ДАГЕСТАНАН БlЕ ШО КХАЧАРНА ЛЕРИНА » Нийсо-Дагестан
sitename
Курс валют предоставлен сайтом old.kurs.com.ru
Видео
Свежий номер газеты


ДАГЕСТАНАН БlЕ ШО КХАЧАРНА ЛЕРИНА
24.03.2021 91 0 niyso

ДАГЕСТАНАН БlЕ ШО КХАЧАРНА ЛЕРИНА

Общество
В закладки
Хууш ма-хиллара, Дагестанан массо а гIаланашкахь а, ярташкахь а кху шарахь билгалдоккхуш ду вайн республикин автономи кхоьллина бIе шо кхачар. Цуьнан гурашкахь ерриге а республикехь дIахьо гоьрга стоьлаш, конференцеш, фестивалаш. Ишттачарех, и де даздаран лерина мероприятии дIаяьхьира Хасавюрт гIалин № 11 йолчу юккъерчу ишколехь.
Мероприяти вовшехтоьхнера 7 «б» а, 4 «г» классийн куьйгалхо йолчу Ахмедова Зарас а, дешархойн дай-нанойн комитето а. Цхьанакхетар дIадолийра дешархоша Дагестанан Гимн аларца. Цигахь коьрта дакъа лоцуш, хьажархошна тайп-тайпана сценкаш гойтуш бара лакхахь билгалъяьккхинчу классашкара дешархой. Ткъа цара лелочунна мах хадо а, гайтаме хьовса а кхайкхина хьеший а бара: Хасавюртан Центр Занятостин инспектор Каримулаева Мадина, кегийрхойн гIуллакхехула йолу инспектор Гусейнова Джамиля, Мичурина поселкан квартальни волу Ахмедов Иса, дешархойн дай-наной, меттигера бахархой, хьехархой иштта дIа кхин а. 
Гулбеллачарна бераша гайтира вайн республикера цхьацца долу къаьмнийн духар а, забаре сценкаш а. Иштта цара йийшира байташ, лийкхира эшарш, баьккхира хелхар бал. 
Цара гойтург, дукха хьолахь, тайп-тайпана къаьмнийн дахаран некъ а, стенца, муьлхачу башхаллашца къаьста къаьмнаш а, иштта цхьаьнадог1у Iадаташ а дара. Ткъа коьрта 1алашо-м, вайна хууш ма-хиллара, массо а къаьмнийн юкъахь барт ч1аг1бар, гергарлонаш а, уьйр а тасар яра. 
Ала догIу, дешархоша дика кечам бина хиллера. И гуш дара цара д1айаьхьначу программин чулацамца. Локхуш йолу йиш, забаре дийцарш, хелхарш, иштта кхин йолу сценаш а хьажархоша тIараш тухуш даггара т1еоьцура. 
Хьешаша лаккхара мах хадийра дешархоша бинчу балхана. Цара баркалла элира мероприяти кечъеш дакъа мел лаьцначунна а.
Гулдалар дIадерзош, баьхкинчаьрга йистхилира Ахмедова Зара, - «Суна даггара баркалла ала лаьа шуна массарна - баьхкинчу хьешашна, ишколан директорна Хункаров Висраилна, дешархошна, дай-нанойн комитетан куьйгалхо волчу Алхажиев Исламна, иштта массо а дакъа мел лаьцначунна а» - аьлла шен къамел дерзийра цо. 
Мероприяти дIаерзийра берриге баьхкинарш шуьне кхайкхарца. Хууш ма-хиллара, хьаша-да тIелацар а бу Дагестанан хилла ца Iаш, массо а Кавказан дерриге къаьмнийн коьрта бахам. Вайн нохчийн къоман Iадатехь ма-хиллара, тоьллина кхача хьалха биллира хьешашна. 
Билгалдаккха лаьа, иштта мероприятеш вовшахтоха а, лекхарчу тIегIанехь дIаяхьа а вуно хала ду, хIунда аьлча, берашца дукха болх бан беза, хьешашна лерам бан беза, оьшуш долу духар лаха деза. Цул совнаха, вайна юкъахь даьржина ун бахьан долуш цхьацца лело дезаш тIедахкарш а ду, коьрта дерг адамийн могушалла ларъяр а долуш. И дацахьара-м, со тешна ву, иштта йолу мероприятеш хьехархоша а, дешархоша а кхин а лаккхарчу тIегIанехь дIахьург хиларх. 



Автор: Мовсар Баймурадов
Комментарии (0)
Добавить комментарий
Прокомментировать
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Культура – къоман бух
Культура – къоман бух
Культура – къоман бух
24.03.21 Культура
Х1ора шарахь мартан 25-чу дийнахь вайн пачхьалкхехь билгалдоккхуш ду культурин белхалочун де. И даздан долийна Россин президентан Путин Владимиран Указаца 2007-чу
«Шен бийца мотт боцург къам дац»
Ненан мотт. Цуьнан маь1на. Иза 1амор, хьехар, доьзалехь, чохь-арахь бийцар.Оцу ладамечу г1уллакхна лерина тайп-тайпана мероприятеш д1ахьо Хасавюртовски хьехархойн
М-С. Гадаевн 110 шо кхачарна лерина
Нажи-Юьртан к1оштара бахархоша, къаьсттина берриге а нохчмахкахоша, йоккха сийлалла лору шайна Гадаев шайн махкахь вина а, кхиъна а хилар. Цуьнан каш Чуьрч-Ирзехь,ткъа
Нохчийн меттан семинар
Нохчийн меттан семинар
Нохчийн меттан семинар
27.02.19 Образование
Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча,
Вовшашца уьйр латтор ю
Вовшашца уьйр латтор ю
Вовшашца уьйр латтор ю
14.11.18 Общество
Д1адаханчу к1ирнахь Хасавюртара школийн нохчийн меттан хьехархоша д1аяьхьира семинар. Иза лерина яра нохчийн яздархочунна Гадаев Мохьмад-Селахьана. Хьалха санна, семинар











«    Июнь 2021    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
282930 
все шаблоны для dle на сайте dletop.com скачать