Гонаха тийна ду

Петаран  догIанаш дайар, хIара ду аьлла, доккха халахетар а дац, нагахь доьзалехь, я балхахь стоьлан гIутакха чохь, я, масала, лулахошкахь охьадехкина уьш кхин а делахь. Амма, ма-дарра аьлча, уьш кхуьнгахь долу тIаьххьара догIанаш дара, хьалха лелийнарш кхуо шозза дайинера. ХIорш а дойъур дуйла хууш, керланаш дойтур ду бохуш, Iийнера хIара  – хIан, хIинца дIалаца, тIаьххьарнаш а дайи. Бакъдерг дийцича, уьш-м кхунна бен цхьанна а оьшуш а, дера, дацара, хIунда аьлча хIара бен цу петара чувоьдуш стаг а вацара. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля