
Хьаж дечунна хьехам
Общество
В закладки

«Баккъалла а, нахана уггар хьалха доьгΙна цΙа Маккахь дерг ма ду, ша Ιаламна беркате а, нийсо йолуш а кечдина долу. Цуьнгахь бу (АллахΙ-Дела хиларна тоьшалла деш болу) билгала хаамаш – ИбрахΙиман макъам (ИбрахΙим-пайхамар /Делера маршалла хуьлда цунна/ дΙахΙоьттина хиллачу меттиган лар), цу чу ваханарг тешаме хир ву. Дала адамашна тΙедиллина ду, некъаца цига ваха аьтто болчунна, ХьаьжцΙа вахар, ткъа керсталла диначунна, баккъалла а, АллахΙан Ιаламера оьшуш хΙумма а дац» («Алу Ιимран», 96-97)
ХьаьжцΙа вахаран гΙиллакхаш
1.Хьаж дечо а, Ιумрат дечо а шен хьаж дарца а, Ιумрат дарца а Веза Воккха АллахΙ резахилар лахаран а, Цунна герга хилар а нигат дан деза, иза ларвала веза дуьненан бахам лаха а, дозаллина а, шен йоккха цΙе яккхийта а цига вахарх.
2. Новкъа волучо весетан кехат яздан деза, шена тΙехь долу декхарш а, шена декхаре берш а дΙаязбан беза цо. Шега Ιалашъян елла хΙума елахь, иза долахь йолчуьнга дΙаяла еза, я цуьнгара пурба даккха деза, и хΙума ша волчохь йита аьлла, хΙунда аьлча дуьненчохь вай йоккху хан Сийлахьчу Делан карахь ю.
3. Шегара дийлинчу къиношна а, яьллачу Ιесаллина а тоба дар а, царах хьалха динчунна дохковалар а, кхин ишттаниг долуьйтур дац аьлла, шен ойла чΙагΙъяр а.
4. Ша нахана дина зенаш меттахΙиттор, шегахь цхьаьннан даьхни делахь, я ша цхьаьннан сий дойуш дош аьллехь, цо цаьрга шена гечдар деха деза, уьш шена къинтΙера баха беза.
5. Шен Хьаьждарна я Ιумратна новкъа даккха хьанал долу цΙена напха лахар, хΙунда аьлча АллахΙ цΙена ву, цΙена дерг бен къобалдеш а вац Иза.
6. Ιеса мел долчу хΙуманах ларвалар, шен маттаца а, куьйгаца а цхьанна а зулам цадар. ХьаьжцΙа вахча, оьзда лелар, цхьанна а новкъарло цаяр, гΙийбаташ цадар, девнаш цадахар, хьаштдоцург а, Делан хьокъехь шена цахуург а цадийцар.
7. ХьаьжцΙа воьдучо дерриге а декхарш Ιалашдан деза. Царах уггаре а коьрта дерг шен хеннахь жамΙатехь ламаз ду. Иштта денна а Къуръан деша деза цо, дуккха а зуькар а, доΙа а дан деза, дашца а, гΙуллакхца а нахана алсам дика дан а деза.
8. ХьаьжцΙа ваха новкъа волург оьзда гΙиллакх а, собар а долуш, нахана къинтΙера ваьлла, къинхетаме, кΙеда-мерза, дош кхочушдеш, комаьрша, эхь-бехк долуш, нахана муьтΙахь а, диканиг дан гΙерташ а хила веза.
9. Иштта некъахочо шен доьзале Сийлахьчу АллахΙах кхоьруш хила аьлла, весет дар суннат ду.
10. Некъахочо даима доьшуш лело деза Мухьаммад-Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлда Цунна) схьадеана долу доΙанашший, зуькаршший. Царна юкъахь ду некъахочун доΙий, цхьана хΙуманна тΙехууш деш долу доΙий.
Некъан доΙа
(Хьалхара доΙа):
АллохΙу Акбар, АллохΙу Акбар, АллохΙу Акбар
Субхьаналлази саххоро лана хΙаза ва ма кунна лахΙу мукъринина. Ва Инна ила роббина ламункъолибуна.
(ШолгΙа доΙа):
АллахΙума инна нас-алука фи сафарина хΙаза аль-бирро ваттакъва, ва миналь-Ιамали ма тардо, АллохΙумма хΙаввин Ιалайна сафарона хΙаза ватΙви Ιанна буΙдахΙу, АллохΙумма антассохьибу фиссафари Валь-холифату филь-ахΙли, АллохΙумма инни аΙузу бика мин ваΙсаиссафари, ва каабатиль-манзори, ва суиль-мункъолаби филь-мали, валь-ахΙли.
Цхьана хΙуманна (говр, эмкал, машен, цΙерпошт, хинкема, хΙаваан кема) тΙехууш деш долу доΙа
(Хьалхара доΙа):
БисмиллахΙ, алхьамду лиллахΙ.
Субхьаналлази саххоро лана хΙаза ва ма кунна лахΙу мукъринина. Ва Инна ила роббина ламункъолибуна.
(ШолгΙа доΙа):
Альхьамду лиллахΙ, альхьамду лиллахΙ, альхьамду лиллахΙ.
АллохΙу Акбар, АллохΙу Акбар, АллохΙу Акбар.
СубхьанакаллохΙумма инни золамту нафси фагΙфир ли фа иннахΙу ла йагΙфируззунуба илла анта.
Комментарии (0)

Вайна т1екхаьчна даьлла сийлахь-деза де - 1ийд аль-фит1р - Марха досту де. И де дог1уш ду Дала вайна Шен деза 1ибадат - марха кхабар т1едиллина, Дала Шен бу аьлла,

2019-чу шеран 27-чу апрелехь д1аехьира «Имамаш Машарехьа а, Бартхиларехьа а» ц1е йолчу юкъараллин Советан кхеташо.

Соьлжа-ГІаларчу «Локал» отелехь дІаяьхьира бизнес а, цуьнца доьзна гІуллакхаш а исламан новкъахь дІадахьарх лаьцна йолу Іилманан-практически конференци: «Ислам-динан

Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн