КОЬРТА IАЛАШО – КХЕТОШ-КХИОР

ТIаьхьарчу хенахь, халахеташ делахь а, арахула вайна дукха го цхьацца оьзда йоцу агIонаш шегахь йолу кегирхой. Къаьсттина иштта хьал дукха хуьлу гIаланашкахь, церан юкъахь Хасавюрт а йолуш. Цкъа хьалха суна моттара, уьш берриге меттигера бахархой бу. Амма, хоьттуш, со тIаьхьакхиира, ярташкара цхьацца доьшучу меттигашка, базара, я кхин долучу бахьанашца схьабогIуш болу кегийрхой а хуьлуш хилла церан юкъахь. Цхьацца болчара ала тарло уьш гIиллакх долуш бац, вукхара уьш оьзда бац, кхоалагIачаьра уьш дай-наноша Iамийна бац. Амма, хьаъа хIуъу баьхчий а хаза доцург ду иза. Вайх милла а велахь хаа деза юьртан арахьахула лелаш вайна олуш дерг ерриге а юьртанна кхочий. ЦIера даьлча, вай цхьанне ца го олий, лаьъ-лаьарг лелош, нахана юкъахь осала лела мегар дац. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля