СагIано цIе дIайайъина…

Д1адаханчу к1иранахь Дагестан Республикан а, кхин йолчу бусалбанийн регионашкахь санна, Хасавюрт г1алин Мичуринан ц1арахчу поселкехь а даьккхира, вайн дайшкара ламаст хилла схьадог1уш долу, юьртан саг1а.
Кху шеран март беттан 29-г1а де Аллах1а, къаьсттина хаза, йочана а, мох а боцуш даийтира.Даханчу шерашкахь санна, Мичуринан ц1арахчу поселкан «Арент1а» олучу майданахь д1адаьхьира  деза саг1а даккхар.
Меттигерчу маьждиган имам Товсултанов Асхьаб-хьажа коьртехь а волуш, цуьнан г1оьнчаша а, юьртарчу жима а, воккха а  бахархоша  дог иркера х1иттарца дакъалецира и саг1а дуьйш а, д1адоькъуш а.
Аллах1ана къобал деза и  г1уллакх деш, дагна хьаам бийриг дара, г1о-накъосталла деш,  Хасавюрт к1оштан Борг1ангечора бусалба вежарий хилар а.
«Саг1ано ц1е д1айайъина», — олуш ду, аьлла. Саг1а а, саг1ин маь1на  доккха хилал билгалдоккхуш, долийра шен къамен Асхьаб-хьаьжас. Дала х1ара саг1а къобал дойла вайн, вайна т1ебог1а баланаш, сингаттамаш, цамгарш т1ера д1абаха, вайн Аллах1ан кхеле бирзинчу вайн дайшна, наношна т1ера саг1а хуьлийла х1ара.
Саг1а даларо, до1а даро къа дар юхатухуш ду олу. Аллах1ера адамашна доккха беркате, хаза х1ума ду саг1а. 
Вайн дайшкара дуьйна схьадог1уш ду юьрто саг1а дар. Б1аьстенан юьххьехь а, гуьйрана а саг1анаш дохуш схьадеана а  ду х1ара.
Иштта, Асхьаб-хьажин къамелехь, саг1а къобал хилийтар Аллах1е доьхуш, дакъалецира юьртан бахархоша Баймурзаев Пахрудис, Ахмедов 1исас, Алисханов Юнуса, Закриев Ризвана, иштта д1.кх.
22 бежана дерца даьккхира мичуринхоша и доккха саг1а.
Дела реза хуьлийла и саг1а дуьйш а, доккхуш а, х1ора  эзар б1е х1усамашка и д1акхачош а дакъа мел лаьцначарна.
Вайн Сийлахьчу, Веззачу Аллах1а цамгарш, баланаш, г1айг1анаш, сингаттамаш д1ахьуш т1ебог1урш юхатоха, вайн беллачу дайшна, наношна т1ера къобал дина саг1а хуьлийла цуьнах!
Имама до1а а деш, дерзийра и Аллах1 реза хуьлу саг1адаккхар.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля