Ма хьегабайша ненан марзонах доьзал

Ножай-Юьртан к1оштара  дуьйна,  сайн мукъа де долчура, Соьлжа-Г1ала  экскурсе веанера со. Массо  меттехула гуо а баьккхина, цкъа ца даьллачу тайпанара самукъадаьлла, Соьлжа-Г1алах б1аьрг буьзна ц1а ван Минутке веара со. Сихха Хасавюрта ван такси лехира ас. Цхьа меттиг оьшуш такси карийра суна. Цу чу хиъна схьадог1уш, Устрада-Г1али чу дулуш дара тхо. Шопаро  элира, шу дукха сиха а, дегаза а дацахь   цхьа-ши бер дара Устрада-Г1алара схьаэца дезаш. И ши бер да, нана вовшех къаьстина ду. Нана йолчу мукъа денош долуш далийна дара и ши бер. Дера дац тхунам дегаза, шун г1уллакх хилча, тхуна ял хир ю.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля