Хамидов Iабдул-Хьамид дагалацаран суьйре

Карарчу  эсаран беттан 15-чу дийнахь нохчийн сийлахьчу яздархочун а, драматурган а, режиссеран а Хамидов Iабдул-Хьамидан 101 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира  Хьалха-Мартанан районан Йоккхачу АтагIахь. Кху юьртахь вина а, кхиъна а вара иза. АтагIа чIогIа езаш, ша мукъаваьллачу хенахь юьрта вогIуш вара Iабдул-Хьамид. Ден цIенца, юьртахошца доьзна дуккха а хIума дара цуьнан.
Iабдул-Хьамидах лаьцна суьйре дIайолош, вайн республикехь вевзаш волчу Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочо Имаев Тапас элира:
–Iабдул-Хьамид Хамидов вайн халкъан дозалла ду.  Иза ша дуьненчохь даьккхинчу 49 шарахь дуккха а болх бан кхиъна, вайн нохчийн культура кхиош, керлачу тIегIане иза хьалаойъуш, жигара дакъалоцуш. Нохчийн халкъ цIера а даьккхина, Юккъерчу Азехь долчу хенахь къаьсттина чIогIа къахьийгира Iабдул-Хьамида вайн культура денъярехь, иза когаирахIотторехь. Цо вовшахтуьйхира Нохч-ГIалгIайн хелхаран а, эшарийн ансамбль, цунах тIаьхьа дерриге а дуьненахь евзаш йолу «Вайнах» ансамбль хилира. Алма-Атахь арахеца долийначу нохчийн меттахь долчу газетехь жигара болх беш вара Iабдул-Хьамид. Нохчийчу цIавирзинчул тIаьхьа цо дуккха а пьесаш а, забаре дийцарш а яздина, Нохчийн къоман театрехь коьртачу режиссеран болх а бина, нохчийн культура кхиорехь массарал а алсам ала мегар долуш дакъа а лаьцна. Кхин цо язйина хIумма а ца хилча а, цхьа «Бож-Iела» пьеса тоьар яра авторан цIе иттаннаш шерашкахь халкъан иэсехь йиса. Иза говза вара, олуш ма-хиллара, «похIма долу стаг массо а хIуманна тIехь говза хуьлу». Ишттачех вара Iабдул-Хьамид. Поэт а, музыкант а вара иза. Цуьнан дешнаш тIехь даьхна, цо кхоьллинчу мукъамашкахь дIаолуш дуккха а иллеш ду тахана. Цо куьйгалла деш хилла Нохчийн пачхьалкхан къоман театр Россин Федерацехь тоьллачарах цхьаъ яра. Хьуьнар долуш , доккха похIма долуш а стаг вара Хамидов Iабдул-Хьамид. 
Тапас сцени тIе кхойкху иллиалархо Домбаев Саламу. Цо дIаолу гIараваьллачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан байта тIехь даьккхина «Дарта» цIе йолу илли. 
И илли Хамидов Iабдул-Хьамид а, Гадаев Мохьмад- Салахь а дагалоцуш, церан доттагIаллин сий деш, алийтира вай вешан суьйренехь, элира Тапас. Цо дуьйцу, цкъа цхьана яздархочун юбилей йолуш, Iабдул-Хьамида иштта дешнаш далийра бохуш: «Къонахчун дахар цуьнан шерашкахула дагардан дезаш дац – цо кхочушдинчу гIуллакхашца дагардан деза». 
Ша Культпросвет училищехь доьшуш волчу хенахь шайна хьоьхуш вара Iабдул-Хьамид, дуьйцу Тапас. Цо шайна Мамакаев Iарбех а, Гадаев Мохьмад-Салахьах а, нохчийн кхечу поэтех а, яздархойх а лаьцна дуьйцура. Уьш, берриш а аьлла, Iабдул-Хьамидна бевзаш а, цуьнца гергарло долуш а хилла бу. Царна Iаламат яккхий халонаш а гина, советан Iедалан харцо а лайна цара. Ткъа церан доттагIалла уьш дуьненахь мел беха лаьттина ду.
Тапас хьовсархошка дIакхайкхадо: «Ткъа хIинца Нохчийн къоман театран артисташа шуна гойтур ду «Бож-Iела» цIе йолчу спектаклан цхьа дакъа. Ролашкахь бу Нохчийн Республикин халкъан артист Азаев Хьамид, Нохчийн Республикин халкъан артистка Зулай Багалова, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран».Зала чуьра дукхаболчу хьовсархошна мосуьйттаза гина ю «Бож-Iела» спектакль, амма хIоразза цуьнга хьовса лаьа царна. Цкъа-делахь, ширлур йоцу пьеса сцени тIехь ловзош хилар а, шолгIа-делахь, искусствон боккха ницкъ а, цо беш тIеIаткъам хилар а  хир ду иза. Вайна хаьа, и спектакль мел дукха еза нахана, цуьнан хаза а, хьекъале а дешнаш дукха хенахь дуьйна халкъан матта юкъадахана, фольклор а хилла, лаьтта. Шатайпа цIена халкъан мотт болуш, хаза васташ долуш, массо а сурт дахарера схьаэцна долу дела еза хир ю и спектакль вайн хьовсархошна. 
Сцени тIехь Бож-Iелий, цуьнан зуда Зулаййий ду:
Бож-Iела: …со цIа муха веара дийцахьа суна?
Зулай: Хьо цIа ван а ма ца веара.
Бож-Iела: И хIун къамел ду? Со цIа веана а ца хилча, со цIа муха кхаьчна?
Зулай: Хьо цIа валийна дела.
Бож-Iела: Хьан валийра со?
Зулай: Валийра аьлча а, дакъа санна, хьо чу а велла, дIабахара-кх нах.
Гуш ду, мел самукъадаларца хьовсу зала чохь берш спектакле.  Шеко яц, и спектакль хьовсархошна уггаре а езачарах хиларан. Цуьнга хьажаза Нохчийчохь жима а, воккха а стаг висина а хир вац.  
Шаьш пьесин дакъа гайтина девлча, Азаев Хьамида а, Багалова Зулайс а, Хамидов Iабдул-Хьамидах хаза дешнаш элира. Цушимма лаккхара мах хадийра драматурган, яздархочун кхоллараллин, цо нохчийн культурехь йоккха лар йитина, иза а, цуьнан кхолларалла а вайн иэсехь даима юьсур ю,  элира артисташа. 
Суьйре дIахьош волчу Имаев Тапас кхидIа а къамел до Хамидовх лаьцна. Цо 1956-чу шарахь нохчийн маттахь Алма-Атахь зорбанера арадала доладеллачу «Къинхьегаман байракх» цIе йолчу газетехь а, Казахстан республикин радиохь а болх барх лаьцна дуьйцу Тапас.
Цул тIаьхьа цо дош ло Нохчийн Республикин Яздархойн Союзан коьртачу редакторна Ирисханов Iимранна. Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллех лаьцна дуьйцу Iимрана. Яздархочун муьлхха а говзар вай схьаэцча, гуш ду цуьнан халкъан маттаца, гIиллакх-оьздангаллица йолу уьйр-марзо. Мел дика хууш хилла Iабдул-Хьамидана шен халкъан мотт, мел дика евзаш хилла цуьнан культура. Шен говзалла, шен доккха похIма халкъана дIаделла яздархочо. 
Яздахойн Союзо арахецна Хамидов Iабдул-Хьамидан а, Ошаев Халидан а керла книгаш гойту Iимрана, шаьш царна тIехь бинчу балхах лаьцна дуьйцу. Шен аьтто баьллачуьра, зала чохь йолчу Хамидов Iабдул-Хьамидан йоIана Ларидина баркалла олу Iимрана цо шен ден книга арахоьцуш жигара гIо дарна.
Цул тIаьхьа Тапас сцени тIе кхойкху Хамидов Iабдул-Хьамидан йоI Ларида.
Шен дена чIогIа дукхаезара ша схьаваьлла АтагIа, элира, шен къамел долош, Ларидас.  Кхуза кхача сатесна вара иза даим. АтагIахь дара цуьнан синан орамаш. Шен  юьртахой уггаре а хьалхара хьовсархой а, критикаш а лорура цо, царна хьалха ша къаьсттина чIогIа декхарийлахь хетара.
–Суна дика дагадогIу цуьнан дахаран тIаьххьара де,  – дуьйцу Ларидас. – Цу дийнахь иза белхан гIуллакхна Шуьйта ваха везаш вара. Амма Iуьйранна дуьйна догIуш догIа дара. ДогIанехула лома ваха хало дара хIетахь, некъаш ледара хиларна. Иза догIа тере хьоьжуш Iийра. Эххар а АтагIа ваха сацам бира цо, Шуьйта вахар тIаьхьа а теттина. АтагIахь шен да волчохь а, гергара нах болчохь а Iийна, юхавирзира иза. Цу дийнахь гIала схьавогIучу хенахь, некъан хьовзам а хилла, кхалхар хилира цуьнан. Суна цкъа а дицлур дац и ирча де. 
Шена хаьа, шен да нахана везийла, иза вайн республикехь, массарна а аьлла, вевзаш ву, цуьнан пьесаш хьовсархоша дика тIеоьцу. Школашкахь цуьнан произведенеш Iамайо. Ша йоккхае иза иштта долуш, элира Ларидас.
Хьалха-Мартанан Культурин цIийнан артисташа а дакъалецира Хамидов Iабдул-Хьамидана леринчу суьйренехь. Яздархочун байташ тIехь даьхна хаза эшарш лекхира кхуза баьхкинчу мехкарша.
Суьйре ерзош, кху цхьаьнакхетаре баьхкинчарна даггара баркалла элира Имаев Тапас а, ткъа иштта Йоккхачу АтагIара бахархоша а.

Суьрта тIехь: Хамидов Iабдул-Хьамид
 дагалацаран суьйренехь

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля