Ца доьгIна рицкъ » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


Ца доьгIна рицкъ
16.01.2019 283 0 niyso

Ца доьгIна рицкъ

Общество
В закладки
-Хьасипат, ас цхьа хаза х1ума дийца хьуна. - Со яла елла, оццул дийца хьай хаза х1ума долуш, муьлха эладита дуьйцур дар-те бохуш, сан коьрте эзар ойла х1унда йойту ахь?
- Дитахь и хьайн эладитанаш 1ад, цкъа соьга ладог1ахь. 1уьйрре самаваьлла к1ант т1оьрмиг схьа а эцна чу тептарш, киншканаш, мацвелча кхалла сискал юьллуш уьйт1а ваьлла хилла, т1аккха т1оьрмиг д1акъовлале дага иккхина, сурт дуьллу урок хила езаш хилар.
-Аравалале ойла ян езара. Х1окху стага соьга х1ун олу алахь : «зуда хьо ялаяле дика ойла йинехьара ас,»- боху соьга. Т1аккха аса х1ун эли алахь: «Ахь дика ойла йинехьара, со ядийна ялийна хира ма яра, со санна зуда хьан кертахь хилар ирс ду хьан, яах1ума ян хууш, яах1ума яа хууш, иман, ислам долуш».
-Яах1ума яа ца хууш хуьлу?
-Дера хуьлу, со санна кхерзина х1оаш, чайнаца налха бууш 1ийр яцара цуьнга еанарг, стаг долларш сан кара, шуьнехь кхача,- бохуш 1ийр яра.
-Х1окху вайн ц1ийндайшна хаам ца хаьа, дика х1усамнана нисъелча, сихха шолг1аниг яло воьду, т1аккха хаьа вайн хьал.
- Т1аккха т1аьхьа хир ду.Т1аккха лела «зуда со дохко ваьлла, суна чу джин даьлла хилла»- бохуш.
-Дависа, цунна духхьарлераниг ялаялле дала мегаш дац и джин.
- Хьо лела могуш, ма дика эли ахь и. Т1аккха х1ара стаг ган везара хьуна, дарвелла, т1аккха ас х1ун эли хаьий хьуна?
-Х1умма диканиг-м аьлла хир дац.
- Со д1аяххалц ма васталахьара, эли-кх. 
- Иштта дог ца дохийча ца магара.
- Х1ун дог дуьйцу ахь, юха пхи минот ялале зуда вайгахь яа х1ун ю, чай дуй, бохуш волавелла лелаш вара.Т1аккха х1оккхул х1ума тоьа суна, жимма дегабаама бина лаьтташ со ма ю.
-Жимма х1унда бина дегабаам, алссам бан безара.
-Д1аяла д1а, хьо хьера-м ца яьлла, дарвелачохь со йита эхь доцуш ма ву и, со хьаха яц девна да. Со кхин лен ца еш, кхин д1а дийцал вайшинна дийцар.
-Шен т1оьрмиг уьйт1арчу т1улга т1е а биллина, сихха чу а вахана къоламаш схьаэцна уьш т1оьрмиг чу а дехкина, т1оьрмиг д1акъевлина. Чехкачу боларца ишколе вахна. Кхочуууш ишколе кхаьчна к1ант, урокаш д1аюьйлаелла. Хьехархочо маршалла хаттарца д1айолийра цара шайн урок.К1анта шен т1оьрмиг баьстина.
Т1аккха шен тептар, къолам схьаэца, шен т1оьрмиг д1а а биллина, тептар схьаэца чу куьг кховдошшехь.
-Кхерзина котам кара еана хир ю.
-Ца еана, со дийца юьтий ахь, даима юург ю-кха хьуна дагчохь.
-Сан х1ун бехк бу, сискал чу йиллина хилча, дог къовзийча кийра бузо сискалца яа кхерзина котам чу йиллина моьттуш яра со-м.
-Ладог1а соьца ца къуьйсуш , цо куьг кховдошшехь.
-Хохха-м ца беана кара?
-Ца беана, т1оьрмиг чуьра дахка араиккхина. Партанаш т1ехула бедда лелаш, церан классера массо дешархойн, хьехархочуьнан маьхьарий девлла , цхьана хеннахь маьхьарий хезча, массо а т1аьхьий - хьалхий, динна класс коридор чу лилхина.Хилларг х1ун ду ца хууш, кхерийна 1адийна массо классачуьра дешархой а, хьехархой а, директор, завуч, яах1ума йийриг а, чоьнаш ц1анйийраш, цхьабосса коридор чу хьаьвдда. Массо шен- шен са дадийна боьлхуш хилла. Лами т1ера охьадисса раг1 ца кхочуш вовшашна т1едетталуш, аралелхаш хилла. Шайн хьехархо йинчу денца декъал а еш чай мала йохьуш йолу торт карахь йолуш, едда лами т1ера чуйосса дагахь йолу, веана цхьаъ т1екхетта карара торт ластийна бухахь ведда воьдачу директоран к1унзал баьллачу коьртах кхетта и дерриг крем т1ехь дуьсуш латта йоьжна.
- Ма корта хьанбелла хир бу цуьнан?
-Х1унда?
 -Муха, х1унда? Коьрта т1е даьтта дилла, ехк хьакха ларош ма бац и директорш, бевддий, хьаьвдий. Кестта месаш йовла там бу цуьнан к1унзулна т1е.
-Ва елла яла со, хьуна дага ца дог1уш х1ума дац. Цул хазниг дийца ас хьуна, кхин д1а, яах1ума йийриг хилла оцу хенахь дохдан худар т1е дилла йоллуш кара яй лаьцна, даьллачу орцанна, шен яйцаний едда йоьдуш йолу хударан яй хьанна т1е1анийна алахь, шена т1е чан хьакхаелча ца мегачу завучана т1е1анийна.
-Ва елла яла со!
-Варийлахь, ма лелахь х1ара дийцар чекх далаза.
-Яла йиш яц, пекъар, шена юззалц ма худар диъна хир ду цо, массо и хьехьархой, дешархой, кехат- мехат бахьанехь чай мала йиш йоцуш 1аш йолу, ма цецъяьлла хир ю и дийнна яй худар кхаьчна.
-Ва, со яла елла, ахь алахьара... Т1аккха ладог1алахь, чоьнаш ц1ан йийриг хилла оццу хенахь коридор ц1анъеш, гена доцуш дуьззина чийлик диллина катоьхна шен горгам хьокхуш, даьллачу орцанна кхера елла едда йоьдуш йолу чийлик чу ког буьллуш , коридор мел ю 1анийна д1адахийтина.
-Цо хаза нехан санна горгам хьаькхна, ишколе майдана т1е вала ма ца витара чоьнаш ц1анъечара шуна чийлик гуш дац, мачаш ц1анъе бохуш, яхана ша чу иккхина, цуьнан мачам ц1анъелла хир ю хьуна.
-Дера ю-кх.Т1аккха массо араваьлла ишколан майда д1алаьцна яра. Сихонца схьакхечира полици, ц1еяьлча йог1у машен, орцана (скорая помощь) йог1у машенаш.
Х1ун хилла? Мила ву? Маьхьарий бара хезаш, велха ийзалуш, т1аккха юккъера сехьаваьллачу к1анта элира : со ву бехкениг, сискал ас йиллина яра сайн т1оьрмиг чу, т1оьрмиг д1акъовлале, тахана хила езаш йолу сурт дилла урок дага а еана, со юха чу вахара, оьшу г1ирс схьаэца, пекъар, дахка сан сискал кхалла сан т1оьрмиг чу баьлла хилла, ас т1аккха сайн г1ирс чу кхоьссина т1оьрмиг д1акъевлина. Т1аккха со ишколе д1акхаьчча, ас т1оьрмиг баьстина, урокехь сайн оьшу г1ирс схьаэца чу куьг кховдийча, цу чуьра ара иккхина дахка, тхо массо кхераделла коридор чу лилхира, аьлла дийцира к1анта . Массери белар иккхира совца ца туьйгуш, шаьш лелочух цецбевлла.
Ва, со яла елла, бела муха ца боьлу, х1окху стеган т1оьрмиг чу билла безаш бара и дахка, дахка ч1ог1а жирга ма хетий цунна.
-Х1унда?
-Х1унда бохург х1ун ду хьан, цхьа саьхьарлонах цуьрг яц хьан, кху стеган долларш ма ду цу чохь, т1аккха со салон красоты, Гранд парке ца йоьду цхьа хаза.
- Суна лаьа.
Лаахь ши дахка карабе вайшинна.
-И-м хала доцург ду! Кхана 1уьйрре соьга телефон тоха ахь, кийчча ши дахка хир бу вайшинна.
-И дара дош, кхул т1аьхьа долларш вайшингахь ду хьуна, меги, д1аяха йоллу со, дика пайденна дийцар хилла х1ара, со юха яле иштта т1е долларш дохьур долу ши дийцар караделахь.
-Меги, яло. 
-Во, алло, вайшинна дехкий кийча дуй?
-Вайшинна доцчу ирсана, вайша хи да яхча а хих ц1е ер яр-кх.
-Дийций ялахь, сан са ца гатдеш, вуьшти дог дика дацара.
-Халла цхьанхьа дехкан 1уьрг хааделла гура боьг1нера ас, цхьатерра ши дахка лаьцна, гуро 1аьвшина бийна.
-Елла яла со, кхин эс доцуш ю хьо, доккха шиша диллина, цу чу цхьа дехкан молха таса.
-Д1аяла, сан 1айла дац, стаг ву суна гуш корехула ара, зезагин курс яхьаш вог1уш, суна ца оьшу и дехки, хьай дехки леца ахь.
 
Автор: Зайтемиров Сайдик
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
Нохчийн маттах ойланаш
09.01.19 Образование
«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а,
Алихан, хьо воцуш цхьа шо дIадели…
Зама. Дуьне. Адамаш. Доттаг1ий. Вон – дика. Де – буьйса. Б1аьсте. 1а. Аьхке. Гуьйре. Валар – висар. Вер – ваккхар. Адмалла. Яьхь. Г1иллакх. Доьналла. Ма дукха ю – кха
Нана
Нана
Нана
21.11.18 Общество
«Ненах къаьстича беран даг т1ера зезаг дужу», – олуш хезна суна жималлехь. Вуно нийса аьлла дешнаш ду уьш. Бер, мел яккхий халонаш т1ех1иттарх а, ирсе ду ненаца. Цунна
Нигат—халкъана  йовхо  луш  вахар…
Ас муха тоьгур дац вайнехан илли Дашочу кочарна тIе, Пхенашкахь нохчочун цIий кхехкаш хилча, Даймахко воI вича шен?
Дахаро-м ойланаш гойту...
«Саиев Iумара, шен хIора байт (стихотворени) леррина, йорий—тоьгий, бустамашца кхолий, кечйой юьллу дешархочун кхиэле. Цундела уьш къаьсташ хуьлу шайн кIоргачу чулацамца











«    Март 2020    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1
2345678
9101112131415
16171819202122
23242526272829
3031 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать