
Конституци - вайн дахаран коьрта закон
Общество
В закладки

Адаман парг1ато, цуьнан бакъонаш лаккхара мехалла ю аьлла, кхайкхийна вайн Конституцин т1ехь.
Карарчу хенахь пачхьалкхан уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ ду адамийн парг1атонаш, бакъонаш ларъяр (Дег1аста Республикин Конституцин 20-г1а статья). Цигахь билгалдоккхуш ду оцу декъехь оьшшу хьелаш кхолла дезаш хилар.
Шайн бакъонех лаьцна долчу законех дерг ледара хаьа адамашна.
Оцу декъехь а билггала болу болх бу республикехь д1ахьош. Доцца аьлча, адамийн бакъонийн г1аролехь лаьтта Дег1аста Республикин Конституци.
Делахь а, кхечанхьа санна, вайн республикехь а к1еззиг ца нисло адамийн бакъонаш талхор, коьртачу декъана, социально-экономически дакъошкахь нислуш йолу. Амма, ала деза, кху т1аьхьарчу хенахь ларт1е дог1уш ду оцу аг1орхьа долу хьал.
Къаьсттина иза хаало адамийн могашалла 1алашъяран, доьзалан политикин, боберийн,заь1апхойн г1айг1абаран долчу г1уллакххаш т1ехь.
Кхузахь билгалдаккха деза кхин цхьаъ. Дуккха а къаьмнаш ду республикехь цхьабарт болчу доьзалехь дехаш. Царна, массарна а аьлча санна, кхоьллина ду оьшуш долу хьелаш: болх бан а, деша а, могашалла 1алашъян а и д1.кх.Д1атесна йитина яц иштта политически а, культурни а, спортивни а аг1онаш а. Шайн истори, мотт, г1иллакхаш, ламасташ 1амо а, уьш д1а ца таса а х1ора къомана кхоьллина ду тайп-тайпана хьелаш.
Тахана республикехь 14 маттахь арадолуш ду газеташ, радиохь, телевиденехь – передачаш. Оцу мог1арехь, Даламукълахь, ду вай, нохчий… Массо х1ума д1анисделла дацахь а… Шен цхьа зама а, тахана 1едалехь лаьттачеран лаам (хьекъал) а оьшуш х1ума ду иза. Цуьнан а цхьа де хир ду. Бакъо толаза ер яц. Цуьнах тешна ду вай. Иза Конституцин лехам бу, цуьнан коьрта 1алашо а ю.
Конституцин Денца, хьоме махкахой!
Комментарии (0)

Дуьненанюкъара бераш лардаран де – уггар а ширчу дезчудийнех ду. Иза дерриге а дуьненахь билгалдоккхуш ду 1950-чу шарахь дуьйна. Бераш лардаран де – иза уггар хьалха,

Дукха хан йоцуш зорбанера араяьллачу «Литературно-географический атлас Чеченской республики» цІе йолчу книгин презентаци дІаяьхьира январь беттан 10-чу дийнахь