КъинтIера ялахьа, нана…

Нана! Мел довха, хаза, хьоме, исбаьхьа, ламанан шовда санна, ц1ена, дагна там беш, дег1ана йовхо луш, мацалла, хьогалла йицйолуьйтуш, мел ч1ог1а хиларх, лазарна г1оле еш, дуьненахь йоккху хан сел мерза хоьтуьйтуш, дуьне а, 1алам а, ялсамане а, жоьжахате а- массо а х1ума кхоьллинчу вайн Дала даздина, аларца хаздина, чулацам шорбина, массо а стагана деза кхоьллина, дешица, детица, дезачу жовх1аршца кхелина, мел деза дош ду хьо!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля