Аьхкенан Iодикаяр » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Аьхкенан Iодикаяр
15.05.2019 42 0 niyso

Аьхкенан Iодикаяр

Общество
В закладки
Масех дийнахь, ца соцуш, шийла догIа деара. Бешахь гуьйренан дерачу механ гIовгIа яра хезаш. Делкъал тIаьхьа диъ сахьт даьлча, оха мехкадаьттан лампанаш латийра, аьхке гуттаренна а дIа а яьлла, латта, ген-гена а долуш, дуькъачу дахкарна а, синтем боцчу боданна а, шелонна а юккъе дIадоьду аьлла, хеталора. Ноябрь беттан чаккхе яра – юьртахь уггаре а сингаттаме хан. Ширачу кресло тIехь, хьарча а хьаьрчина, дийнахь сарралц дижина Iуьллура тхан цициг, Iаьржа хи корах кхетча, набарха долий,сама а эккхаш.
Некъаш доьхнера. Хи тIехула яхьаш можачу басахь чопа яра. Олхазарш шайна ловчкъа меттиг йолчохь къайладевллера. Тхо долчу цхьа а ца вогIура: я воккха стаг Митрий а, я Малявин Ваня а, я хьуьнан хехо а.
Уггаре а дика хан суьйранна яра. Оха пеш латайора. ЦIеро гIовгIа йора, цуьнан цIен серлонаш ханнийн пенаш тIехь а, художникан Брюлловн суьртана  – ширачу гравюрина - тIехь а дегадора. Кресло чохь дIа а таьIна, тхоьга хьоьжура иза, оха санна, йоьшуш йолу книга дIа а теттина, ешначух ойла а еш, дечиган тхевна тIе детталучу догIане ла а доьгIуш.
Лампанаш сирла йогура, шен тайна мукъам бора цIестан самаваро-заьIапхочо. Иза чу ма-еъана, хIусамехь аьхна хуьлура  – коран ангалешна тIе Iаь а лаьцна, дийнахь а, буса а царна тIедетталуш долу диттан цхьалха га къайладаларна хила а мегара иза.
Чай а молий, пеша хьалха книгаш еша охьаховшура тхо. Ишттачу суьйренашкахь къаьсттина хазахетара Диккенс Чарльзан еха а, дегалазаме а романаш йоьшуш я «Нива» а, «Живописное обозрение» а цIераш йолчу ширачу журналийн агIонаш луьстуш.
Буьйсанна жима къорза жIаьла Фунтик кест-кеста гIенах доьлхура. Хьала а гIаьттина, цунна тIе йовха тIергIа хIума таса езаш хуьлура. Хьан куьйгах баркаллица мотт а хьокхий, доккха  са а доккхий, дIатоьра иза. Арахь болчу боданехь догIанан тулгIенаш идар а, мох цIийнах летар а хаалора. ХIокху йоьхначу буса чекх са гуш йоцчу хьуьнахахь цхьаъ висина хиларх ойла йича, дегIе хорша йогIура.
Цкъа буьйсанна со самавелира, цхьа тамашийна синхаам а болуш. Суна со гІенах къарвелла моьттира. Со, ши бІаьрг схьа а ца боьллуш, вехха ладоьгІуш Іуьллура. Эххар а со кхийтира сайн лерсана хІумма а ца хиллийла, дуьххьалдІа арахь йоккха тийналла дІахІоьттинера. Цунах «елла» тийналла олу. ДогІа деллера, мох беллера, гІовгІане а, тем боцу а беш еллера. Деккъа гІенах цициго деш долу хар-хир бен хезаш хІумма а дацара.
Ас бІаьргаш схьабиллира. Чохь цхьа аьхна яьржина серло яра. Хьала а гІаьттина, кора тІе вахара со – арахь диллина ло дара, цхьана а тайпана гІара а яцара. Дахкаречу стигалахь инзаре лакхахь цхьалха бутт бара кхетта, цунна гонах сегаш можа серло яра.
Маца деана те дуьххьарлера ло? Пена тІехь кхозучу сахьтана тІевахара со. Чохь тІех сирла хиларна, сахьтан цхьамзанаш къаьсташ дара. Цара ши сахьт даьлла хан гойтура.
Суна буьйса юккъеяхача наб кхеттера. ТІаккха, шина сахьтехь оццул хийцаделла дІахІоьттина Іалам, доцачу шина сахьтехь аренаш а, хьаннаш а, бошмаш а гІурано дІалаьцнера.
Корахула арахьаьжча, бешахь долчу къохкан гаьнна тІе хууш доккха мокха олхазар гира суна. Га лестича, цу тІера ло охьадуьйжира. Олхазар, меллаша хьалаайаделла, дІадахара, ткъа ло кхин а охьаоьгуш дара, Керлачу шарана кечйинчу базана тІера оьгу аьнгалин догІа санна. Юха дерриге а дІатийра.
Рувим самавелира. Вехха корах арахьоьжуш а Іийна, доккха са а даьккхина, цо элира: 
 – Ма хаздо  латта  дуьххьарлерчу лайно.
Эхьечу нускалах тарделла, кечделла дара латта.
Ткъа Іуьйранна гонах дерг дерриге а къарш деш дара: гІорийна некъаш, учена хьалха эгна гІаш, лайна кІелхьара хьалакъеда ниттийн Іаьржа гІаддаш.
Оха чай молучу хенахь, халла веана, чоьхьавелира воккха стаг Митрий. Ло диллина, некъ баларца тхо декъал а дина, цо элира:
 – Дато ной чуьра лайн хица цІандели-кх латта.
– Иза мичара даьлла хьуна, Митрий, иштта дешнаш? – хаьттира Рувима.
– ХІун? Нийса дац иза ткъа? – вела аьшна дира воккхачу стага. – Кхелхинчу сан нанас дуьйцура, хьалхалерчу заманашкахь мехкарша дато кхаби чуьрчу хьалхарчу лайн хица шайн яххьаш юьлура, цундела церан хаза бос бан ца бовра, бохуш. Ткъа иза, диканиг, Петр-паччахьан заманал а хьалха хилла ду, кхузарчу хьаннашкахь талорхоша совдегарш чІанабохучу хенахь.
Іаьнан хьалхарчу дийнахь чохь саца хала дара. Хьаннашкахь долчу Іаьмнаш тІе дахара тхо. Воккхачу стага хьуьнан йисте кхаччалц новкъа дехира тхо. Цунна а лаьара Іаьмнаш долчу ван, амма «даьІашкахь долчу лазарша ца воуьйтура иза». Лайно серлаяьхначу хьаннашкахь хаза, аьхна тийналла лаьттара.
Де набарна тевсича санна дара. Кхоьлинчу лекхачу стиглара наггахь цхьалха лайн чимаш оьгура. Оха царна тІе Іаь тоьхча, чимех цІеначу хин тІадамаш хуьлура. Юха уьш, макх а лой, гІора а дой, лаьтта охьакерчара, буьртигаш санна.
МаьркІажан хан хиллалц хьаннашкахула кхерсташ лийлира тхо, евзаш йолчу меттигашка а кхочуш. Лайно кхелинчу, датта олучу дитташ тІехь, дуса а делла, Іачу цIаьлгIарз-олхазарийн жатташ яра.
ГІурано чахчийначу цІечу даттан масех кан баьккхира оха – иза аьхкенах а, гуьйренах а долу тІаьххьара иэс дара.
Ларин айма олучу жимачу Іома чохь дуккха а Iеха бу. ХІинца Іома чуьра хи Іаьржа а, хьаьъна а дара – берриге а Iеха буха охьабахна. 
Бердашкахь шан аса ю, ангалин йолуш санна.  Дукха сирла хиларна ша юххехь а гуш бац. Берда йисте еана кегийчу чІерийн жІуга а гина, ас царна тІе жима тІулг кхоьссира. ТІулг ша тІе а боьжна, зевне дІакерчира, чІерий, шайн пелагаш а къагош, хин кІоргене хьаьвдира. Ша тІехь лар йисира тІулг кхеттачохь. Цундела хиира тхуна берда йистехь а ша бина хилар. Куьйгашца шан дакъош кегдора оха. Цара карахь ткъарш дора, пІелгаш тІехь лайн а, хьуьнан ораматийн а ийна хьожа а юьтуш.
Цхьаццанхьа хотешкахь гІийлачу аьзнашца декаш а, тIома долуш а олхазарш гора. Коьрта тІехула йолу стигал чІогІа сирла а, кІайн а яра, ткъа анайистехь иза юкълора, шен басаца дошах а тарлуш. Цигара меллаша схьашершара ло дахьаш йогІу мархаш.
Хьаннашкахь тІеттІа бода булуш лаьттара, гонах тийна дара, эххар а дуькъа ло деара. Іоман Іаьржачу хи чохь дешара иза, цо юьхьах гилгаш дохура, мокха кІур санна, хьуьна чохь охьаоьгура иза. 
Лаьтта тІехь дола дан хІоьттира Іа, амма тхуна хаьара, нагахь кІеда, месала ло куьйгашца дІасахьакхахь, цунна кІелахь хьуьнан аьхна зезагаш карор дуйла, хаьара, пешахь цІеро гуттар а самукъане гІовгІа йийр юйла, вайца Іа доккхуш цIаьлгIарзаш дисинийла, цундела Іа, аьхке санна, исбаьхьа хетара тхуна.

Автор: К.Паустовский. Гочдинарг - АРСАНУКАЕВ Муса
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Гонаха тийна ду
Гонаха тийна ду
Гонаха тийна ду
17.04.19 Общество
Петаран догIанаш дайар, хIара ду аьлла, доккха халахетар а дац, нагахь доьзалехь, я балхахь стоьлан гIутакха чохь, я, масала, лулахошкахь охьадехкина уьш кхин а делахь.
Зорбанера араяьлла шатайпа книга
Дукха хан йоцуш зорбанера араяьллачу «Литературно-географический атлас Чеченской республики» цІе йолчу книгин презентаци дІаяьхьира январь беттан 10-чу дийнахь
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
09.01.19 Образование
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а,
Европа
Европа
Европа
28.11.18 Общество
Декъаза маре дара Зулайс динарг. Ялхитта шо бен дацара цуьнан, костом-хечий, кIайн коч юьйхина, цIен галстук оьллина, йоккхачу предприятин директор ву аьлла, хIара Iеха
ГIалара нус
ГIалара нус
ГIалара нус
28.11.18 Общество
Санет нускал дара. Иза ялийна ши бутт хан бен яцара. ГIалахь йина а, кхиъна а, амма керла дахар, шен лаамца, юьртахь кхоьллина яра. ГIуллакхах, уьйтIахь-кертахь дечух











«    Июль 2019    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать