«Чекхдели илли, дІабуьзи малх…» » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


«Чекхдели илли, дІабуьзи малх…»
30.03.2022 242 0 niyso

«Чекхдели илли, дІабуьзи малх…»

Общество
В закладки
Ас адмашна иллеш дуьтур ду,
Сайна тІехул тІаьххьар стигал къекъаш… Цо уьш дита а дити, шен исбаьхьа, довха иллеш. ЦІенчу даг чуьра бухдийлла иллеш: «Бусалба Нохчийчоь», «Аьрзунийн илли», «И дуьтуш лийр ду те вай» «Накъосташка», «Іодикайойла», «Геч ма де латта», «БІаьсте ер ю», «Нохчийчоь», «Махкахошка», «ТІаьххьара бал», кхин дуккха а. Вайх хІоранна а хезна, а дезна а хир ду уьш, наггахь стаг хир вац цара ойлане вахаза… 
Суна Хатуев Іабдулхьамид ша вовзале девзинера цуьнан иллеш, со цаьрца кхиънера, цара ехкинера сан синкІорге адамаллин мехаллаш. Дахаран хІора муьрехь, цхьа ша-тайпа айъам лора цара, дахаре, халкъе, Даймахке безам а чІагІбора. Цуьнан тоьллачех цхьаъ долчу «Бусалба Нохчийчоь» иллино юха чу са а кхоьллина, вайн къам кога дахийтина аьлча харц хир дацара. ТІамо аьтта, синош, догІмаш хІаллакдина, чІанадаьхна, готта хьаьвзинчу халкъана керла гІора луш дара Москван сцени тІера дека хІара дешнаш:
                                          
Лечано хелхар деш говза,
Баланаш, гІайгІанаш тоь,
Махкана, дерриг ду ловзар –
Елало, сан Нохчийчоь!


Ткъа поэтан шен махке доза доцу безам кху хІиллане доцчу дешнаша  а гойтура:


Дог доьхна бер санна, гІийла,
Оллалой ма хьежа соь,
Хьан седа лепийта хийла,
Со лойла, хьан Нохчийчоь!


Ма кийча хилла тІеоьцур бар-кха цо хьеннан а бала, ма комаьрша, ма ша-шен кхоор доцуш дог дар-кха цуьнан кийрахь детталуш:
                  
Даш кхетта, эгча синметта,
Маршаллаш кхоьхьуьйтуш хьоь,
Леш болчу хьан кІентийн метта,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!


Кхин цхьа а илли ца яздича а, и цхьа илли тоьар дара Іабдулхьамидан цІе вайн дегнашкахь яхийта, амма поэтан дагчуьра Іенаш кхин  а иттанаш иллеш дара, царах хІора а – ша-тайпа жовхІар, хІора а – шен метта аьлла дош. Нагахь вайн халкъан культурехь коьрта меттиг дІалаьцнарг цуьнан «Бусалба Нохчийчоь» делахь а, сан кхолламехь кІезиг йоцуш меттиг дІалаьцнарг «Аьрзунан илли» дара….
… Йоьхна ойла а, доьхна дахар а... Хьалхахьа хьаьжча гуш серло а йоцуш, юхахьажа некъ а боцуш…цхьанаэшшара текха денош…къахетарш я хета моттуьйтурш…амма церан къинхетам лан доцу де а… Цу юккъехула дека Димаев Іелин аз:


Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,
Мел лекха ду церан сий!
Дерриге дуьне ду яхьйолчун меха:
Вайн лаьмнийн гІиллакх ду и.


Велало, векхало мел хала хиларх,
Даима Іалашде ахь,
Лам тІера ло санна, дайн цІена гІиллакх,
Кхерчара цІе санна, яхь.


ТІеман кІур гІиттинчохь, хьаргІанаш хьийза,
Ма даръе воьжначун чов.
Осала гІиллакх ду йийсарца къийсар,
Аьрзунехь куралла тов!


Маьрша стаг кхоьллина дуьнен тІехь ваха,
Беза бу адаман мах.
Деза ду лаьтта тІехь муьлхха а дахар,
Къонахе и ларде бах.


КІорнина чов хилла, аьрзу дІатийна,
Шеллуш ду кхихкина цІий.
Хилий вай массаьрца дог-мерза, ийна.
Вайн лаьмнийн гІиллакх ду и.


Суна хІетахь ца вевзара цу дешнийн автор, хІетахь и коьрта а дацара, коьртаниг цара суна дахаре тешам балар дара. Гуттаренна а иэсе дийшира: «дерриге дуьне ду яхьйолчун меха», «кхерчара цІе санна, яхь», «велало, векхало мел хала хиларх», «аьрзунехь куралла тов» боху дешнаш, цара со гІаттийра…
Ткъа цул тІаьхьа кхин керла иллеш, церан авторца юххера гергарло а, оцу хІора иллин кхоллам, уьш кхолладаран бахьанаш мел девзи а, уьш кхин тІе а гергара хилар а. Амма къаьсттина воккхавевийриг – оцу иллеш тІехь гойтучу амалх, гІиллакхах, адамаллех, безамах цхьа хьаьрк схьакъасталур воцуш автор хилар, цу иллешкахь балхориг цуьнан бакъболу, хьанал, хьегаме синхаамаш хилар, и хІора а илли поэтан синкуьзга хилар дара. 
ХІинца… Іабдулхьамид вайца воцуш… къаьсттина мехала хета цуьнан хІора а илли, хІора а дош. Теша, уьш халкъалахь цкъа а шир ца луш дехар хиларх. 
Цуьнан весетан метта долу хІара дешнаш хІора стеган а весет ду аьлла а хета:  


Доцург алий, со ма хаставелаш,
Дерг дІадаккхий, со ма вожаве.
Бакъдерг алий, сан дог Іовжаделаш,
Бакъдерг алий, сан дог деладе.


Къайлах-къулах со ма кхайкхавелаш,
Шалхадовлий нах ма кхардабе.
Дуьхьал алий, сан дог Іовжаделаш,
Дуьхьал алий, сан дог деладе.


Шайн дог эшча, даим юьстах лелаш,
Со дІататтий, шайха хер ма ве,
Бохам беънехь, сан дог Іовжаделаш,
Кхаъ а бакхий, сан дог деладе.


Со дІаваларх, юрт ма елхаелаш,
Сан сий айба чурт ма хІоттаде.
Со везначо шайн дог делхаделаш,
Ца везначо шайн дог Іабаде!




Ткъа сан иэсехь, доттагІ, даим дехар ду хьан иллех суна дуьххьара девзина «ТІаьххьара бал» а, Іожалло хьо тхоьха къастийна тІаьххьара де а…

ПЕТИРОВА Петимат
Автор:
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Анайистехь ага
Анайистехь ага
Анайистехь ага
26.05.21 Общество
Ага техка. Аганан чохь Iуьллу баьццарчу дарин кохкаршца дIадихкина бер. Ага техкочу зудчо олучу аганан иллин мукъам баьржа дуьненахь. Беро леррина ладугIу. «Ча-борз
Iалашбе нохчийн мотт!
Iалашбе нохчийн мотт!
Iалашбе нохчийн мотт!
11.03.20 Год образования в РД
М.Горькийн цIарах йолчу гимназехь ненан меттан денна лерина урокаш, мероприятеш дIаяьхьира. Уьш кечъеш жигара дакъалецира гимназехь нохчийн мотт хьоьхуш болчу хьехархоша
25-гIа апрель – нохчийн меттан де
Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато Цхьаммо а хьошур яц Мамакаев Мохьмад Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана
Соьлжа-ГІалех лаьцна керла книга
Дика ламаст хилла схьадогІуш ду Абузар Айдамировн цІарахчу Республикин къоман библиотекехь яздархойн, поэтийн, культурин гІуллакххойн кхоллараллин суьйренаш а, юбилейш
Поэт халкъан иэсехь вехаш ву
Нохчийн поэт Мамакаев Iарби дуьнен чу ваьлла 100 кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 18-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн драматически театрехь.















«    Август 2022    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать