Тешам а, тешар а, къинхетам а… » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Тешам а, тешар а, къинхетам а…
07.12.2021 119 0 niyso

Тешам а, тешар а, къинхетам а…

Общество
В закладки
ХаттIабан воI Iумар (Дела реза хуьлда цунна) халиф волчу хенахь хилла боху хIара.
Кхаа стага лаьцна, текхош Iумарна тIевалийна цхьа стаг.
– ХIай, бусалбанийн паччахь, хIокху стагана ахь таIзар дойла лаьа тхуна.
Тхан да вийна кхуо.
Бехкевечуьнга хаьттина Iумара:
– ХIунда дина ахь и зулам?
Цо жоп делла:
– Эмкалш а, гезарий а яжош ву со. Цхьана эмкало кхеран ден лаьтта тIера колл йиира. ОьгIазваханчу кхеран дас, ластийна тIулг кхетта и эмкал елира. И гинчу ас, оьгIазло дукха совъяьлла, цо схьаластийна тIулг, юха цунна дIатуьйхира… тIаккха и велира.
Цуьнга ла а доьгIна, Iумара аьлла:
– ГIуллакх иштта хилча, цунна дуьхьал хьо вен вогIу.
Нийсо лелош хиларал сов, Iумар дог кIеда вуй а, халкъан дехарна цо жоп лой а хууш волчу Iуьно, тIаьххьара дехар дина цуьнга:
– ХIай паччахь, кхо де хан лохьа суна. Да кхелхина сан, шен бахам сунаа, сан жимахволчу вешина а буьтуш. Нагахь аша со хIинца вехь, ваша а, бахам а хIаллакьхуьлу-кх. И гIуллакх дIадерзон хан аша суна елча, кхин дехар дацар-кха сан…
– Хьо юхавогIур ву аьлла, хьоьх жоп дала мила ву? Хьо кхузара ма вац, хьо вевзаш кхузахь цхьа а ма вац, – аьлла Iумара.
Цхьана орцане дог дохуш, дIасахьоьжуш хилла вен кхиэл кхайкхинарг, гулбеллачу нахана юкъахь вевзарг лоьхуш. Эххар а, цхьанна тIехь хьажар а сацийна, мохь баьлла цуьнга:
– Кхуо лур ду сох жоп!
Цигахь лаьтта адамаш тап-аьлла, дIатийна. Билгалваьккхинарг Абу Зарр хилла, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб, массарна а дукха везаш волу Абу Зарр…
– Ахь жоп лой хIокху стагах? – хаьттина Iумара.
Абу Зарра корта таIийна. Цуьнга и тIе ца лацийта гIоьртина нах, зуламхо схьа ца вогIуш, къайлаваьлча, цунна догIу таIзар, жоьпан да хIоьттиначунна дан дезаш дара. Амма шен сацам тIера юха ца ваккхавелла цаьрга Абу Зарр, ша деллачу даша тIехь сецца и Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб.
Вен кхиэл йинарг, цо ехначу ханна дIахецна. И дукха сиха новкъа а волуш, нах дIасабоьхна, ваханарг юхавогIур ву бохучух теша хала хиларна, Абу Зарран кхолламна сингаттаме а болуш.
Ерриге а Мединат ладоьгIначохь Iаш цхьа де а, ши де а дIадаьлла, кхолгIа де чаккхене доьдуш хилла. Халкъ юха а майдана гулделла, амма ваханарг вогIуш гуш а ца хилла. Малх чубуза лахбелла, анайистехь къайлаболучу хенахь маьхьарий хезна:
– Схьавеана и! Схьавеана и! – бохуш.
Уьдуш варна хьуьхь а воьлла, бехачу некъо хIоттийна, веана Iумарна хьалха охьавоьжна Iу.
Халла хезаш аьлла цо:
– Сайн дош ас кхочушди, ваша а, цуьнан бахам а ненан вежаршка дIабели ас. ХIинца со кийча ву таIзар тIеэца.
Цецваьлла хьаьжна Iумар цу гIийлачу Iуьне, цуьнан майраллех бIаьрг буьзна:
– ХIай, Делан лай, хIун ду хьо юха схьавалийнарг? Къайлавала аьтто ма бара хьан…
– Адамашкахь тешам ца бисина аларх кхийрира со, – жоп делла цо.
ТIаккха Абу Зарре хаьттина Iумара:
– ХIун дара те дуьххьара бIаьрга гучу я кхин юха гур вуй а ца хуучу стагах хьо тешийтинарг?
– Адамашкахь тешар ца дисина аларх кхийрира со, – жоп делла Абу Зарра.
Цу дешнаша дегнаш кIаддина да вийначу берийн, церан дегнаш чуьра бекхаман цIе дIаяйна.
– ХIай, бусалбанийн паччахь, оха гечдо кху стагана, – аьлла цара.
– ХIунда? – цецваьлла Iумар.
– Адамашкахь гечдар ца дисина аларх кхоьру тхо…

ПЕТИРОВА ПЕТИМАТ
Автор:
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР
ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР
ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР
23.06.21 Общество
Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а
Кегийчаьргахь яхь муха кхио еза
Вайна дика дагадогIу нохчийн халкъан барта кхоллараллин иллеш тIера иштта дешнаш: «Нанас дена ма войла яхь йоцу ва кIанат, и вича ма ваха хIара латта ва хьеша». Цу
Ден жоьпалла
Ден жоьпалла
Ден жоьпалла
02.09.20 Общество
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух хIора Iу ву, шега шен Iуналлех хоттур долуш волу». Шен доьзалан Iу хиларе терра, хIора да декхарийлахь ву
Пайхамарна Салават диллар
Цхьана жуьгтичо, ша генарчу махка ваха араволуш ву аьлла, шен луларчу бусалба стаге лардан деза мухIар делла хилла. Лулахочо, схьа эцна, жуьгтичунна хьалхха, цу шинна
Доьзалехь барт зударий бахьанехь буху
Цхьаьна, цхьа бахам а болуш, цхьа керт а йолуш, бехаш-1аш хилла зударий а балийна вежарий. Дех дисина долу дакъа а, берриге бахам а кхааннан юкъара а болуш, хаза вовшийн















«    Август 2022    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать