«Дийнатан къинхетам»

Цу  шерашкахь  со  жима вара, сан дара цхьайтта шо. Хьалхара т1ом д1абаьлча дара иза.  Дахарехь йоккхуш йола хан, даьхнешца  яккха лууш вара тхан  дада. Цундела тхо,  даьхний лело аьтто болуш  меттиг  г1амаршкахь ю аьлла,  цига кхелхина д1адахара.  Накъостех  къаьстина суна а, сан вежаршна а хала дара цигахь даха.  Го баьккхина,  д1а мел хьожу гуш г1ум  бен, кхин  х1умма а  дацара. Аренашкахь маь1-маь11ехь дежаш дийнахь-буьйсана даьхни дара: говраш, бежнаш,  кегий эсий, гомаш, уьстаг1ий. З1акар даьхний мел дукха дара. Москалийн к1орнеш мел хаза хуьлура. Со а,  сан жимах волу ши  ваший тхай нанна даимма г1о деш хилара. Цигахь яцара газ, хи артизанера дан дезаш дара, мелла а генахь дара иза. Тхан нанна хала дара, х1унда аьлча тхо кегий дара. Т1амех тхо довдийна, мацалла а, г1ело тхуна ца гайта шен  ма-хуьллу тасаелла йоллура иза.  Оха г1амрийн аренца ч1иш лахьадора, цунна куьрк лато. 1аьнан кечам бора дечиг  гулдина, хадийна,  раг1у к1ел д1анисдора.  Цхьаьна аьхкен  дийнахь, нанас тхуна схьа а дуьйцуш, уьйтахь  ног1ий куьрк йира. Тхуна ч1ог1а  тамашена хийтира и болх, стена аьлча, тхуна  ца хаара тхайн ненан  оццулла говзалла юй.  Шолг1ачу дийнахь, цо цу куьркахь цхьа хаза чам болуш бепиг деттира. Туькнара оьцуш долу  бепиган  чам,  цуьнан санна бацара.Тхан лулахь бехаш дукха  ног1ий бара. Церан дахар суна ч1ог1а тамашена хетара. Хьаша веъча,  иза массийта дийнахь 1а тарлора. Берийн хьалхалера ловзарш дара. Эчиган сарех г1оз бора, т1аккха и хоьхкуш къийсалора, хьалха мила волу хьожуш. Г1улгех ловзар,  иза уггаре хьоме ловзар дара церан. Х1инцалера берашна  и ловзарш муха ду ца хаьа.  Цигахь дукха тайп- тайпана бецаш яра. Оха тхан нанас йовзийтана хьожйог1у  буц лохура. Баккхий зударий шайн доьзалшца галеш дуззий  буц йоккхий  суьйренца чубоьрзура. И буц ч1ог1а дарбане, могшаллина пайдехьа ю алара ног1ийн къена зударша. Малхехь и якъа а йой, ата а отий, г1ала базара хьора цара и хьожйог1у буц. Цунах шайн  чохь даа рицкъ а, бахамехь оьшу г1ирс оьцура.  Вай тидам ца бо, мел дукха дарбане бецаш ю вайн махкахь. Царех ю и буц.Дуккха а даьхний дара церан, уьш цигахь беха ткъе иттех  а,  кхи а дукха шераш дара. Тхо дийнахь сарралц  г1амарийн аренашкахула ловзуш лелара. Тхан г1ишлошна юххехь артизан олуш довха хи  дара, иза лаьттара хьаладолуш дара.  Левзина г1елделча,  тхо  артизане лийча додара.  Аьхкенан  хенахь г1ум ч1ог1а йовха хилара. Мача когахь йоцуш лела йиш яцара. Дуккха  тайп–тайпана къамнийн адамаш дара тхан лулахь дехаш. Г1али чуьра  хьалхара т1ом д1абаьлча кхелхина бара уьш. Хала бохкурш бара. Болх бан ца луурш бара. Уьш неха даьхнашна т1е кхийдаш лелара. Хьаналла баха лууш бацара. Бакъ ду,  иштанаш дукха бацара. Уьш къа хьоьгачахь  баха  ца лууш,  кхечу пачхьалкхашка д1абоьдура, шайн доьзалш  оьций. Ойла яцара церан,  доьзалийн х1ун дахар хир ду. Къоман х1ун г1иллакхаш 1емар ду царна кхечу къаьмнашна юккъехь.
