Iа къаьсттина шийла дара цу шарахь…

И хан хьахочу хенахь гуттар а бӀаьргех хи хьодура тхан нанна: елхар а сецош, хала къурдаш а деш, дийца йолалора иза:- Сан итт шо кхочуш дара цу шарахь. КхозлагӀчу классехь доьшуш яра со. Г1умкийн къомах а йолуш, чӀогӀа дика хьехархо яра тхуна хьоьхуш. Со цунна къаьсттина дукха езара. Ишколе ца йоьдуш со цӀахь йисча, вайн цӀа схьакхочура Калимат, со хӀунда ца еана хьажа. Цо чӀогӀа олура тхан дега а, нене а со ишколана юкъара ма йийлийтахьара олий. «Малика дика бер ду, дика ученик ду, хекӀал долуш ду, дешийта цуьнга, ишколе даийта иза…», -шена хуучу кепара нохчийн маттахь олура Калимата. Тхан нана, вертанаш, гӀовталш, бӀегӀаган куйнаш, истангаш деш, зударийн кучамаш тоьгуш, цхьана а хенахь мукъа яцара. Ткъа со гӀеххьа гӀуллакх дал яра, сайн ницкъ кхочург чохь а, арахь а дан гӀертара со. Тхан да даьхни лелош я колхозан кха тӀехь болх беш хуьлура, дукха хьолахь буьйсанна бен цӀа а ца вогӀуш. Нана цӀера яьлла, йохка-эцар дан яхча, сан ишколе яхар ца нислора, цундела йогӀура тхоьга сан хьехархо.
Цу хенахь вайн махкахь дӀабоьдуш тӀом бара. Немцойн Германи вайн Даймахкана тӀелеттера. Денна а схьахезаш дерш ирча кхаьънаш дара: мостагӀ генна чувеана, вайна а тӀекхочуш лаьтта, тӀамехь дукха адам хӀаллакдина, дукха гӀаланаш, ярташ йохийна бохуш. Нохчийчуьра уггар тоьлла кӀентий бара цу буьрсачу тӀамехь дакъалоцуш, цаьрца сан воккхах волу, цхьаъ бен воцу ваша а вара. Оха цунна чӀогӀа сагатдора, къаьсттина нанас — хийлазза цуьнан къорачу елхаро самайоккхура со. Цунна тӀейоьдий, иза теян хьожура со, коьртах а, юьхьах а куьйгаш хьоькхуш: «Баба, ма елхахь. Вави цӀа вогӀур ма ву». (Ваша сайл воккха волу дела, ас цунах Вави олура). Ткъа нана кийрара схьадуьйлучу халачу узаршца йоьлхура, дехьа чохь волчу дадина ца хазийта гӀерташ, гӀайба бете а лоций. Амма дада сема хуьлура оцу хенахь, наггахь цо доккха са доккхуш хезара суна. Цо хӀумма а ца олура, нанна дов а ца дора — хаьара цуьнгахь хӀун хьал ду.
ТӀекхечира 1944-гӀа шо. Ӏа къаьсттина шийла дара цу шарахь. Арахь диллина доккха ло дара, буьйсанаш дарц хьийзош ирча хуьлура. Сан вешера кехат кхачаза ши шо а дара, цунах дерг тхуна ца хаьара. Февраль бутт болабелча, тхан юьрта гӀазакхийн салтий балийра. Уьш нахехь дӀанисбинера.
Цхьа эпсар тхоьгахь а вара. Буьйсанна дада волчохь дӀавуьжура иза, дийнахь, араволий, цхьанхьа лелара. Цхьана сарахь дадица вехха къамел деш Ӏийра тхан хьаша, и оьрсийн эпсар. Тхо, суьйренан пхьор а диъна, дӀадийша кечлуш дара. Сехьа чу а ваьлла, цхьа тамашийна доьхначу озаца дадас элира: — Кхана вай цӀера доху боху хӀокху ойрсичо. Тховса вайга кечам бе боху, тӀеюху йовха хӀуманашший, дӀа мел яхьало яа хӀумий схьаэца боху. Ненан елхар иккхира:
— Вай! Нана бусалбанаш! ХӀинца хӀун хуьлуш ду те? Вайгара хӀун даьлла, махках даххал?
Амма дада резавоцуш цуьнга хьаьжча, иза дӀасецира. Со ца кхетара хуьлуш долчух, делахь а дай, наний доьхна хьовзарх тхайна тӀе боккха сингаттам беанийла хиира суна. Юха дадас соьга элира:
— Хута ( иштта йоккхура сан цӀе дас-нанас а, гергарчара а), яло, арахь ха деш болчу салташна хьо ца гойтуш, керта юххехула, охьатаьӀаш яха а гӀой, воккха Вашига вай цӀера дохуш ду, кечам бе боху ала.
Ас кхочушдира дадас тӀедиллинарг. Тхайн девеше со хӀунда яийтина ас дийцича, цаьргахь а зударийн гӀовгӀа елира. Ирча кхаъ бара ас царна беанарг, делахь а тховса Нохчийчохь массарна а тӀедеанарг дара иза, цунна цхьаьннан а дан хӀума дацара. Хала дара нахана Ӏаьнан уггаре а шийлачу хенахь, йовха хӀусамаш дӀа а тесна, мича доьлху а ца хууш, хӀунда доьлху а ца хууш, мича бахьанина доьлху а ца хууш, ворхӀе а да ваьхначу махкара ара а девлла, пана ара дӀадаха.
Тхо цу буса дийшина а дацара, схьаэца езаш дуккха а хӀуманаш яра, амма ерриг а тхоьга дӀаяхьалур яцара. Нанас, ша ехь а, шен хӀуманаш тоьгу чарх юьтур яц ша элира. Дадас Ӏа долале ша лахьина кечдина жижиг галеш чу дерзийра, ахьаран масех тоьрмиг а кечбира. Ӏуьйранна садаржале араваьлла, бежнашна хьалха докъар а диллина, божална уллохь лаьттачу йоккхачу ной чу хи а доьттина, дерриге а тхан даьхни дӀахецна паргӀат дитира цо.
Суна цкъа а дицлур дац, тхо машенаш тӀе а доьттина дӀадуьгуш, тхайн бежнийн Ӏехар, уьйтӀахула церан дӀасаидар. Шаьш тесна дитар хаалора царна, хьайбанашна а лан хала дара хӀусамдайх къастар. Ткъа тхан жӀаьла Боча тӀаьхьаделира тхуна. Шен ницкъ ма кхоччу машенна тӀаьхьа ца диса гӀерташ, диълара а дижина, дедда догӀура иза. Амма юьртах ара а яьлла, шерачу новкъахь машен чехкаяьлча, Боча тӀаьхьадиса делира, эххар а голатухучохь къайладелира иза. «Боча, Боча, схьадола, дада чехка», — бохуш, меллаша жӀаьле кхойкхура ас, амма даго хьоьхура: «Кхин гур дац хьуна иза».
Соьлжа-ГӀаларчу вокзале а далийна, дечиган, лакха тӀехь цхьа жима кор бен доцчу, шина а агӀор йоккха ши неӀ йолчу вагонаш чу дехира тхо. Царна чохь чӀогӀа шийла яра, чуьра цхьа а ара ца волуьйтура, гергарнаш мичахь бу хьажа а ца вохуьйтура. Тхан ден аьтто хилира новкъа даьхна галеш вагон чу хьаладаха, цо и дар бахьана долуш тхуна новкъахь мацалла ца гира.
Шина кӀирнах некъ бира оха генарчу Казахстане. Тхаьш мича дуьгу а ца хууш, вагонан аннийн херошна юккъехула арахьаьжча, бӀаьрго схьа ма лоццу, шера аренаш бен гуш хӀума а доцуш, дӀаоьхура. Новкъахь дукха халонаш лайра, дуккха а нах шелонний, цамгаршний бала а белира. Белларш аьчкан некъа йистехь охьа а бохкуш, дӀаихира. Велларг, каш а даьккхина, бусалба Ӏедалехь дӀавуллуьйтуш вацара. Ӏазапхойн къизалла къаьсттина чӀогӀа хааелира оцу муьрехь.
— Яраббий, Везан Дела! Ма доккха гӀуда хьарчийна хилла-кх Ахь тхох, хӀокху гармана ара тхо схьадаллол! — гӀаддайна олура наггахь баккхийчарах цхьаммо.
— Хих цӀеяллал декъаза къам хилла вайниг… Делахь а Далла дика хуур ду, Цуьнан диканах дог дилла мегар дац, — олий, доккха са доккхура вукхо.
Эххар а цхьана станцехь цӀерпошт сецча, тхо лаххьийна вагонаш чуьра охьадехира. ЦӀерпоштана гобина, шина а агӀор герзашца салтий бара. Доьзалийн фамилеш а йохуш, нах дӀасабаха болийра. Дукхаберш, машенаш тӀе а буттуш, дӀабуьгура, вуьш говран салазаш тӀе ховшабора. Эххар тхоьга а дӀакхайкхира, тхан доьзална Ӏан билгалъяьккхинарг жима кӀотар яра, Глухой цӀе а йолуш. Ткъа тхан гергара нах луларчу ярташка а, Лениногорск гӀала а нисбеллера.
Иштта «Сибрех» кхечира тхо. ХӀара Казахстанан Малхбален область яра. Тхуна ханнех дина цӀа делира чохь Ӏан. Иза тишо дара, амма дас арахь, нанас, асий чохь куьг тоьхча, жимма битаме деара иза. Цу кӀотарахь Ӏаш берш оьрсий бара — 15-16 доьзал. Тхан дена гӀеххьачул оьрсийн мотт хаьара. Дечу хӀуманна цкъа а мало еш вацара иза. Дукха хан ялале лулахошца дика уьйраш тасаелира цуьнан. ДӀа а, схьа а доьлхуш, вовшашна оьшучуьнга а хьовсуш, цаьрца тарлуш Ӏара тхо.
Хьалхара хан чӀогӀа хала еара тхуна — юучуьнца гӀело лаьттара чохь. ЦӀера арадовлуш жимма карахь ахча хилар бахьанехь хенера довлура. Бакъду, бӀаьста картол, копаста, хох дӀабийра оха цӀенна уллохь. Дадас, вайн цӀахь -Нохчийчохь — санна, гобаьккхина хьокхийн керт а йина, дӀакъевлира оха дӀайийна меттиг, нехан бежнашка иза йоха ца яйта.
Тхан нана хӀума тоьгуш юйла хиъча, кӀотарара массо а аьлла зуда а, кхиъна йогӀу йоӀ а тхоьга йогӀура шайна цхьацца хӀума тегийта. Карахь ахча цахиларна яа хӀума лора цара нанас бинчу балхана. «Хьажал, сан чархах пайда ма бели вайна. ХӀара дӀатаса йиш ма яц сан», — бохуш, кора хьалха а хиъна, хӀайт-аьлла чорхан тӀам хьийзош Ӏара иза. Дадас, вела а къежаш, корта лестабора: «Дера, зуда, хьо массарал а тола ма туьйли. И хьан чарх ца хиллехь, вайн дан хӀума а дацара», — соьгахьа а воьрзий, бӀаьрг таӀабора цо. Иштта хенера довлура тхо.
Аьхкенан зама къаьсттина хаза хуьлура цу меттигашкахь: тхан кӀотарна гена йоцуш хьун яра, гобаьккхина лаьмнаш дара, амма вайн цӀеранаш санна лекха дацара уьш — царах-м гунаш ала а мегар дара. Тхан цӀенна гена доцуш охьадогӀуш цӀена, хьаьъна, чуьра тӀулгаш а гуш хи дара. Иза кӀорга дацара: гечо йолчухула дехьа а болий, хӀора Ӏуьйранна дехьа берда тӀе бажа боьдура. Массо а меттехь баца юкъахь хаза зезагаш хуьлура цигахь. Луларчу оьрсийн зудаберашца зезагаш даха йоьдура со. Оха царах хаза кочарш дора.
Наггахь тхоьга луларчу юьртахь Ӏаш болу сан шичой богӀура. Уьш масех километр генахь Ӏаш бара. Шайна хьуьнахахь цӀазамаш а дохуш, буьйлалой тхоьга кхочура уьш. Ваха сол ши шо воккха вара, Марха сан хенара яра, ткъа Санет ши шо жима яра. Дуьххьара уьш гича, тхо чӀогӀа цецдевллера. ХӀунда аьлча нохчий шаьш Ӏачу меттигашкара дӀасабовлуьйтуш бацара. Амма бераш хиларна кхаьрга хӀумма а ца аьллера.
Иштта аьхкенан цхьана дийнахь ВахагӀар баьхкича, тхо хьуьнах дахара — цӀазамаш хуьлий хьажа. Тхайна карийна цӀазамаш оха дӀадиира, бакъду уьш даарх тхо ца дуьзира. Хьуьнан цхьана хотехь накхарш лелош тхан кӀотарара цхьа воккха стаг вара. Цо наггахь моз лора берашна, ша волчу уьш даьхкича. Тхо дӀакхаьчча, и воккха стаг, вела а къежаш, тӀевеара:
— А-а, чеченята! Ну что вы по лесу бродите? Проголодались небось, а?
Ша куьйга йина стол а, шина агӀор хӀоттийна деха ши гӀант а дара воккхачу стеган арахь дитта кӀелахь лаьтташ. Тхо стоьла гонах охьа а ховшийна, наштаран доккхачу бошхепахь тхуна моз делира цо. ХӀоранна хьалха баьпган жима цастар а диллира. Тхо цу сохьта мазана тӀелетира. Бепиг цкъа-шозза кхаьллича дӀаделира, ткъа моз дукха ца даалора. Воккха стаг, стоьла лакхахьа агӀор а хиъна, тхоьга хьоьжуш Ӏара, цуьнан бӀаьргех хиш дара охьаоьхуш. Хебаршка яханчу бесни тӀехула охьа а бодий, кӀайчу можа юкъахь къайлаболура цуьнан бӀаьргах схьабаьлла хӀора тӀадам. Со цуьнга хьаьжжинчохь йисира — суна цкъа а ца гинера боьрша стаг воьлхуш. ТӀаьхьа бен ца хиира суна, воккха стаг хӀунда воьлху — тхох къахеташ хилла цунна, махках а даьхна, юучух, молучух кхачо ца хуьлуш, гӀийла лелаш долу дела.
— Испасиба, дедушка! — аьлла, баркалла элира оха воккхачу стагана, стоьла хьалхара тхаьш хьалагӀевттича. Иза корта а теӀош, шен бӀаьргех куьйгаш хьоькхуш Ӏара. Тхо дӀадоьлхуш, тӀаьхьа а ваьлла, генадовлллац тӀаьхьа куьг лестийра цо:
— Ребятишки, приходите еще, я вас медом и ягодами угощу!
Тхо Глухой кӀотарахь Ӏаш цхьа шо сов хан яьлча, тӀом чекхбаьлла аьлла, кхаъ кхечира. Тхан хазахетаран доза дацара. Нана ког лаьттах ца кхеташ лелара:
— Дала мукъ лахь Дагал хӀинца цӀа вогӀур ву. ТӀом дӀа ма баьлла, тӀамехь хилларш цӀа бохкуьйтур ма бу, — бохуш, ша кӀантана тегна коч, схьаоьций, дӀаяржош, леррина хьожуш, юха дӀахьарчош Ӏара иза.
— ДӀаялахь, Ӏовдал, ишттачу кучах иза вешар а вац. ТӀемалочун хорма ма хир ю цуьнан, — олура дадас, мекхех дайн куьг а хьокхуш.
Лулахойн доккха той дара и кхаъ хезачхьана дуьйна. Цара шайн чохь лоькху эшарш мичча ваьлча а хезаш яра. Массеран а дезде дара цу дийнахь.
Кестта дадина цӀерпоштнекъа тӀехь болх белира. Тхан кӀотарна гена йоццуш разъезд яра. Кира кхоьхьу цӀерпошташ наггахь совцура кхузахь, хи эца а, йоьхна хӀума тоян. Дада некъе хьожуш вара. Шена балхана билгалъяьккхинчу меттигехь рельсашка хьожуш, денна а аьчкан новкъахула гӀаш дӀасавоьдура иза. Наггахь со а юьгура цо шеца. Нана реза ца хуьлура со яхийта, амма дадас олура:
— ХӀумма а дац, чохь Ӏачул араялар гӀолехь ду, жимма дуьне а гур. Схьайола хьо, Хута, вайшиъ цӀерпоште хьажа гӀур ду.
Тхойшинна чӀогӀа хазахетара цӀерпошт тӀехйолучу хенахь, вагонаш а ягаръеш, аьчкан некъа йистехь латта. Дадин цхьана куьйга лаьцна тӀехула можа кӀади хьарчийна гӀаж хуьлура. Иза некъ маьрша бу боху маьӀна долу билгало яра. ЦӀерпошт тӀехъяьлча а, иза къайлаяллалц тӀаьхьахьоьжуш Ӏара тхойшиъ. Эххар а цуьнан кӀайн кӀур лома тӀехьа къайлаболура.
— ХӀан, иза тӀаьххьарлераниг яра, тахана кхин цӀерпош хир яц, — кисана дуьллучу шен доккхачу сахьта тӀе хьожура дада, — хӀинца вайшиъ цӀа даха а мегар ду.
Дадас цӀерпоштех лаьцна дуккха а хаза хӀуманаш дуьйцура суна. ЦӀерпоштан боккха яй бу чохь хи долуш, ткъа и хи пешарчу цӀеро кхехкадо, юха цунах пар болу, цу паро цӀерпоштан чкъургаш хьовзайо. Доккхачу дуьненан массо а маьӀӀехь лела цӀерпошташ, адамаш а, кира а дӀасалелош. Уьш яккхийчу гӀаланашка а, кегийчу ярташка а кхочу…
—  Бетал-юьрта а кхочу? — тхайн юьртан цӀе яьккхира ас, Нохчийчуьра уггаре а хазачу, уггаре а хьомечу юьртан. Дада соьга цкъа схьахьаьжира, юха дӀа а вирзина:
— Дера кхочу, сан диканиг… — элира цо халла хезаш. Жимма Ӏийна, цо тӀетуьйхира:
— Цхьа де догӀур ду, Хута, вай цӀа дига уггар маса, уггар дика цӀерпошт йогӀуш. Иза генара дуьйна йогӀуш вайна хуур ду, вайга кечло, ша шу дӀадига йогӀуш ма ю бохуш, шок еттар ю цо. Иза вайна цу шакарх евзар ю, хӀунда аьлча дуьнен чохь цул хаза, цул тайна, дагана там беш шок вайна цкъанцкъа а хезар яц. Цу цӀерпошто, цхьанхьа а ца соцуш, цхьа а некъахьовзам ца хуьлуьйтуш, махал маса вешан хьомечу махка дӀакхачор ду вай. Иштта хир ю и цӀерпошт…
Со чӀогӀа тешара дадин дешнех. Суна хаьара дерриге а, цо ма-бохху хир дуйла — тхуна тӀаьхьа дадин цӀерпошт йогӀур ю, цунна тӀехь тхо цӀа гӀур ду…
Хила а хилира иза иштта. Казахстанехь кхойтта шо даьккхинчул тӀаьхьа нохчий шайн Даймахка цӀа бирзира — шайн хӀусамашка, шайн кхерчашка. Уьш цӀа балийнарг дадин цӀерпошт яра.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля