Хетарг…аьлча а, ч1ог1а догтешнарг


Мел халахеташ делахь а, сих-сиха хеза-кх вайна: нохчий д1абовлуш бу, нохчийн г1иллакхаш довш ду, нохчийн мотт д1аболуш бу, нохчий хьалхалера бац, нохчий къинхетаме бац…иштта цхьамог1а кхин а балхамаш.
Кху деношкахь йуха а цу кепара цхьа «орцане мохь» хезча, дикка ойлане йели со: ванах, суна теша а ца лууш, баккъал а иштта ду-те вайн хьал йа со т1е ца кхуьуш цхьа кхин х1ума ду-те кхузахь?Т1аккха «диканаш» а, «вонаш» а лоьхуш, сайна мел девза адамаш литта йолаели со…сайн чуьра д1айолайелла, дуьненан йисте кхаччалц, х1ора дийнахь сайна гуш долчу адамаш т1ера, дахарехь цкъа бен сайна ца гиначу адамаш т1екхаччалц а, цкъа а гина доцуш, дуьйцуш хезначу адамийн биста кхаччалц а…Дика адамаш дукха карий суна…1аламат дукха. Царна йукъахь вуно к1еззиг а карий оьзда боцу, г1иллакх доцу, нохчийн амалехь боцу нах…п1елгаш т1ехь багарбал а ца карий. 
Цундела кхин йуха кхин цкъа а дог тийши сан: вайн г1иллакхаш цхьанхьа а ца дахана. Хаза нехан санна къинхетаме а, догдика а, орцанна кийча а къам ду-кх вайн!
P.S. дийцинарг т1еч1аг1деш, жима масал…
Стомара буса сихаллехь больнице дахар нисделлера тхан. Шина сахьтехь гергга цигахь 1аш, соьца д1абаьхкина арахь бисинарш х1ун деш бу-те аьлла, дага а ца деанера суна, кхано арайаьлча, нехан машенахь хевшина карий. Муьлш бу а, мичара бу а ца хуучу наха, арахь д1ах1иттина шел ца балийта, шайн машен а латийна, цу чохь 1айтинера уьш. Арайолуш лаьтташехь, такси а кхайкхина, и схьайаллац йолу хан а со арахь ца йуьтуш, и такси а йухайаккха, шаьш д1адуьгур ду шу аьлла т1екаребевлла хьаьвзира и нах. Шайн цомгашниг ларвеш болу уьш кхин ца хьийзош, сихха цигара йадар дара суна дисинарг…)

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля