Керла лехамаш, некъаш » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Керла лехамаш, некъаш
30.04.2019 81 0 niyso

Керла лехамаш, некъаш

Общество
В закладки
Соьлжа-ГІаларчу «Локал» отелехь дІаяьхьира  бизнес а, цуьнца доьзна гІуллакхаш а исламан новкъахь дІадахьарх лаьцна йолу Іилманан-практически конференци: «Ислам-динан лехамаша  белхан юкъаметтигашкахь  а, НР-н инвестицийн политикехь а, социально-экономически кхиарехь а лело маь1на».    Иза кечйинера «Нохчийн республика кхиоран корпораци» цІе йолчу акционерийн юкъаралло а, Кадыров Ахьамад-Хьажин цІарахчу «Некъ» телерадиокомпанис а, Шайх Зайедан цІарахчу предринимательшна гІодаран а, инвестицийн а фондо а. Конференцин дакъалацархошка маршалла а хоттуш, цхьаьнакхетаран 1алашонаш а йовзуьйтуш, вистхилира  Нохчийн республикин Куьйгалхочун хьехамча, «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам. Цо  билгалдаьккхира таханлерчу дуьненан хьолехь Ислам-дин боккха тІеІаткъам беш хилар политика а, экономика а, дуьненаюкъара юкъаметтигаш а дІакхехьарехь а, яккхийчу пачхьалкхийн геополитикин лехамаш кхоллабаларехь а. Иштта Адама элира, Ислам-дин  дуьненан нуьцкъала экономика а, ерриге а пачхьалкхаш церан кхиарехь баккхий кхиамаш а, нахана паргІат а, ирсе а дахар хила лууш ду. Цу аг1ор беш белхаш бу, бусалба дин лелочу пачхьалкхашкахь къаьсттина жигара а беш.
Исламо муха магадо йохк-эцарца а, наха шех пайда оьцу х1ума кхолларца а доьзна долу г1уллакхаш лелор  – цунах лаьцна дийцира шен къамелехь Нохчийн республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас. Дерриге а шари1атца нийса а дог1уш, лело деза, аьлла ч1аг1дира муфтис.
Нохчийн Парламентан председателан заместитела Джамалдаев Шах1ида лаккхара мах хадийра исламан конференцин, цо предпринимательшна а, пачхьалкхан а, долахь йолчу а компанешна а пайда бахьарг хилар билгалдаьккхира.
НР-н  къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а, къамелаш динчу  кхечара а кху тайпа конференцеш а, цхьаьнакхетарш а пайден хилар дакъалацархойн тидаме диллира. Бизнес лелор бусалба динаца дог1уш хила деза, иза вайн декхар ду, боху ойла яра бистхиллачеран къамелашкахь коьрта долчу декъана билгалйолуш ерг.
 Конференцехь дакъалоцуш вара Хонкар-махкара веана бизнесмен Мехмет Фазиль. Цо ша бечу балхахь лаьцна дийцира, ткъа иштта шен фирмано еш йолу цергаш ц1анъеш йолу щетка а гайтира видеороликехула. Ша арахоьцу продукци уггар хьалха бусалба  нахана лерина хилар билгалдаьккхира бизнесмено.
Конференце баьхкина заь1ап нах а бара – г1удалкхаш т1ехь масех стаг. Царна хьалхаваьллачу Сулейманов Ибрах1има шайн болх а, цуьнан хьал а довзийтира гулбеллачарна. Дечиган аннаш т1ехь хедош яздина 1арбийн маттахь долу йозанаш гина хир ду шуна чудог1уш, элира цо, иза шаьш бинчу белхан цхьа к1еззиг долу дакъа ду.Болх бан лууш а, хууш а ду шаьш, элира Ибрах1има, амма шайна г1о-накъосталла оьшура, оцу т1ехь 1едалан белхахоша а, бизнесменаша дан ницкъ кхочург дича.
Зал чуьра хаттарш а хилира конференцин коьртехь болчаьрга. Царах дукхахдерш бизнесехь бусалба дино магош а, дихкина а долчух лаьцна дара.  
Конференцин жам1ашца резолюци т1е а эцна, болх д1аберзийра дакъалацархоша.

Автор: АРСАНУКАЕВ Муса
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Исламан дуьненаюкъара конференци
ДІадаханчу пІерасканан дийнахь Соьлжа-ГІалахь шен болх чекхбаьккхира Исламан дуьненаюкъарчу конференцино. «Ислам – къинхетаман а, машаран а геланча» цІе йолу
Соьлжа-ГІалех лаьцна керла книга
Дика ламаст хилла схьадогІуш ду Абузар Айдамировн цІарахчу Республикин къоман библиотекехь яздархойн, поэтийн, культурин гІуллакххойн кхоллараллин суьйренаш а, юбилейш
«Нохчийн туьйранаш» книгин презентаци
21-чу февралехь, Соьлжа-ГIалахь, Республикин берийн библиотекехь дIаяьхьира евзаш йолчу журналистан, гочдархочун Чагаева Тамарин «Нохчийн туьйранаш» цIе йолчу книгин
Соьлжа-гІалахь нохчийн яздархойн съезд дІаяьхьира
Нохчийн Республикин Яздархойн Союзан 17-гІа съезд дІаяьхьира кху шеран 15-чу январехь Соьлжа-ГІалахь.Цуьнан балхахь дакъалецира НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а
Поэт халкъан иэсехь вехаш ву
Нохчийн поэт Мамакаев Iарби дуьнен чу ваьлла 100 кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира кху шеран 18-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн драматически театрехь.











«    Июль 2019    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
293031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать