Беламан де даздар

И де дуьненчохь хIора шарахь даздеш ду, вайн махкахь Беламан де олу цунах, ткъа, масала, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь  «Iовдалан де» а олу  – иза 1-ра апрель ду. Цу дийнахь забарш еш, беламе хIуманаш лелош, хаза хIуманаш дуьйцуш, самукъадоккху наха.
Иштта нисделира 1-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь, Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь и де даздар. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, республикин культурин министерствос а. 
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Ельсаев Iаламахьад а, Республикин зорбанан а, хаамийн а министр Дудаев Ахьмад а, Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдулла а, ткъа иштта яздархой а, журналисташ а, хьеший а, хьовсархой а.
Забарен суьйре дIахьош бара поэташ Саиев Iумар а, Борхаджиев Хож-Баудди а. Iумара Беламан де схьадаларан истори йовзуьйту гулбеллачарна.
Хьалхара дош Яздархойн союзан коьртачу редакторна Ирисханов Iимранна ло. Цо, кху денца массо а декъал а вой, тахана санна самукъадаьлла а, деладала дог догIуш а хуьлийла вай олу. Библиотекина Яздархойн союзан цIарах книгаш ло Iимрана, забарийн денца лерина. ТIейогIучу хенахь Беламан де хIора шарахь билгалдоккхур ду олий, хаам бо цо.
ДIадаханчу шеран жамIашца яздархошна юкъахь хиллачу къовсамехь толам баьккхинчу шина яздархочунна совгIаташ далар хилира кху суьйренехь. Берриге а яздархоша бинчу харжамца «2020-чу шеран яздархо» цIе еллера хьалхо дIабаьхьначу цу къовсамехь яздархочунна Нунуев Сайд-Хьамзатна а, поэтана Ахматукаев Адамна а, цу шинне а  говран бекъанаш а луш. Кхузахь  шина толамхочунна  дипломаш дIаделира республикин зорбанан а, хаамийн а министро Дудаев Ахьмада а, НР-н Парламентан депутата Ахмадов Сайд-Iабдуллас а.
Суьйре дIахьочу хенахь поэташа Борхаджиевс, Саиевс, Ахматукаевс, Ясаевс, Ельсаевс, кхечара а шайн забаре стихаш-пародеш йийшира. Самукъане дийцаршца хьовсархошна хазахетар дира журналиста Газиева Азас, культурин белхахоша Матаев Анзора а, Болатбиев ХIарона а, журналиста Садулаев Мусас, илланчас Абдулкеримов Ильяса. 
Беламан де даздар шайн эшаршца а, мукъамашца а хаздира НР-н халкъан артиста Паскаев Рамзана а, республикин хьакъволчу артиста Абдулкеримов Ильяса а, ткъа иштта Дагестан Республикера веанчу къоначу иллиалархочо Абакар Курбаналиевс а. 
Суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалахь Беламан де даздар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля