Кхане - «Орга» журналаца » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Кхане - «Орга» журналаца
06.02.2019 245 0 niyso

Кхане - «Орга» журналаца

Общество
В закладки
-Нана, хьоьгахь ерг х1ун ю?-»Орга» журнал ду.

-Нана, цунах х1ун до?
-Х1ара вай къоман а, нохчийн меттан а дозалла ду! Со йоккхаюьй ненан маттахь иштта журнал хиларна.Ненан маттахь журнал ца хилча, киншка ца хилча, оцу къоман т1аьхье хир яц, ткъа тахана вай йиш ю-кх корта айбина 1а, делахь а, цхьана х1уманах кхоьру со, массара, х1ораммо а шен х1усамехь, чохь доьшуш, пайда оьцуш «Орга» журнал ца хилахь, вай мотт барна-м кхоьра со. Мотт д1абаьлча, къам д1адола, ткъа вай йиш яц вайн исбаьхьа хаза ненан мотт, къам талхо, массийта эзар шерашкахь дуьйна вайн дайша, наноша хазбеш, кхиош схьабалийна болу. Цундела со вай юртахь а, к1оштахь а хуьлучу гуламехь массаьрги кхайкхам бан йоллу, вайн исбаьхьа «Орга» журнале язло, аьлла. 
- Нана, т1аккха уьш язлур буй?
- Язлур бу, ненал а, маттал а, Даймахкал а деза нохчашна цхьа х1ума дац.
Ас сайца хьур ду «Орга» журнал, аса йоьшур ю цу т1ера байташ, дийцарш, ткъа церан дегнаш токх дийр ду говзачу яздархоша язйинчу байташа, дийцарша, безамах, къаьсттина дагна дера чов йина, шен дагах хиллачу баланах дуьззина дог кийрахь къуьйлуш верг, ас байт д1аешча, цо достур ду шен баланах дуьзна дог, б1аьргех хин т1адамаш эгаш, цул т1аьхьа цуьнан сапарг1ат дера ду, 1емар ву и кхул т1аьхьа безамах кхета.Ткъа куралло т1ома даьккхина, оцу сийначу стиглара 1аьршашка кхаьчна долу дог, лаьтта досса 1амор ду.Ненах лаьцна дешнаш доьшур ду цо санна т1алам беш, вай дагна парг1ото еш, куьйгаэкъан т1ехь санна вай латтош, мацдаларна, хьагдаларна, шелдаларна кхоьруш,буьйсанна йог1у мерза наб д1атоьттуш, шен мерза са вайна ца кхоош, вайна чудиллина йолчу нанна, доьзална юкъахь йолу юкъаметтиг д1агойтур ю.
Догь1аьржа дера деттало дог, ц1еначу дешнашца цо луьттур ду. Безамах ца тешаш цунна хера ваьлларг , безамах теша 1амор ву, массо воций хоуьйтур ду тешнабехкамца. Доттаг1ийн доттаг1алла болатал ч1ог1а дуй гойтур ду кхин цхьа байт ешарца. 
Вайн дай г1иллакхаш -оьздангалла гойтуш яздина цхьа дийцар доьшур ду. Т1аккха шаьш язлур бу журнале вайн маттах а, къомах а, т1екхуьучу хьо санна болчу доьзалах шайн дог лазахь.
-Нана цига муха язло?
Соьлжа-Г1алахь, зорбанан ц1ийнахь, Маяковский урам, 92.
Борх1алг1а этаж т1е хьалаволу. 
-Нана со юьгур юй ахь зорбанан ц1ийне?
-Дера юьгур ю, дукха яха хьо наниниг.
- Нана, кхана соьга лур дуй ахь и журнал?
- Дера лур ду, хьо х1ун дан йоллу?
-Со дера йоллу деша а, ишколе а даьхьна сайн классера берашна гайта, церан дайшка а, наношка а язло ала.
-Дукха яха хьо наниниг, Дала мукъ лахь, со тешна ю, дуккха язлур бу вайн «Орга» журнале, шен махках, шен халкъах, маттах шен дог лозуш верг.Т1аккха вай къам а, мотт а цхьаммо а хьошур бац.
Автор: ЗАЙТЕМИРОВ Сайдик
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Эзар сом
Эзар сом
Эзар сом
06.02.19 Общество
-Стаг, хьо меца вуй? Чай молий ахь?
Журналист санна вевзина ца Iа иза
ХХ - г1а б1ешеран доьзткъе уьтталг1ачу шерашкахь журналистикехь къахьега волавелла Борхаджиев Хожбауди. Ша болх бечу газетан корреспондента т1ийра д1аволавелла, коьртачу
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
09.01.19 Образование
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а,
Нана
Нана
Нана
21.11.18 Общество
«Ненах къаьстича беран даг т1ера зезаг дужу», – олуш хезна суна жималлехь. Вуно нийса аьлла дешнаш ду уьш. Бер, мел яккхий халонаш т1ех1иттарх а, ирсе ду ненаца. Цунна
Нигат—халкъана  йовхо  луш  вахар…
Ас муха тоьгур дац вайнехан илли Дашочу кочарна тIе, Пхенашкахь нохчочун цIий кхехкаш хилча, Даймахко воI вича шен?











«    Март 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1
2345678
9101112131415
16171819202122
23242526272829
3031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать