КЪАЬМНАШ БЕРТАХЬ ХИЛИЙТА…

Муьлххачу а къоман б1ешерийн йохаллехь схьадог1уш ду шен 1адаташ, ламасташ. Нохчийн а, иштта вайна луларчу къаьмнийн а дуккха ду бусулба динца цхьанадог1уш г1иллакхаш. Вайн республикехь муьлхха а юьрта д1авахча, меттигера бахархой муьлхачу къомах бу хаьа, цуьнца цхьаьна церан 1ер-дахар а, лелар а, хьаша т1елацар а. К1еззига долчунна бен хийцамаш а боцуш, дукха хьолахь, массеран а цхьанадог1уш хуьлу уьш. 
Хууш ма-хиллара, Хасавюртан к1оштахь а ду дехаш дуккха къаьмнаш. Церан вовшашца йолу йукъаметтиг лелорах лаьцна довза дагахь, сан къамел хилира Хасавюртовски кlоштан администрацин Культуран а, къоман политикан а, туризман а Управленин коьрта говзанчица Умаров Исламца. 
-Ислам, хьо марша вог1ийла. Дийцахьа шаьш бечу балхах лаций.
-Тхан балха т1ехь коьрта 1алашо йу к1оштарчу массо а къаьмнийн мерза йукъаметтиг хилийтар. Коьрта декхар – иза церан вовшашца долу гергарло ч1аг1дар а, уьш ца къесттош, дика уьйр кхиор а, дайшкара схьадеаначу маьршачу дахарца уьш вовшахтохар а. Х1ора а къам шен орамашка кхийдаш, тоьлла 1адаташ дендеш ду: ткъа царах дукхах дерш массеран а цхьана дог1у, масала: хьаша-да т1еэцар, доттаг1алла лелор, воккханиг ларар иштта д1а кхин а. Билгаладаккха лаьа, тахана массо къаьмнийн векалша цхьатерра, хьаннала болх бо кхане беркате хилийта.
-Хlун мероприятеш д1ахьо аша к1оштарчу халкъийн йукъаметтиг чаг1йарехь?
-Х1ора шо чекхдала гергаг1уш, т1едог1учу шарахь йан еза мероприятийн план х1оттайо. Иза йо д1адаханчу шерашкахь бинчу белхан жам1аш а толлуш. Дукха хьолахь, цхьанакхетарш кегийрхошца д1ахьо оха. Х1унда аьлча, дайшкара схьадеана г1иллакх, къоман 1адаташ, ламасташ царна к1орггера ца девза. Цул совнаха, т1аьхьарчу хенахь массо а Дуьненахь даьржина зуламаш а гуш ду царна, ткъа цхьаболчарна, халахеташ делахь а, иза х1умма вон а ца хета. Иштта дерш нийса доцийла а хоуьйтуш, т1екхуьучу чкъоранна дика дерг а, зен дерг а довзуьйту оха. Оцу гуламашкахь тхаьшша лелориг а, хьоьхург а шуна даста лаьа суна: къаьмнийн оьздалла, 1адаташ, ламасташ дийцар; т1екхуьу чкъор кхетош-кхиор; спортехула кегийрхой вовшахбеттар; бусулба динца нийса аг1о гойтуш хьехарш дар иштта д1а кхин а. Амма, т1етоха лаьа, массо а Дуьненахь даьржина ун бахьна долуш, т1аьхьара шерашкахь тхан таро ца хуьлу дуккха нах вовшахбетташ гуламаш бан, х1унда аьлча коьртаниг могашалла йу.
-Муьлха кхачамбацарш гучабуьйлу шуна шаьш бечу балха т1ехь к1оштарчу кегийрхошкахь?
-Вайна массарна хууш ду, тахана оьшуш дерг х1ун ду. Иза – беркате йукъаметтиг, мерза уьйраш, къаьмнийн машар. Амма, вайна йукъахь  нисло цхьацца долу, хила йиш йоцург, масала: воккхачунна лерам ца бар, мух-мухха духарш т1е а доьхна лелар, г1ашлошна т1е хатташ бетташ, царна ченаш йохуш чехка машенаш хехкар. Уггара халахеташ дерг – дай-наноша аьлларг ца деш берш а бу. Ойла йича, ма эхь ду иза. Къаьсттина вайна йукъахь хила йиш йолуш х1ума ма дац иза. Цундела, бечу балха т1ехь, коьрта 1алашо йу, иштта долу кхачамбацарш вайна йукъара д1адаха. Цу т1ехь, ярташкара имамаш а, хьехархой а, иштта кхин болу говзанчаш а кхойкхуш, деш дуккха а белхаш ду. 
-Дала аьтту бойла шун Ислам. Ойла йича, аша бечу балхан хадо мах а бац. Т1аьххьара, вайн къамел дерзош, х1ун ала луур дара хьуна газетдешархошка?
-Уггаре коьртаниг – муьлхха а бер дас-нанас а, иштта доьзалехь болчу баккхийчара а 1амо деза. Нагахь санна, шен хеннахь цунна тидам ца бахь, Дала 1алаш дойла, бераш галадовларна кхерам бу. Цул т1аьхьа хала ду царна диснариг хьеха а. Оха х1ора денна бечу балха т1ехь сиха гучабовлу иштта берш. Цаьрца, къаьсттина, хала а хуьлу. Делахь а, тхайна дан лучу кепара накъосталла деш, оьшучохь хьехарш деш, машар бечохь дакъалоцуш схьадог1уш ду тхо. Цхьабарт хилийтар, хьанала къахьегар – иза йу тхан 1алашо. Суна доккха дозалла хета, тахана халкъийн йукъаметтигаш тойарна а, ч1аг1йарна а т1ехь дакъалоцучарах цхьаъ со хилар. 
Къамел дерзош ала луур дара, вайн к1оштахь хилла ца 1аш, дерриге Дуьненчуьра къаьмнаш ирсе а, бертахь а хуьлийла. 

Ерриге республикехь санна, Хасавюртан к1оштахь а дуккха къаьмнаш дехаш хилар, суна боккха бахам а, Делера совг1ат а хета. Тахана т1ех1оьттинчу хьолаца, царах х1оранна а таро йу шайн къоман истори, оьздалла, мотт 1амо а, кхио а. Дала мукъ лахь, вайна йукъахь к1еззига болчу цхьацца осала наха лелош дериг д1адаькхинчахьана, вай дукха мерза дехаш ду. Вайн массеран а коьрта 1алашо хила еза, къаьмнийн йукъахь цхьабарт хилийта. И д1абалахь, ала мегар ду, вай доьхна, даьржина д1агур ду. Цул т1аьхьа муьлххачу а мостаг1чо вай буйна а духкур ду. Дала 1алаш дойла иштта чаккхенах!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля