкахь. Иштта яздархочо Хачукаев Iелас билгалдаьккхира, Iумаран поэзехь Iаламат дика суртхIоттор хилар, цуьнан стихаш шатайпа мукъам болуш а, ладугIучеран дагах кхеташ а хилар.
Цул тIаьхьа къамел динчу Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iальвис, поэташа Борхаджиев Хож-Бауддис а, Ахматукав Адама а, яздархоша Сулейманова Зайнапа а, Аболханов Хьаькима а, кхечара а лаккхара мах хадийра Яричев Iумаран кхоллараллин. 
 Автора шен стихаш йийишира суьйренехь, ладогIархоша дика тIеийцира уьш. Яричевн стихаш еша даьхкина бераш а дара, цара а Iаламат дика йийшира поэтан говзарш. 
Суьйре ерзош, къамел дира Республикин къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас. Цо доккха баркалла элира поэтана кху суьйрене, ша могаш вацахь а, варна, цунна совгIаташ делира Сацитас. 

Автор: Арсанукаев Муса
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Нохчийн поэтан Исмаилов Абун юбилей
14 августехь, Соьлжа-ГΙалахь Къоман библиотекехь дΙадаьхьира нохчийн поэтан, яздархочун, Ιилманчин Исмаилов Абун 70 шо кхачарна лерина даздарш.
Литературни конкурсан жамΙаш
Суьйре дΙахьош волчу Нохчийн Республикин Яздархойн Союзан правленин председатела Ибрагимов Кантас дийцира конкурсах лаьцна. «Бенойн бΙаьсте» цΙе йолу, къоначу авторшна
Соьлжа-ГІалех лаьцна керла книга
Дика ламаст хилла схьадогІуш ду Абузар Айдамировн цІарахчу Республикин къоман библиотекехь яздархойн, поэтийн, культурин гІуллакххойн кхоллараллин суьйренаш а, юбилейш
Соьлжа-гІалахь нохчийн яздархойн съезд дІаяьхьира
Нохчийн Республикин Яздархойн Союзан 17-гІа съезд дІаяьхьира кху шеран 15-чу январехь Соьлжа-ГІалахь.Цуьнан балхахь дакъалецира НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а
Поэт халкъан иэсехь вехаш ву
Нохчийн поэт Мамакаев Iарби дуьнен чу ваьлла 100 кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 18-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн драматически театрехь.











«    Май 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать