
Газет доцуш диса кхерам бу вай...
Общество
В закладки

2 –чу августехь, 1990 –чу шарахь («Халкъан Аз») ц1е йолуш арадала доладелира вайн газет. Массо Дагестанехь бехаш болчу нохчашна боккха кхаъ бара и. Цу хенахь дуьйна газет яздеш и доьшуш схьавог1уш а ву со, сан гергарнаш.
Уггар халахеташ дерг, х1ора шарахь газетан тираж к1езиг хилар ду. Вайн республикехь кхин цхьа а информационни г1ирсашкахь (газеташ, телевидени, радио) яц вайх дог лозуш, къоман проблемаш юьйцуш. И дерриг иштта дуй хуъушшехь, ир дина диг санна, дуьхьал а девлла и газет ца яздо вайнаха.
Х1ора доьзалехь массеран ц1арах телефонаш ю вайгахь. Цаьрна т1едилла ахча карадо вай. Амма газет хьахийча, б1аьгор бог1у – кха вайна. Муха кхета веза ишттачух(?!)
Кхин цхьаъ ала а деза кхузахь. Газет яьрташкахь шен хеннахь ц1а кхачош дац. Масуьйттаза коьртачу редакторе 1абдулнесаран 1умаре а д1ахьедина ас и г1уллакх. Редацен бехк бац кхузахь, олий а хета, х1унда аьлча газет шен хеннахь ара долуш ду.
Цхьаъ бен доцу газет тесса дита вайн бакъо яц боху сан даго. Сема довла,х1ай, нах. Иштта х1ара хьал д1аг1ахь, газет доцуш диса кхерам бу вай!
Комментарии (0)

Дег1астанан нохчийн журналистика, со г1алат ца ваьллехь, «Доттаг1алла» («Дружба» газетан дубляж) газетан т1ера схьайолаелла. Шиъ аг1о йолу и нохчийн маттахь долу газет

2003-чу шеран 10-чу июлехь Дег1аста Республикин Конституционни Собранис т1еэцнера Дег1аста Республикин керла Конституци. Цуьнан официальни йовзийтар хилира 26-чу июлехь.

Кху деношкахь чекхбели газеташка шолг1ачу эхшаре язбаларан рог1ера мур.Цхьаъ бен доцчу «Нийсо» газете вай яз ца луш хиларх, цецваьлла а ца волуш ву со. Вайнах сибрех

Дуьненанюкъара бераш лардаран де – уггар а ширчу дезчудийнех ду. Иза дерриге а дуьненахь билгалдоккхуш ду 1950-чу шарахь дуьйна. Бераш лардаран де – иза уггар хьалха,