Суна г1енах санна бен дага ца дог1у, баккхийчара дуьйцурш.  Аса ч1ог1а тидмеца ладуг1ура, уьш къамелаш дан охьахойшича. Цара дуьйцура,  ма халонаш  т1ех1иттина вайн къомана, амма дайшкара схьадог1у ламастийн некъаш д1а ца тесна. Къинхетам, ларам, оьздангалла, г1иллакх, низамца дахаран некъ ларбар — иза оьшу кечийчарна. Т1аккха дика ойла йора  аса, дика ду-кха, со оцу к1оршамечу хенахь,  кхетам к1езга болуш хилар. Къоман т1ехь хилла къизалла,  адамийн вовшех  къестар, баларш  алсам хилар, уьш адамийн лан дезар, уьш иманчохь хила дезар.   И дерриге  д1адаьлла, вайн карара дахар, милла а къам хьоьгур долуш ду.  Замано хеназа ойланца воккхаво, дахарехь т1ех1уьттуш долчу х1уманаша ойла хьалхе къанйо. Хилла вонаш дицдан г1ерта. Тхом-м дукха ца  дехира цу г1амаран аренашкахь. Даимма лаьара сайн накъостий болчу кхача. Т1емах парг1ато ма  яьлла,  тхо цигара ц1адаьхкира. Гуш бара  хийцамаш. Къам ше ма хуьллу  къахьоьгуш  дара. Массийта шерашкахь ца гина маршо, сихха цуьнан къурд бан г1ерташ санна, хеталора сайн махкахой. Маршонан хьогалла, парг1атон некъаш, уьш дерриге деллера вайн къомана, къоман яхь йолчу к1енташа.
-Ма хаза ю и вайн керла шахьарш.                                                                                  — Ма хаза ду, и вайн Дала делла 1алам!
Б1аьстенан хазачу малхо хьосту вайн беркате латта санна, ирсечу дахаре кхевдина вайн адам маршоно хьоьсту.  Цхьа хазчу туьйранехь санна, дехаш ду вай адам.  Болх беш ю дешаран хьукматаш. Шайн белхана  шайн дахар д1аделла хьехархой бу белхаш беш.
Со доьшуш верг, юкъарадешаран  хьукмат ю. Ма оьзда хьехархой бу тхуна 1илма 1амош. Цаьргара дуккха а, масалш оьцу оха. Тхоьга, нохчийн литературан классал  арахьара дешаран сахьт долуш, кхоллараллин болх язбе  аьллера.  Ас дуккха а ойла йира, хьанах, стенах, лаьцна дуьйцар дара.  Суна даимма хаза хетта дийнатех а, акхаройх а лаьцна дийцарш. Амма ас дуьйцур дац айса дешна  дийцарх лаьцна, туьйранах лаьцна а…    Суна  яздан  лаьа, цхьа  хилла х1ума. 
Тхо юьртахь 1аш долчу хенахь хьалхара т1ом д1абаьлла хан  яра иза. Мичара деъна ца хууш,  цхьа ж1ала деанера тхан уьйт1а. Тхан дадас эккха ца дира иза. Г1елделла, мацалла  к1елдисна дара иза. Кхин х1умма а дацахь,  Делера ял хир ю суна аьлла, и ж1ала ч1ог1а  1унал деш  леладора  цо.  Тхуна тамашена хетара иза, барам боцуш доккха дара иза. Х1ун дара ца  хаьа, дадас  цунах «Петрович» алара, х1унда аьлча, кхи йолу  цхьа  шена тиллина ц1арна цо терго ца йора.   Цхьаболчара  дийцара,  и  доккха ж1ала шайна г1азкхийн салташца гина. Хетарехь, цара шаьш  д1абоьдуш дитина хила тарло.  Ч1ог1а  дакъаза даьлла дара иза. Мацалла  к1елдисча бен ца г1оьртина адамашна т1е. Мухха а делахь,  тхоьгара  г1о оьшуш  деънера иза.    Тхо г1амаршка схьадог1уш,  оха тхайца схьадалира иза. Бехачу новкъа адам  цецдолура и гича. Цхьа ша тайпа дара цуьнан адамашка хьажар.  Аьхке ч1ог1а йовха еанера цу шарахь. Сийналла ледара яра. Дог1ан кхачо ца хуьлура.  Дежийлаш ледара дара. Ишшта цхьана  дийнахь дадий, сой  ваханера  жа  дажо. Дадас генна ша жаца д1авоьдуш со вуьгура  шеца. Сингаттаман г1оли ду олий. Аьхкенан денош,  цу мурехь  ч1ог1а  довха  дара.  Жаш  дежаш  йолу  аренаш, соьналлах  х1ума  йолуш  яцара.  Дадас а, аса а, тхайн жа тог1ичу дерзинера, цигахь дог1уш шийла  шовда  дара. Йовхонехь суна ч1ог1а къа хетара 1ахарех, цара йовхо хала лара. Цаьрга роьта тохийтина, дадий,   сой х1ума яа кечам беш вара, «Петрович» тхуна гондахьа  хьийзаш, ловза  дуьйлуш дара. Иза мацделлачух тера дара.  Ц1еххьана  дадин ж1аьла «Петрович»  лата  доладелира.  Гондахьа дукха акхарой хилара г1амаран аренашкахь. Дадина тарделира жана улло акхаро г1оьртича санна. Амма турмал  чу хьаьжча, дадина гондахьа цхьа а  садолу акхаро ца гира. «Петрович» леташ соцуш дацара, иза гуттара корзах дуьйлура. Дада юха а турмал чу хьаьжира лерана, сих ца луш. Цунна гира геннахь ц1еран к1ур,  иза  йогуш  аре яра. Стенах леттехь  а, ц1е леттера аренца.  
-К1ант, жан юххера цхьанхьа д1а ма валалахь ,- соьга омра дира дадас.    Дада  сихха «Петрович» схьа а дехна, д1ахьаьдира цига.  Т1аьхье–хьалхе и шиъ къайладелира. Со висира жаца со цхьаъ. Дуккха а бераллин ойланаш  хьийзара сан  коьрте,   х1ун хилла теша цигахь? – бохуш.  Суна хетара – Дадина соьгара г1о оьшуш  меттиг буй теша аьлла.  Массане хуьлу, акхаро нисъелла теша, царна цу к1ур юккъе?  Дадина цхаъ хилахь,  со  сайн нене х1ун аьлла, хьожур ву? Дуккха а хаттарш хьийзара сан жимачу коьрте. Со воккха а хеташ, соьх дега йовхо йолуш ма витина со доккхачу жаца. Дадина хаа, цо ц1а  а,  схьа ца алахь,  соьх теша мегар дуй. Са синкхетам мел бу, дадас даимма дуьйцура къонахаллех, нохчолах, стогаллех лаьцна дийцарш. Х1инца аса гайта деза дадина, сайга кховдийна г1уллакх,  аса муха кхочушдо. 
Масалш эца мегар долуш , дезаш, дуккха а турпалхой бу вайн къоман. Сайн жимчу дагца суна тарделлера со а ву-кха, жима турпалхо, со кийча вара сайн дагахь, муьлхха а акхаро т1ег1ортарх, со лара лур ву аьлла.    Дадий, «Петрович» д1адахна дукха хан ца яьллера, амма суна дуккха  сахьташ тарделира.   Цхьа хан яьлча, гучувелира дада а, цунна т1аьхьа хоьттина  дог1у  «Петрович» а.  Дадин карахь цуьнан тужурка яра хьарчийна, «Петрович» го туьйсура цунна.  Дада схьакхаччалц,  хала сатоьхна, сацавелира со. Дуккха  хаттарш дара сан дадига дала, амма дадас ч1ог1а цецваьккхира со.
-К1ант, х1ара вайн «Петрович» дуй, дика къонах санна, накъост ву, — аьлла доккха садаьккхира дадас.                                                                                                                                  — Кхунах теша а тешна, миччан — хьа  дига мегар ду,- аьлла доккха тоьшал дира дадас ж1алина. Дада дийца волавелира, меллаша шен карара тужурка лаьтта охьаюьллуш.
И шиъ ц1арна т1екхочу хенахь, доьдуш  лаьтташехь, ж1ала  ц1ера  юкъа  иккхира. Дадина  яхъелла хиллера,  ж1ало цу юккъехь йоккху  миноташ, «Петрович» дагадарна  сагатдора  цо. Ц1еххьана, хьера  даьлча  санна, ц1ера юкъара  араиккхира ж1ала, багахь  лергаяхаран  к1орни йолуш.  Дадина хьалха  меллаша,  багара,  лаза а ца еш, охьа йиллира  иза «Петровича», иза охьайилларца, юха а ц1ера юккъе иккхина ж1ала. Дукха хьема ца беш, к1уьран юкъара кхи цхьаъ лергаяхар йохьуш,  схьадеара ж1ала.
Дадас шена т1ийра  пхьошдоцург  охьа а яьккхина, цу  юкъайоьллина схьаеара   и к1орнеш.  Гондахьа кхин садолу х1ума  яцара бохура дадас.
Ехха  кхебира  оха  уьш, царна г1оли хиллалц. Тхуна  йоьйзира  дуккха  церан амалш. «Петровичан» а, церан а  доттаг1алла тасаделира. Кертахула вовшашна  т1аьхьа а х1уттий  лелара  уьш.  Царна оха  ж1анкаш даа дора. Тхан огородехь копаста, ж1онкаш, картолаш, хохаш  дара дийна. Оха церан  дика 1унала дора.  Г1олий ма хилла, оха аренца д1ахийцира уьш. Тхан «Петрович» дехха царна  т1аьхьа хьийжира, т1аккха дадина хьаста а делла, шен метте д1адижира. Дадас ша т1елацар эрна ца хилли гайтира «Петровича». Айса жа лардеш яккхина хан, доккха дозалла хетара суна, амма «Петровича» динарг цхьаьнна х1уманца дуста тарлуш дацара. Шен дина дикана, доьхьала дика дан хууш хилла ц1ийнан дийнат. Дика накъост хилира тхуна цу ж1алех. Дика 1уналла дора, дика накъост   хилира цунах, тхан аренца хиллачу дахарехь.  Акхаройн  вовшаца болу кхинхетаман  масала  ду и.  Адамашца  дуккха  а, алсам хила беза  кхинхетам, адамашна  синкхетам  Дала алсам  белла.  Хила  деза  вай, вайн дайх дисна  г1иллакх, оьздангалла, къинхетам ларбеш, цаьрца долу низам кхочушдеш, лардеш.  Дено- дено хазлуш бу  вай мохк, д1ах1уьттуш ю  керла шахьарш. Деша, 1илма 1амо мел дукха аьттонаш бу. Дала делла дика лардан деза вай. Йоккха парг1ато ма ю вай дахарехь.  Суна ч1ог1а  лаьа сайн дахарехь, сайн махкана а, сайн дена, нанна а пайдехьа хила. Сайн дахарехь,  со чекхвала хьожур ву,  цу некъаца.
 
                   

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля