
НЕНАН МОТТ – ВАЙН ДОЗАЛЛА
Общество
В закладки

Халахеташ делахь а хlора шарахь дуьненчуьра лар йоцуш дlадовлуш иттанаш меттанаш ду. Цаьрца цхьана, цкъа а ца хилча санна довш ду къаьмнаш а. Ткъа уггаре вай кхоьрург, тlедогlучу 20 шерачохь ЮНЕСКО-с биначу хаамаца, дlадовр долучу меттанашна юкъахь бу вайн Нохчийн мотт а. Хlун дан деза вай и иштта ца хилийта? Хlунда бу вайн мотт оцу могlарехь? Муха дала деза кху хаттаршна жоьпаш?.....
Массо а дуьненахь санна Россехь а д1ах1оьттина иштта кхерам. Тахана вайн пачхьалкхехь цхьа бlе сов къам ду шайн ненан меттахь йоза а долуш. Оьрсийн мотт массанхьа баржар бахьна долуш кегийчу къаьмнашна боккха кхерам бу гергачу хенахь дlадовла. Ткъа ненан мотт дlа ца балийта, коьрта бахьна, дуккха нах хила беза цуьнан lуьналла деш, вуьшта аьлча и мотт буьйцуш.
Кхоьруш дерг, дуьненан юкъара меттанаш lамош а, цу меттанашкахь къамелаш деш а нах дукха мел хуьлу, шайн ненан мотт буьйцуш берш к1еззиг хуьлу, иза царна бицло. Цундела ду, lилманчаша билгала даккхарехь, т1аьххьара д1адаханачу бlе шарчохь дукхах долу меттанаш дайна. Вайн заманчохь юкъаяьлла йолу интернет а ду цуьнан бахьанех цхьаъ. Хlунда аьлча, кегийчу къаьмнийн меттанашкахь йоза дац цу чохь. Ткъа дерриге меттанаш а, къаьмнаш а цхьатерра бакъонаш йолуш ма ду, хlунда аьлча хlора а къомо шайн-шайн меттаца схьакхоьхьуш а, кхиош а ю шайн истории а, культура а. Цул совнаха, хlора а къоман ша-тайпа lадаташ а, ламасташ а, дахаран некъаш а ду. Ткъа мотт дlабаьллачулла тlаьхьа, цкъа а ца хилча санна дlадолу диснарш а.
Цундела, лараме сан къоман вежарий а, йижарий а, сан дехар дара шоьга массаьрга а. Шайн доьзалехь къаьсттина кегийчаьрга вайн сийлахь хилла болу, муьлхха а хало тхехlоттарх вайн дайша а, нанойша а дlа ца тосуш ларбеш вайна схьакховдийна болу нохчийн мотт бийцийтахьара аша. Вайн доьзалша и ца бийцахь, церан тlаьхьенна хаанне а хуур бац иза. Хилий вай вайн меттан сий деш!
Комментарии (0)

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къомах доглозуш а, вайн дахаран некъ нийса хилахьара бохуш а нах вайна юкъахь к1еззига хилча санна хета суна. Дагестанехь бехаш болчу массо а

Кху деношкахь дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду ненан меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омрица т1еч1аг1дира и дезаде

Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина,